51. Абу Хlурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана хиъча, моллалла кхайкхаран а, (жамIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел мел йоккха ю), пхерчашца кхажтасар боцург кхин некъ боцуш бисча, - билггал иза а дийр ма дара цара (моллалла кхайкхарехь хьалхе яккха а, хьалхарачу могIарера меттиг д1алаца а)! Царна хиъча, хьалххе ламазе вахарехь (мел йоккху ял ю) - билггал хьалхабовларах къуьйсуш д1ауьдур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъалоцучунна хуьлуш йолу йокха ял) - билггал богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), текхаш бахка безчаш хилча а» (Бухари: 615, Муслим: 437).
52. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазна моллал кхайкхар доладелча -
кхойкху (моллалла) цахазархьам шайтIа юхадолу, маьхьарца мехаш ара а хоьцуш. Ткъа,
моллалла кхайкхина ваьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Ламазна къамат дечу хенахь (юха
а) юхадолу и, ткъа къамат дина даьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Стагана а,
цуьнан даганна а
юккъе а хIоьттина, цунна тIе хIусдархьам. Цо олу: «Дагадаийта хьайна хIара-иза,
дагадаийта хьайна иза-важа» - вукхо (ламазе хIоттале хьалха) и дагадаийта (ойла
йина а) йоцуш долу. (И
хIума леладо шайтIано) - стаг, воха а вина, ша мел (ракаIат) ламаз дина а ца хууш, висийтархьам» (Бухари: 608, Муслим: 389).

