903. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Iабд ар-Рохьман ибн Iовфан тIехь можачу басаран лараш гиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина цуьнга: «ХIара хIун ду?». Цо жоп делла: «ХIай, АллахIан элча! Сайн зудчунна, хурмин лаг санна деза, деши урдонна а луш, зуда ялийна аса». Цо аьлла: «АллахIа беркат дойла хьуна! Той хIоттаде ахьа, цхьана уьстагIна урс хьакхий а» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5155, Муслима: 1427 далийна, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхарачуьнан ду).

