• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Опубликовано: 31 октября 2014

33-ГlА ДАКЪА

[БЕЖАНАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

Бежанашна тIера даккха догIучу закатан юьхьенцара барам: Ткъе итта бежана ю. Ткъа цу тIера - цхьа шо кхаьчна, шолгIа шаре яьлла таргIа яла еза. Шовзткъа коьртан тIера - ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре даьлла цхьа шинар дала деза. Кхи дIа цу барамийн хьесапца нисдан деза даккха догIучу закатан барамаш.

Опубликовано: 12 июня 2014

30-ГlА ДАКЪА

[ВЕЛЛАРГ ВЕРЗОР]

Велларг кечвеш диъ хIума дан деза:

1. (Дакъа) лийчадар,

2. (Докъана) марчо хьарчор,

3. Докъа ламаз дар,

4. ДIаволлар.

Ши стаг лийчон везаш вац, я докъа ламаз дан дезаш дац цаьршинна:

1. Керстанашца тIом беш кхелхина шахIид а.

2. Хеназа бер а, (дуьнен чу даьлча) аз даьлла доцу.

Дакъа шалза терахьашкахь лийчор ду. Ткъа дуьххьара хих доккхуш сидранца доккхур ду. ТIаьххьара  хих доккхучу хенахь камфара тухур ю.

Ткъа (стагана) кIайн кхо чкъор марчо хьарчор ду. Коч а, чалба а (цу кхаа чкъуран) юкъа йогIуш яц. Ткъа зударшна кIайн пхиъ чкъор хьарчор ду марчо.

Подробнее...
Опубликовано: 06 ноября 2014

36-ГlА ДАКЪА 

[ДЕШИХ, ДЕТИХ ЗАКАТ ДАККХАР]

Дешина тIера закат даккха догIу барам ткъа мискъал(1) тIера дIаболало. Ткъа цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа (2,5%) даккха деза, (мискъалашца аьлча) ах мискъал нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Детих закат даккха догIу барам ши бIе дирхIам(2) тIера дIаболало. Ткъа цу т1ера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха деза, (дирх1амашца аьлча) пхи дирхIам нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Адамашна лелон магийначу мехала хIуманашна(3) тIера закат ца догIу.

________

1. 20- мискъал: герггарчу хьесапехь 80-ткъа гарам дешица нисло.

2. Ши бIе дирхIам: герггарчу хьесапехь 560-ткъа гарам детица нисло.

3. Магийначу мехала хIуманех ю: Стегаршна магийна детин мухIар, зударша кечлуш лелош долу хIазарш.

Опубликовано: 04 июня 2014

29-ГlА ДАКЪА

[ДУХАРАХ ХЬАРАМ ДЕРГ]

Божаршна хьарам ду дарин духар а, дешин мухIар а леладар. Ткъа зударшна хьанал ду. Бен а дац (деши) кIеззиг делахь а, дуккха делахь а цхьатерра хьарам ду. Нагахь духаран кIадех цхьа дакъа дарин а, важа бамбин я ветанан кIадех далахь, и лелон магийна ду (божаршна). Дари алсамха цахилчахьана.

Опубликовано: 14 декабря 2014

40-ГlА ДАКЪА

[ЗАКАТАШ ДIАСАДЕКЪАР]

Закат сийлахьчу АллахIа Шен ларамечу Къуръан чохь хьахийначу бархI тайпанна дала дезаш ду: (СагIанаш догIуш ду пекъарашна а, мисканашна а, и (гул деш, дIасадоькъуш) цу тIехь болх бечарна а, церан дегнаш (ислам динна) тIеозон луучарна а, леш маьрша баха а, декхархошна а, АллахIан новкъахь харжаш ян а, (карахь хIума доцуш бисинчу) некъахошна) ат-Тавба: 60.

Хьахийначарех болуш болучарна лур ду и, амма лаххара а дийцинчу хIора тайпанах кхааннан кхачо деза, закат тIехь болх беш волу белхало воцучунна.   

Пхеа тайпа нахана закат дала мегаш дац: Хьал долучунна: я бахам хиларца, я бан болх хиларца. Лешна. ХIашиман а, МуттIалибан а тIехьенна. Керстана.

Закат даккха догIучо напкха латтон дезаш болучарна я пекъарш, я мисканаш хиларан бахьаница дала йиш яц и, ткъа царна дала мегаш ду иза - уьш гIазоташ я декхархой хилар бахьаница.

Опубликовано: 04 июня 2014

28-ГlА ДАКЪА

[КХЕРАМАН ЛАМАЗАН КУЦ-КЕП]

Кхераман ламаз (хьелашка хьаьжжина) кхаа кепара деш ду:

Хьалхарниг:  Нагахь мостагI къилба долчу агIор вацахь: хIета имамо шина тобане доькъур ду (эскар). Ткъа цхьа тоба мостагIчунна дуьхьала (гIаролехь) соцур ю, ткъа шолагIа тоба имаман тIаьхьа хIуттур ю. Ткъа оцу шена тIаьхьа хIоьттинчу тобанца цхьа ракаIат ламаз дийра ду цо, цул тIаьхьа (дисина ламаз) ша-шаш тIе а дина, мостагIчунна дуьхьал (гIароле хIитта) дIагIур бу уьш.

ТIаккха (гIаролехь сецна хилла) тоба тIейогIур ю, ткъа (имамо) цаьрца а цхьа ракаIат дича, цара шайн диснарг ша-шаш тIедийра ду, тIаккха (имамо) цаьрца цхьана салам луш, ламаз дерзор ду.

ШолгIаниг: Нагахь мостагI къилбехьа валахь: ткъа имамо шина могIаре дIа а хIиттийна, царна хьалха ваьлла, ламаз доьхкур ду. Имам суждане охьавоьдучу хенахь, шиннах цхьа могIа цуьнца цхьана суждане гIура бу. Ткъа важа могIа - ирахь, царна гIаролехь лаьттар бу. Имам сужданера хьала нисвелча, (гIаролехь лаьттинарш) сужда а дина, шайн имамана тIаьхьакхуьур бу. 

КхоалгIаниг:   Нагахь уьш чIогIачу кхерамехь балахь: боьдуш тIом болуш: хIоранно а шен тароне хьаьжжина дийра ду ламаз, гIаш а, дойшкахь а, къилбехьа вирзина а, цига верзанза а.

Опубликовано: 21 ноября 2014

39-ГlА ДАКЪА

 [МАРХИН САХЬ ДАККХАР]

Мархин сахь даккхар важиб хуьле тIедужу кхаа бехкамца: 1- Бусулба хилар. 2- Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх чубузар. 3- Шена а, шен доьзална а (марха достучу) цу дийнахь оьшучул сов кхача хилар. Шен махкарчу кхачанах мархин цхьацца сахь даккха декхар ву стаг шена тIера а,  ша напкха латтон дезаш болчу бусулбанашна тIера а. Сахьан барам Iиракъан пхи геркий, геркан кхоалгIа дакъий бу.

Опубликовано: 21 ноября 2014

38-ГlА ДАКЪА

[МАХЛЕЛОРАН БАККХАЛ ТIЕРА ЗАКАТ ДАККХАР] 

Махлелоран баккхалан, шеран чаккхенгахь цунах деллачу (ахчанца) мах хIоттийна, цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха догIу (закат).

Дешин а, детин а маьIданашкара даьккхинчу мехала хIуман тIера хене хьажийна ца латтош уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха догIу (закат).

Ткъа карийначу хазнан тIера хене хьажийна ца латтош пхоьалгIа дакъа даккха догIу (закат).

Опубликовано: 31 октября 2014

34-ГlА ДАКЪА

[УЬСТАГIАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

УьстагIашна тIера даккха догIучу закатан юьхьанцара барам: шовзткъа корта бу. Ткъа цу тIера - цхьа шо кхаьчна, шолгIа шаре баьлла стен уьстагI бала беза, я ши шо а кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен цхьа газа яла еза. Цхьа бIе ткъе цхьайтта уьстагIна тIера - ши уьстагI бала беза. Ши бIе цхьана уьстагIна тIера - кхо уьстагI бала беза. Биъ бIе уьстагIна тIера - биъ уьстагI бала беза. Цул т1аьхьа хIор бIенна тIера цхьацца уьстагI бала беза.

Опубликовано: 06 ноября 2014

35-ГlА ДАКЪА

[ЦХЬАЬНАТОЬХНАЧУ ДОХНАН ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМ]

Цхьаьнатоьхнчу шина дохнан тIера закат даккха деза, цхьана стеган даьхнин т1ера санна, нагахь бархI бехкам кхочуш хилахь:

1. Божал цхьаъ  делахь.

2. (Дежийле лахкале) дIагулден меттиг цхьаъ елахь.

3. Дежийла цхьаъ елахь.

4. Боьршаниг (эра, айгIар) цхьаъ белахь.

5. Руьйта (химолийла) цхьаъ елахь.

6. Даьхни узург цхьаъ велахь.

7. Даьхнин уза меттиг цхьаъ елахь.

  • Матну абу шужаI: эмкалшна тIера доккхучу закатан барамаш дуьйцу дакъа
  • Матну абу шужаI: ялташна а, стоьмашна а тIера закат даккхар
  • Равдатул мутаназзихI шархьу бидайатил мутафаккъихI
  • Шархь ал-мукъаддимати ал-хьадрамиййати
  • Тафсир: 108-гIа сурат: ал-кавсар
  • Тафсир: 109-гIа сурат: ал-кафирун
  • Йиъ бакъо
  • Кхо бух а, церан тоьшаллаш а
  • 01/12. Мухьаммадан ﷺ дийцар | Турпалан кIант Фарукъ
  • 458
  • 459
  • 460
  • 461
  • 462
  • 463
  • 464
  • ...
  • 466
  • 467

Страница 466 из 467

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft