• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Опубликовано: 24 марта 2013

Со хIокху студичу вогIучу хенахь, вежарша доццачу кехаташца (смс-ашца) яздина долу, цхьацца соьга дахкийтина хаттарш схьаделлера соьга. ХIокху хаттаршна юккъехь къаьсттина сан тидам чIогIа тIебаханарш - никъабах (юьхь къовлуш) йолучу паранджах лаьцна долу хаттарш дара, иштта оцу юьхь къовлучуьнан хьокъехь деш долу къамелаш а дара.

Цхьаболучу наха хоьтту: «Паранджан банне а бух бан а буй-те бусалба динехь? Хьере хилла-кха тхо! Хьере хилла-кха тхо! Цхьа а бух болуш юй-те и паранджа бусалба динехь? Я бух боцуш хIума ду-те иза?».

Вайн передача чекхъяьлла, халахеташ делахь а. Хан чеккха-м яьлла цуьнан, делахь а, цхьа пхи минот хан схьаоьцур ю аса тIейогIуш йолучу передачин чоьтах, передача дIахьучуьнан пурбанца, кхуьнах цхьа юьхьиг хир яцар-те аьлла. Кхин а сатесна ву со: сайна хан караяре, деккъа оцу хаттарех лаьцна передача ялур яцар-те аьлла. 

Аллане а алалур дац цхьана а къонахчуьнга, КъурIан а, Суннат а Iамийна волучу, политикех генаваьлла а волучу: паранджа лелор Iадат ду аьлла. Бакъ дац, цо и эра ду бохург! Нагахь и нах тилон гIерташ ша иза вацахь! Бакъду, вайна гуш долу хIара дерриге фатваш - политика ю, динаца хоттаделла хIуммаъ дац церан, еккъа цIенна политика ю иза.

Никъаб Iадат ду бах! Iадат муха ду и?! ШарIехь бух болуш могIанаш (насс) ма ду вайна Суннат чохь деана. КъурIан чохь долучарех лаьцна ца дуьйцу вай хIинца, хIунда аьлча КъурIанан тоьшаллаш мелла а шуьйро ду (дийца): «ХIан-хIа, хIара иштта дуй, хIара вуьштта дуй» бохуш. КъурIанехь  буьйцу могIа ца буьйцу аса.

Вайна Суннатехь ма ду дуккха а тоьшаллаш, кхачам боллуш. ХIокху пхеа минотехь ши хIума хьахийча кхачам хир бу вайна.

Подробнее...
Опубликовано: 04 сентября 2013

 

Опубликовано: 10 мая 2016

الهداية شرح البداية في أصول الفقه

ал-ХIидайту шархьул бидайати фи усулил фикъхIи

 Керла:   أنواع العموم 1 - скачать

Опубликовано: 13 июля 2014

31-ГlА ДАКЪА

[ЗАКАТ ДАККХАР ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

Закат даккхар тIехь ду пхеа тайпа бахамна тIера:

1. Хьайбанаш.

2. Мехала бахам (в.аь. деши, дети).

3. Ялташ.

4. Стоьмаш.

5. Механ лело товараш.

 

Ткъа хьайбанашха дерг аьлча, царех кхаа тайпанна тIера закат дала деза:

1. Эмкалш.

2. Хьелий (бежнаш).

3. УьстагIий.

Подробнее...
Опубликовано: 31 октября 2014

33-ГlА ДАКЪА

[БЕЖАНАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

Бежанашна тIера даккха догIучу закатан юьхьенцара барам: Ткъе итта бежана ю. Ткъа цу тIера - цхьа шо кхаьчна, шолгIа шаре яьлла таргIа яла еза. Шовзткъа коьртан тIера - ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре даьлла цхьа шинар дала деза. Кхи дIа цу барамийн хьесапца нисдан деза даккха догIучу закатан барамаш.

Опубликовано: 12 июня 2014

30-ГlА ДАКЪА

[ВЕЛЛАРГ ВЕРЗОР]

Велларг кечвеш диъ хIума дан деза:

1. (Дакъа) лийчадар,

2. (Докъана) марчо хьарчор,

3. Докъа ламаз дар,

4. ДIаволлар.

Ши стаг лийчон везаш вац, я докъа ламаз дан дезаш дац цаьршинна:

1. Керстанашца тIом беш кхелхина шахIид а.

2. Хеназа бер а, (дуьнен чу даьлча) аз даьлла доцу.

Дакъа шалза терахьашкахь лийчор ду. Ткъа дуьххьара хих доккхуш сидранца доккхур ду. ТIаьххьара  хих доккхучу хенахь камфара тухур ю.

Ткъа (стагана) кIайн кхо чкъор марчо хьарчор ду. Коч а, чалба а (цу кхаа чкъуран) юкъа йогIуш яц. Ткъа зударшна кIайн пхиъ чкъор хьарчор ду марчо.

Подробнее...
Опубликовано: 06 ноября 2014

36-ГlА ДАКЪА 

[ДЕШИХ, ДЕТИХ ЗАКАТ ДАККХАР]

Дешина тIера закат даккха догIу барам ткъа мискъал(1) тIера дIаболало. Ткъа цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа (2,5%) даккха деза, (мискъалашца аьлча) ах мискъал нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Детих закат даккха догIу барам ши бIе дирхIам(2) тIера дIаболало. Ткъа цу т1ера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха деза, (дирх1амашца аьлча) пхи дирхIам нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Адамашна лелон магийначу мехала хIуманашна(3) тIера закат ца догIу.

________

1. 20- мискъал: герггарчу хьесапехь 80-ткъа гарам дешица нисло.

2. Ши бIе дирхIам: герггарчу хьесапехь 560-ткъа гарам детица нисло.

3. Магийначу мехала хIуманех ю: Стегаршна магийна детин мухIар, зударша кечлуш лелош долу хIазарш.

Опубликовано: 04 июня 2014

29-ГlА ДАКЪА

[ДУХАРАХ ХЬАРАМ ДЕРГ]

Божаршна хьарам ду дарин духар а, дешин мухIар а леладар. Ткъа зударшна хьанал ду. Бен а дац (деши) кIеззиг делахь а, дуккха делахь а цхьатерра хьарам ду. Нагахь духаран кIадех цхьа дакъа дарин а, важа бамбин я ветанан кIадех далахь, и лелон магийна ду (божаршна). Дари алсамха цахилчахьана.

Опубликовано: 14 декабря 2014

40-ГlА ДАКЪА

[ЗАКАТАШ ДIАСАДЕКЪАР]

Закат сийлахьчу АллахIа Шен ларамечу Къуръан чохь хьахийначу бархI тайпанна дала дезаш ду: (СагIанаш догIуш ду пекъарашна а, мисканашна а, и (гул деш, дIасадоькъуш) цу тIехь болх бечарна а, церан дегнаш (ислам динна) тIеозон луучарна а, леш маьрша баха а, декхархошна а, АллахIан новкъахь харжаш ян а, (карахь хIума доцуш бисинчу) некъахошна) ат-Тавба: 60.

Хьахийначарех болуш болучарна лур ду и, амма лаххара а дийцинчу хIора тайпанах кхааннан кхачо деза, закат тIехь болх беш волу белхало воцучунна.   

Пхеа тайпа нахана закат дала мегаш дац: Хьал долучунна: я бахам хиларца, я бан болх хиларца. Лешна. ХIашиман а, МуттIалибан а тIехьенна. Керстана.

Закат даккха догIучо напкха латтон дезаш болучарна я пекъарш, я мисканаш хиларан бахьаница дала йиш яц и, ткъа царна дала мегаш ду иза - уьш гIазоташ я декхархой хилар бахьаница.

Опубликовано: 04 июня 2014

28-ГlА ДАКЪА

[КХЕРАМАН ЛАМАЗАН КУЦ-КЕП]

Кхераман ламаз (хьелашка хьаьжжина) кхаа кепара деш ду:

Хьалхарниг:  Нагахь мостагI къилба долчу агIор вацахь: хIета имамо шина тобане доькъур ду (эскар). Ткъа цхьа тоба мостагIчунна дуьхьала (гIаролехь) соцур ю, ткъа шолагIа тоба имаман тIаьхьа хIуттур ю. Ткъа оцу шена тIаьхьа хIоьттинчу тобанца цхьа ракаIат ламаз дийра ду цо, цул тIаьхьа (дисина ламаз) ша-шаш тIе а дина, мостагIчунна дуьхьал (гIароле хIитта) дIагIур бу уьш.

ТIаккха (гIаролехь сецна хилла) тоба тIейогIур ю, ткъа (имамо) цаьрца а цхьа ракаIат дича, цара шайн диснарг ша-шаш тIедийра ду, тIаккха (имамо) цаьрца цхьана салам луш, ламаз дерзор ду.

ШолгIаниг: Нагахь мостагI къилбехьа валахь: ткъа имамо шина могIаре дIа а хIиттийна, царна хьалха ваьлла, ламаз доьхкур ду. Имам суждане охьавоьдучу хенахь, шиннах цхьа могIа цуьнца цхьана суждане гIура бу. Ткъа важа могIа - ирахь, царна гIаролехь лаьттар бу. Имам сужданера хьала нисвелча, (гIаролехь лаьттинарш) сужда а дина, шайн имамана тIаьхьакхуьур бу. 

КхоалгIаниг:   Нагахь уьш чIогIачу кхерамехь балахь: боьдуш тIом болуш: хIоранно а шен тароне хьаьжжина дийра ду ламаз, гIаш а, дойшкахь а, къилбехьа вирзина а, цига верзанза а.

  • Матну абу шужаI: мархин сахь даккхар
  • Матну абу шужаI: махлелоран баккхал тIера закат даккхар
  • Матну абу шужаI: уьстагIашна тIера доккхучу закатан барамаш дуьйцу дакъа
  • Матну абу шужаI: цхьаьнатоьхначу дохнан тIера доккхучу закатан барам
  • Матну абу шужаI: эмкалшна тIера доккхучу закатан барамаш дуьйцу дакъа
  • Матну абу шужаI: ялташна а, стоьмашна а тIера закат даккхар
  • Равдатул мутаназзихI шархьу бидайатил мутафаккъихI
  • Шархь ал-мукъаддимати ал-хьадрамиййати
  • Тафсир: 108-гIа сурат: ал-кавсар
  • Тафсир: 109-гIа сурат: ал-кафирун
  • Йиъ бакъо
  • Кхо бух а, церан тоьшаллаш а
  • 01/12. Мухьаммадан ﷺ дийцар | Турпалан кIант Фарукъ
  • 490
  • 491
  • 492
  • 493
  • 494
  • ...
  • 496
  • 497
  • 498
  • 499

Страница 497 из 499

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft