36-ГlА ДАКЪА
[ДЕШИХ, ДЕТИХ ЗАКАТ ДАККХАР]
Дешина тIера закат даккха догIу барам ткъа мискъал(1) тIера дIаболало. Ткъа цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа (2,5%) даккха деза, (мискъалашца аьлча) ах мискъал нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Детих закат даккха догIу барам ши бIе дирхIам(2) тIера дIаболало. Ткъа цу т1ера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха деза, (дирх1амашца аьлча) пхи дирхIам нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Адамашна лелон магийначу мехала хIуманашна(3) тIера закат ца догIу.
________
1.
20- мискъал: герггарчу хьесапехь 80-ткъа гарам дешица нисло.
2.
Ши бIе
дирхIам:
герггарчу хьесапехь 560-ткъа гарам детица нисло.
3.
Магийначу мехала хIуманех
ю: Стегаршна магийна детин мухIар, зударша кечлуш лелош долу хIазарш.
35-ГlА
ДАКЪА
[ЦХЬАЬНАТОЬХНАЧУ ДОХНАН ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМ]
Цхьаьнатоьхнчу шина дохнан тIера
закат даккха деза, цхьана стеган даьхнин т1ера санна, нагахь бархI бехкам кхочуш хилахь:
1. Божал цхьаъ делахь.
2. (Дежийле лахкале) дIагулден меттиг
цхьаъ елахь.
3. Дежийла цхьаъ елахь.
4. Боьршаниг (эра, айгIар) цхьаъ белахь.
5. Руьйта (химолийла) цхьаъ елахь.
6. Даьхни узург цхьаъ велахь.
7. Даьхнин уза меттиг цхьаъ елахь.
34-ГlА ДАКЪА
[УЬСТАГIАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]
УьстагIашна тIера даккха догIучу закатан юьхьанцара барам: шовзткъа корта бу. Ткъа цу тIера - цхьа шо
кхаьчна, шолгIа шаре баьлла стен уьстагI бала
беза, я ши шо а кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен цхьа газа яла
еза. Цхьа бIе ткъе цхьайтта уьстагIна тIера - ши
уьстагI бала беза. Ши бIе цхьана уьстагIна тIера - кхо уьстагI
бала беза. Биъ бIе уьстагIна тIера - биъ уьстагI бала беза. Цул т1аьхьа хIор бIенна тIера цхьацца уьстагI бала беза.
33-ГlА ДАКЪА
[БЕЖАНАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]
Бежанашна тIера даккха догIучу закатан юьхьенцара барам: Ткъе итта бежана ю. Ткъа цу тIера - цхьа шо кхаьчна, шолгIа шаре яьлла таргIа яла еза. Шовзткъа коьртан тIера - ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре даьлла цхьа шинар дала деза. Кхи дIа цу барамийн хьесапца нисдан деза даккха догIучу закатан барамаш.
32-ГlА ДАКЪА
[ЭМКАЛШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ
ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]
Эмкалшна тIера
даккха догIучу закатан юьхьенцара барам: пхи
эмкал ю. Ткъа царна тIера цхьа уьстагI бала беза. Иттанна тIера – ши уьстагI
бала беза. Пхийттанна тIера – кхо уьстагI бала беза. Ткъанна тIера - биъ
уьстагI бала беза. Ткъе пхаьанна тIера – шо кхаьчна,
шолгIа шаре яьлла йолу стен цхьа эмкал яла
еза. Ткъе ялхиттан тIера – ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен цхьа эмкал яла еза. Шовзткъе ялханна тIера – кхо шо кхаьчна, доьалгIа шаре яьлла стен цхьа эмкал яла еза. Кхузткъе цхьанна тIера – диъ шо кхаьчна, пхоьалгIа шаре яьлла стен цхьа эмкал яла еза. Кхузткъе ялхиттан тIера – ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен ши эмкал яла еза. Езткъе цхьайттан тIера – кхо шо
кхаьчна, доьалгIа шаре яьлла стен ши эмкал яла
еза. БIе ткъе цхьанна тIера – ши шо
кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен кхо эмкал яла
еза. Цул тIаьхьа хIора шовзткъа эмкална тIера - ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла цхьацца стен эмкал лур ю. Ткъа хIора
шовзткъе итт эмкална тIера - кхо шо кхаьчна, доьалгIа шаре яьлла цхьацца стен эмкал лур ю.
КЪИНОЙН БОХАМЕ ТIАЬХЬЕНАШ
«Делера гIо доцуш висар, ойла талхар, бакъдолчух цакхетар, дог бехдалар, вуьйцу ца хезаш вар, пусар доцуш хан яйар, нехан дог далар, цунний-Далний юкъа хийро йолар, доIана жоп цадалар, дог дакъадалар, рицкъера а, хенера а беркат дIадаккхар,Iилманах ваккхар, сийсазалла хьарчар, мостагIчунна хьалха юьхьIаьржа хIоттар, некхехь хорам латтар, дог а талхош, хан а йойуш болчу накъосташца бале лацар, хаддаза сингаттам а, гIайгIа а латтар, хала дахар а, бодане кхоллам а – ткъа и дерриг хих дегI хоьцу ялта санна, цIаро йохку цIераш санна, схьадуьйлуш ду Аллах1ан Iеса хиларх а, АллахI хьехорах херваларх а. Ткъа цу дагардинчунна дуьхьал мел дерг схьадолуш ду - АллахIана муьтIахь хиларх а, Цо бохург дарх а».
(Хьажа. «ал-Фаваид» агIо: 67. Ибн ал-Къаййим)
31-ГlА ДАКЪА
[ЗАКАТ ДАККХАР ДУЬЙЦУ ДАКЪА]
Закат даккхар тIехь ду пхеа тайпа бахамна тIера:
1. Хьайбанаш.
2. Мехала бахам (в.аь. деши, дети).
3. Ялташ.
4. Стоьмаш.
5. Механ лело товараш.
Ткъа хьайбанашха дерг аьлча, царех кхаа тайпанна тIера закат дала деза:
1. Эмкалш.
2. Хьелий (бежнаш).
3. УьстагIий.
30-ГlА ДАКЪА
[ВЕЛЛАРГ ВЕРЗОР]
Велларг кечвеш
диъ хIума дан деза:
1. (Дакъа)
лийчадар,
2. (Докъана)
марчо хьарчор,
3. Докъа ламаз
дар,
4. ДIаволлар.
Ши стаг лийчон
везаш вац, я докъа ламаз дан дезаш дац цаьршинна:
1. Керстанашца тIом беш кхелхина шахIид а.
2. Хеназа бер а, (дуьнен чу даьлча) аз даьлла доцу.
Дакъа шалза
терахьашкахь лийчор ду. Ткъа дуьххьара хих доккхуш сидранца доккхур ду.
ТIаьххьара хих доккхучу хенахь камфара тухур
ю.
Ткъа (стагана)
кIайн кхо чкъор марчо хьарчор ду. Коч а, чалба а (цу кхаа
чкъуран) юкъа йогIуш яц. Ткъа зударшна кIайн пхиъ чкъор хьарчор ду марчо.
Страница 464 из 467