942. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина. Цкъа цуьнга хаьттинера: теш а ца хIоттош, шен зуда йита а йитина, цул тIаьхьа иза юхаялийна волучу стагах лаьцна. Цо жоп делира: «Тешаш хIиттон беза - юьтучу хенахь а, иштта юхаялочу хенахь а» (хIара хьадис Абу Дауда далийна: 2190, ткъа хьадис дийциначеран зIе бакъ «сахьихь» ю).
БайхIакъин ривайатехь далийна: «Iимран ибн ал-Хьусайне (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хаьттира: хIоттийна цхьа а теш воцуш, шен зуда йита а юьтий, цул тIаьхьа иза юхаялош волучу стагах лаьцна. Ткъа цо оцу хьокъехь жоп делира: «Суннатца догIуш дац и. ХIинццехь дIакхайкхадойла цо иза тешашна хьалххахь».

