1119. Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Малхбузан ламазал хьалха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) гуттар а (тIедеш долу) диъ ракаIат (суннат-ламаз) дора, (АллахIа Шена) гергаоьзначу малекашка а, царна тIаьхьабогIучу бусалбанашка а, муъманашка а салам даларца (1), уьш вовшех а къастош» (ХIара хьадис ат-Тимизис далийна: 429. Цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).