ПАЙХАМАРАН (АЛЛАХIЕРА САЛАВАТ А, САЛАМ А ХУЬЛДА
ЦУННА) ДЕВЕЖАРИЙ А, ДЕЙИЖАРИЙ А
1. Цуьнан
цхьайтта деваша хилла:
Хьамзат, Iаббас, Абу ТIалиб,
Абу ЛахIаб, Зубайр, Iабдул-КаIба, ал-Мукъаввим, Дирар, Къусам, ал-МугIийра,
ал-ГIайдакъ. Ткъа царех бусалба дине веънарг Хьамзаттий, Iаббассий бен вац.
АллахI реза хуьлда цаьршинна!
2. Цуьнан
ялх дейиша а хилла:
Сафиййа, Iатика, Барра, Арва, Умайма, Умм Хьаким ал-Байза. Царех Ислам-дин тIеэцнарг Сафиййа ю. Ткъа Арвас а, Iатикас а бусалба дин тIеэцаран хьокъехь Iеламнехан ойланаш екъаелла ю.