• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: сивак хьакхар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 20 апреля 2013

17. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сайн умматна даздаларна (хало хиларна) ца кхерахьара – хIора ламаз мосазза оьцу а, ламаз дIадехкале хьалха а сивак хьакха (аьлла), билггал, омра дийр ма дара аса цаьрга» (ал-Бухари, 887, Муслим: 252). 

18. Хьузайфа ибн ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша набарха ваьлча, даима а, сивак а хьокхуш, шен бага цIанйора » (ал-Бухари, 889, Муслим: 255).

19. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iабдуррахьман бин Абу-Бакар ас-Сиддикъ (АллахI реза хуьлда цаьршинна) веана Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чухIоьттира. Ткъа оцу хенахь, (Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) сан некхана а тIетевжина, Iара cо. Iабдуррахьманехь тIуьна сивак яра, цуьнца шен бага цIаньеш воллуш иза. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен бIаьрг тIе а богIийна, вехха (цуьнгара оцу сиваке) хьежа вуьйлира. Цул тIаьхьа, (Iабдуррахьманера) сивак схьа а эцна, Iовша а Iевшина, томе а ялийна, Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIаелира аса и. Цул тIаьхьа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сел хаза цуьнца шен бага цIанйира, цул хьалха оцу кепара цо и цIанъеш суна цкъа а гина а доцуш. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша бага цIанйина ваьлча, шен куьг я пIелг хьала а айбина, кхузза (хIара дешнаш) элира: «Уггаре а лакхара даржерачу накъосташца (вуьшта аьлча: ялсаманин бахархошца)». Цул тIаьхьа дIакхелхира иза (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

Иштта Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Суна тIетевжина а волуш, Iожалла хилира цуьнан».

Иштта Iайшатан (АллахI реза хуьлда цунна) кхечу дешнашкахь аьлла: «Сайна иза хьоьжуш гича, со кхийтира: цунна сивак езаш а, оьшуш а хиларах. ХIетахь аса хаьттира цуьнга: «Схьаэца аса и хьуна?». Шен коьртан эшарца цо жоп делира: «ХIаъ» (ал-Бухари: 890, 4449,  ан-Насаи: 4/6-7, Ахьмад: 6/77).

20. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу ваханера со. ТIуьна сивак яра цо хьоькхуш. Сивакан йист - цуьнан меттан йисттехь яра. Iетто гIерташ санна, «IуI, IуI» деш, аз дара цуьнан хезаш. Ткъа оцу хенахь сивак цуьнан багахь яра» (ал-Бухари: 244, Муслим: 254).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft