21. Ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) новкъахь нисвелла со. (Цо ламаз оьцучу хенахь), цуьнан когара маьхьсеш дIаяха дагахь, охьатаьIира со. ХIетахь цо элира: «Йита ахьа, хIунда аьлча когаш цIена а болуш тIейоьхна ю аса уьш». Цул тIаьхьа масхьа дира цо царна тIе» (ал-Бухари: 206, Муслим: 79/274).
22. Хьузайфа ибн ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Пайхамарца (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) новкъахь нисвелчу хенахь, шен жима хьашт кхочуш а дина
(хьаткъа а телла), цул тIахьа ламаз а эцна, тIаккха шен маьхьсешна тIе масхьа
дира цо» (ал-Бухари: 203, Муслим: 273).

