26. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) веана цхьа акха Iаьрбо маьждиг чохь цхьана сонахь хьаткъа тела хIоьттира. Ткъа нах цунна тIечийха буьйлира, иза дIаэккхон дагахь. ХIетахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) совцийра уьш. (Iаьрбо) шен гIуллакх дина ваьлча, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хих дуззий ведар схьадал аьлла, схьа а даийтина, оцу меттигна тIе доьттира» (ал-Бухари: 221, Муслим: 285).
27. Абу ХIурайрас (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) олуш хезна шена аьлла: «(АллахIа
адамашна) кхуллушехь чуехкина (динан) амалш
пхиъ ю: суннат вар, бехкен меттиган го башар, мекх дацдар, мIараш
дIахедор, пхьаьрсашна кIеллара чоьш бухдахар» (ал-Бухари: 5889, Муслим:
257).

