(Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) дийцина: «Со а, АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (лийчар тIе а доьжна, хих дала дезча) - цхьана пхьегIара хи (хIораммо а шен-шен) канахь схьа а оьцуш, луьйчура» (ал-Бухари: 272-273, Муслим: 321/43-45,316).
30. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зудчо Хьарисан йоIа Маймуна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Декхарийлахь волучу хих вала везачу Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кечдина хи диллинера аса охьа. Ткъа цо шен аьтту куьйгаца аьрру куьйга доьттира и шозза я кхозза. ТIаккха шен бехкен меттиг цIанйира цо. Цул тIаьхьа шозза я кхузза шен куьг лаьттах я пенах хьаькхира цо. Цул тIаьхьа бага а, мерачу а хи кхаьрзира цо. ТIаккха шен юьхь а, ши пхьарс а билира цо. Цул тIаьхьа шен коьртана тIе хи доьттира цо. ТIаккха шен дерриге дегI даьккхира цо хих. Цул тIаьхьа, (ша лийчиначу меттигера) дехьа а ваьлла, шен ши ког билира цо. ТIаккха аса (гата тайпана) цхьа бехчалг еара цунна. Ткъа и дIа а ца оьцуш, шен шина куьйгаца хи охьадегон волавелира иза» (ал-Бухари: 274, Муслим: 317).
31. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа ХаттIабан кIанта Iумара АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Тхох хьанна а, хих валар тIехь а долуш, дIавижа мегаш дуй-те?». Цо жоп делира: «Мегар ду, нагахь цо ламаз эцнехь. ТIаккха, хих валар тIехь а долуш, дIавижа йиш йолуш ву иза» (ал-Бухари: 287, Муслим: 306).
32. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зудчо Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Абу ТIалхьан зудчо Умм Сулаймас, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Бакъдолуш, АллахI бакъдерг (аларехь) эхь хеташ вац-кха! (Ткъа дийцахь суна): зуда лийча езаш юй-те, нагахь гIенах стагаца шен эвхьаза гIуллакх деана гахь?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Еза, нагахь цунна ша (самаяьлча) тIуналла гахь» (ал-Бухари: 130, Муслим: 313).
33. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Гуттар а) АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) духарна тIера ораллин (лараш хица) дIацIанйора аса. Ткъа цул тIаьхьа ламазе араволура иза, (оцу хенахь а) коч хин тIеданех якъаелла яьлла а йоцуш».
Муслиман ривайатехь аьлла: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) духарна тIера оралла, хьакха а йой, дIацIанйора аса. Ткъа цо иза а тIехь шен ламаз дора» (ал-Бухари: 229, Муслим: 288).
34. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (стаг шен зудчун меженех) еа меженна юккъе охьа а хаахь, ткъа цо (шен Iоврат зудчун Iовратна) чоьхьа а даккхахь - лийчар тIедоьжна цунна».
Муслиман ривайатехь аьлла: «…васвалар ца хиллехь а» (ал-Бухари: 291, Муслим: 348).
35. Абу ЖаIпар Мухьаммад бин ал-Хьусайн бин Iали бин Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда царна) дийцина: «Цкъа со, сайн деца а, иштта кхечу нахаца а цхьаьний IабдуллахIан кIант Жабир (АллахI реза хуьлда цаьршинна) волучохь дара. И нах цуьнга хетта бевлира: лийчарах дерг муха хила деза аьлла. Цо жоп делира: «(Оцу гIуллакхна) цхьа сахь хи тоьуш ду». Цхьана стага элира: «Суна тоьур дац и оццул». Жабира элира: «(Дера) хьайчул дукха месаш йолчунна-м тоьъна и, хьол диках волучунна а!». Цул тIаьхьа, тхуна хьалха а ваьлла, имаман меттиге дIа а хIоьттина, ламаз дайтира цо тхоьга цхьана кучахь.
Муслиман риватехь оцу дийциначунна тIе аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар а кхузза дуттура шен коьртана тIе хи» (ал-Бухари: 252-255).
Цо дийцина: «Суна тоьур дац и оццул» аьлларг - ал-Хьасан бин Мухьаммад бин Абу ТIалиб вара (АллахI
реза хуьлда царна), ткъа цуьнан да - Мухьаммад ибн ал-Хьанафи вара.