37. Iаммар ибн Йасира (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цхьа гIуллакх тIе а диллина, вахийтинера со. ГIенах (лийчар тIедужу гIуллакх а нисделла) васвеллера со. Ткъа (лийча) хи а ца карийна, дийнат санна, ченала кирчинера со. Цул тIаьхьа, Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу со вухавирзиначу хенахь, цуьнга дийцира аса и айса динарг. Цо элира: «Хьайн куьйгашца иштта хIара хIума динехь а тоьуш ма дара хьуна». ТIаккха шен кераяккъаш цкъа лаьттана тIе туьйхира цо. Цул тIаьхьа, аьрруниг аьттучунна тIе а хьаькхна, шен шина куьйган духахьарачу агIонашна а, иштта юьхьана а тIе хьаькхира цо» (ал-Бухари: 347, Муслим: 368).
38. Жабир ибн
IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пхи хIума делла суна, кхул хьалха
цхьанненна а делла доцу. Аса толам боккху - беттан некъан генарчу сан
мостагIчун дагчу кхерам божоран бахьаница. Дерриге латта Iибадат дан йиш йолуш
дина суна, цIано ян мегаш дерриге цIена а дина суна - цундела сан умматера
муьлхха а стаг, ламазан хан тIехIоттахь, массанхьа а ламаз дан йиш йолуш ву.
ТIеман хIонсаш хьанал йина суна, сол хьалха цхьана а пайхамарна хьанал йина
йоцу. ШапаIат дан пурба а делла суна. И доцург а, кхул хьалха хIора пайхамар
шен-шен къоме воуьйтуш вара, ткъа со дерриге а адамалле ваийтина ву» (ал-Бухари: 335, Муслим: 521).

