46. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар а делкъан ламаз дора – делкъахенахь, малхбузаниг – къегина малх болуш, маьркIажаниг – (малх чубузучу) охьахиъча, пхьуьйраниг – тайп-тайпаначу хенашкахь. Шена нах (маьждигехь) дIагулбелла гича - хьалхо дIадоладора цо (ламаз), шена уьш хьебалабоьлла гича - тIаьхьатоттура цо и. Ткъа Iуьйра ламазах дерг аьлча, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сатасале, хьалхара бода а болуш, дора и» (ал-Бухари: 560, Муслим: 646).
47. Абу ал-МинхIал Саййар ибн Салама дийцина: «Со а, сан да а Абу Барза ал-Аслами волучу ваханера. Сан дас хаьттира цуьнга: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) парз-ламазаш муха дора?». (Абу Барза ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна)) жоп делира: «Делкъан ламаз дора цо - аша хьалхараниг олуш долу – малх малхбузехьа теIа болабелча. Ткъа цо малхбузан ламаз дича, тхоьх цхьаберш Меднан йисттехь долучу тхайн цIа кхача а ларабора, хIетахь а цхьаьна малх бурко хьийзош а болуш».
(ХIара хьадис дийциначо аьлла): «МаьркIажан ламазан хьокъехь цо хIун элира вицвелла со. Пхьуьйран ламаз дар тIаьхьататтар гIоле хеташ а вара иза, аша (Iатама) олуш долу. И ламаз дале хьалха дIавижар дезаш а вацара иза, я и диначул тIаьхьа къамелаш дар а. Ткъа Iуьйра ламаз дина а волура иза - ламаз деш волучунна шена уллохь хиъна Iаш верг вовззал (серла яла йоьлча). Оцу ламазехь цо гуттар а кхузткъанна тIера бIенна тIе кхаччалц аяташ доьшура» (ал-Бухари: 547, Муслим: 647).
48. Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хандакъ-гIазот дийнахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIа цIарах дузийла церан кешнаш а, хIусамаш а, цара вай малх чубуззалц юккъера ламаз дан цадитарна!».
Муслима далийначу хьадисехь хIокху кепара аьлла: «Юккъера ламаз дан аьтто ца бити-кха цара вайна, малхбузан ламаз». Цул тIаьхьа маьркIажан ламазний, пхьуьйран ламазний юккъехь дира цо и.
IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) мушрикаша, малх цIебаллалц (я: мажбаллалц) малхбузан ламаз дан аьтто цабитиначу хенахь, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туьйхира: «Юккъера ламаз, малхбузан ламаз дан цадити-кха цара вай. Церан кийранаш а, кешнаш а цIарах дузийла АллахIа!»» (ал-Бухари: 2931, Муслим: 627-628).
49. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда
цаьршинна) дийцина: «Цкъа цхьана буса
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) пхьуьйран ламаз дар тIаьхьатеттира. (Шен хIусамера ара а
ца велира иза), Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) шега аьллалц: «Ламаз, хIай,
АллахIан элча! Зударшна а, берашна а набарш кхетта». ТIаккха, лашабаьлла
корта а болуш, (шен хIусамера маьждигна) чу а ваьлла, элира цо: «Сайн
умматна (я нахана) хало хирг яцахьара, хIара ламаз хIокху хенахь де аьлла, омра
дийр ма дара аса цаьрга» (ал-Бухари: 7239, Муслим: 642).

