ХIай, суна дукха дезнарш! Боккхала а, бусалба стага, я зудчо шайна ламаз дан лиъча, АллахIан реза хиларе кхачархьама дан дезаш ду. Вуьшта аьлча, сийлахь АллахI шена реза варан дуьхьа, Цуьнга шех къинхетам байтаран дуьхьа, Цуьнга ша Ялсамане вахитийтаран дуьхьа. Боккъалла а, ламаз, Ялсаманчу вохийтучу бахьанех доккханиг ду.
Хьайна ламаз дан лиъначу хенахь, ткъа и ламаз ма дойла ахь нехан дуьхьа а, я хьайн ден дуьхьа а, я хьайн ненан дуьхьа а, хIан-хIа… Боккъала а, доллучунна ницкъ кхочуш а, сийлахь-воккхачу а АллахIан дуьхьа дойла ахь хьайн ламаз.
Iумар бин ХаттIаба, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла: Суна хезна, АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, олуш: «Баккъала а, массо Iамалийн (мах) нийаташка хьаьжжина (хадош) бу. Боккъала а, хIора адманна, шен ниййатехь хилларг (карор) ду. Цундела, АллахIан а, Цуьнан Элчан а дуьхьа кхелхина (хIиджрат дина стаг), АллахIан а, Цуьнан элчанана а дуьхьа кхелхина ву. Цхьа дуьненан хIума бахьанехь, я цунна ялон лиъна йолу зуда бахьанехь кхелхинчунна (хIиджрат), ткъа цуьнан кхалхар (хIиджарат дар), цо лаьцначу Iалашон дуьхьа хир ду» [Бухарийс, Муслима].
ХIай, хьоменаг! Хьайн нийат ахь цIандинчул тIаьхьа… ламаз эца хIотта хьо, дуззе ламаз эца ахь, доллучунна ницкъ кхочуш а, сийлахь-воккхачу а АллахIа хьайга омра ма-дарра. АллахIан элчанера, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, охьадеана ма хиллара. Боккъала а, АллахIа къобал дац, ламаз карахь а доцуш дина долу ламаз. АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ма аллара:
Абу ХIурайрата, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла: Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Шух ламаз керахь доцучуьнан ламаз къобал ца до АллахIа, цо ламаз эццалц» (Бухари).
Iелас, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина: АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Ламазан догIадоккхург – ламаз эцар ду, и дехкар – «акбар» алар ду, и дерзор – «салам» далар ду» Абу Давуд.
Дагахь латтаде: хьайна цIенна дина ниййат а, нийса эцна ламаз а оьшуш хилар. Хьо ламаз эцна ваьлча, хьайн ламазе хIуттур ву хьо…
ХIай, хьоменаг, хьайна ламаз дан лиъча хIун дан деза ахь, цуьнан жоп,: Хьо КаIбан тIе, къибланехьа верза веза, лекхачу АллахIа хьайга омар даре терра.
АллахIа, лекха ву И, аьлла: (Хьо миччахьара араваьллехь, хьайн юьхь «дихкинчу маьждигна (хьажи цIен)» тIе ерза е. Шаьш хиллачу муьлхха а меттехь, шайн яххьаш цуьна агIор ерза е, зуламхой боцучу нехан шайн дуьхьала тоха тешалла ца хилийтархьама. Ма кхера царех, ткъа Сох кхера. Ас шуьга буьззина къинхетам дIа а кхачи. Нийсачу новкъа нисдала мега шу) ал-Бакъарат-аят: 150.

ХIай, тхуна везнарг! Виц ма лойла хьо хьайн ламазе цIенчу хазчу духарца дIахIотта. Боккъала а, АллахI хаза ву, хазалла езаш а ву.
Цул тIаьхьа, «АллахIу акбар» а олуш, хьайн ламаз дIадехка, цунах ламаз дехка долийтуш долу «акбар» олу, хьайн ши куьг а айде пIелгаш дIасадаржийна а доцуш, буй бина а доцуш. Бухарчу суьртехь нийса айдина дац куьйгаш, хIунда аьлча куьйган кера юкъ къилбанехьа ерзийна яц, пIелгаш нийсса хьала нисдина дац, хьажал цуьнга!

Хьайн пIелгаш нийсса дIадахдина хилийта ахь, Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, санна. Хьайн ши куьг а айде ахь, шина белше нислуш, я шина лерге нислуш. Бухарчу суьртехь санна, хьажал цуьнга!

АллахIан элчано цкъацкъа шен ши куьг хьала айдора, «акбарца» цхьана, ткъа цкъацкъа хьалха хьала а айдой тIаккха «акбар» олура. ХIай, хьоменаг! Цунах тарло хьо, айхьа «акбар» олучу хенахь аз а ма озаде. АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, «акбар» олучу хенахь аз дахдеш а, озош а ца хилла.
Хьоменаг! Хьо «акбар» аьлла ваьлча, хьайн ши куьг хьайн некха тIе дилла, цIонган тIе а ца дуьллуш, я цунна буха а ца дуьллуш, я агIон тIе а ца дуьллуш, лахарчу суьртехь ма гайттара хьайн некха тIе дилла, хьайн аьтто куьг аьррочуна тIе а дуьллийла ахь, элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, санна.

Хьо ламазехь лаьтташ волучу хенахь, дIаса махьежа хьо; хьайн аьтточу агIор а, я хьайн аьррочу агIор а, я стигланехьа хьала а, хIан-хIа….
Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, диннарг де ахь, ша сужда дечу метте хьоьжуш хилла и.

Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ша акбар аьлла ламаз дIа а дихкина, ламазан чу воьлча, «истифтахь» доIа доьшуш хилла, «истифтахь» доIанаш дуккха а ду, ткъа цо хIора ламазна а царех хорже цхьаъ доьшуш хилла.
(АллахIу акбару кабиран, валхьамду лиллахIи касиран, ва субхьаналлахIи букратан ва асилан)
Цул тIаьхьа, Дала экхийна Шех гена даьккхинчу шайтIанех Делаца ларлуш эриг эра ду ахь:
Ахь эра ду: «АIузу биллахIи минаш шайтIонир рожим»,
Цул тIаьхьа хьайн дагахь бисмал эра ду ахь: «БисмиллахIиррохьманиррохьим».

Цул тIаьхьа «фатихьат» сура доьшур ду, маьркIажа ламазехь хьалхарчу а, шолгIачу а ракIатехь аз айдеш чIогIа доьшур ду, пхьуйра ламазан хьалхарчу шина ракIатехь а, иштта Iуьйра ламазан шина ракIатехь а.
Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, «фатихьат» а, цхьа сурат а доьшуш хилла, пхьура ламазан а, делкъа ламазан а, малхбуза ламазан а, маьркIажа ламазан а хьалхарчу шина ракаIатехь. МаьркIажа ламазан тIаьххьар долу кхоолгIачу ракаIатехь деккъа «фатихьат» бен доьшуш ца хилла.
Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ша «фатихьат» дешна ваьлча, «амин» алара. Вуьшта аьлча, цуьнан маьIана хуьла: Я, АллахI, тхан доIана жоп ло Ахь. ТIаккха сурат дешара цо.
Цул тIаьхьа, рукуIе водара и, рукуIе воьдучу хенахь алар цо: «АллахIу акбар», ша рукуI дича, хьала нисвала сих а ца луш тем бора цо руканехь.
Ша рукуIе ваханчу хенахь, шен рукуIехь Дела вазвора цо.. кхоазза, я цулла а сов алара цо:
«Субхьана Роббийал Iазим»

Цул тIаьхьа рукуIера шен корта хьала айбора цо, «СамиIаллохIу лиман хьамидахI» олуш, нийсса хьала а нислой дIахIоттар и, цигахь охьа таIа сих а ца луш тем беш соцунгIа хилара и.
Ша хьала нисвелла, дIахIоьттина ваьлча олура цо: «Роббана лакал хьамд».

Цул тIахьа, суждане гIура ву, «АллахIу акбар» а олуш, АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ша сужда дечу хенахь, шен корта охьа буьллура, дехьа а, сехьа охьа диллинчу шен шина куьйган юккъе. Ша суждане дIанисвелча олура цо: «Субхьана роббийал аIла» кхоазза, я цулла а сов. Ша суждане воьдучу хенахь, бусалба стаг тIевазлур ву, шен шина куьйганна, шен ши куьг къибланехьа а дерзош.

Цул тIаьхьа, сужданера шен корта хьала ойъура бу, «АллахIу акбар» а олуш, шен аьтту ког дIагIортор бу, аьрронаг шена кIел баржор бу. Охьа хиъча эра ду: «РоббигIфирли, РоббигIфирли», юх-юха ала а мегар ду.

Цул тIаьхьа, шолгIа а сужда дийр ду, дуьххьарчух терра, дуьххьарчу сужданехь аьлларг а олуш.
Цул тIаьхьа, шолгIачу ракаIате хьала гIура ву, «АллахIу акбар» а олуш. ШолгIачу ракIатехь, хьалхарчу ракIатехь диннарг дийра ду, амма «истифтахь» доIа а доьшур дац, «АIузу» а эра дац.
Цул тIаьхьа, шолгIачу ракаIатехь, шолгIа сужда динчул тIаьхьа «аттахьийат» деша охьа хуур ву, Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, и деша охьа хиъна ма хиллара. Аттахьийат деша охьа хиъча,шен аьрро куьг аьррочу голан тIе дуьллур ду, аьттонаг аьтточунна тIе дуьллур ду, шен пIелгаш тIеттIа а дохийтар ду, хьажо пIелга хьалха хьажор бу, аттахьиййат доьшучу йукъанна цу пIелге а хьоьжур ву, Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, дешна ма хиллара аттахьийат доьшур ду:
«Аттахьиййату лиллахIи, вассолавату ваттIоййибату, ассаламу Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматуллахIи ва барокатухIу, ассаламу Iалайна ва Iала IибадиллахIиссолихьина. АшхIаду ан лаилахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу, АллохIумма солли Iала Мухьаммадин, ва Iала али Мухьаммадин, кама соллайта Iала али ИброхIима, иннака Хьамидун, Маджид. АллохIумма барик Iала Мухьаммадин, ва Iала али Мухьаммадин, кама барокта Iала ИброхIима, иннака Хьамидун, Маджид».

Цул тIаьхьа, диъ хIумнах ларвар доьхуш доIа доьшур ду, Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, и доьшуш хила аьлла омар ма-дарра: «АллохIумма, инни аIузу бика, мин Iазаби джахIаннама, ва мин Iазабил къабри, ва мин фитнатил махьйа вал мамати, ва мин шарри фитнатил масихьид дажжали».
Цул тIаьхьа, шозза салам лур ду, АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, салам лора, шен аьтточу агIор а «Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи» олуш, тIехьарчунна, цуьнан аьтто беснийн кIайлла а гуш. Шен аьррочу агIор а салам лора цо, «Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи» олуш, тIехьарчунна, цуьнан аьтточу беснийн кIайлла а гуш. Цкъацкъа, хьалхар салам лучу хенахь тIе олура цо «ва барокатухIу».
Жайна хIоттийнарг: Iабдус Cалам ал-Аднаданий
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

