Цунах лаьцна Абу ХIурайратан, АллахI реза хуьлда цунна, хьадис ду, цо аьлла:
﴿ كان رسول الله صلى الله عليه وسلم إذا كبر في الصلاة سكت هنيهة قبل القراءة ، فقلت : يا رسول الله - بأبي أنت وأمي - أرأيت سكوتك بين التكبير والقراءة ما تقول ؟ قال : ( أقول اللهم باعد بيني وبين خطاياي كما باعدت بين المشرق والمغرب ، اللهم نقني من خطاياي كما ينقى الثوب الابيض من الدنس ، اللهم اغسلني من خطاياي بالثلج والماء والبرد ﴾ رواه الجماعة إلا الترمذي.
«АллахIан элча, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, «фатихьат» деша доладалле хьалха йоццачу ханна вист цахилар, ас тIаккха хаьттира: ХIай, АллахIан элча, суна везах ву хьо сайн де-неналла а! Хьо вист цахуьлуш Iаш го суна, акбарний а, «фатихьат» дешарний а юккъехь, хIун ду и ахь (цу хенахь) олуш дерг?» Цо, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, жоп делира цуна: «Ас олу: «Я АллахI! Сан къинош суна гена даха Ахьа - Айхьа малхбале а, малхбузе а вовшашна гена яккхаре терра. Я АллахI! Сан къинойх дIацIанве Ахьа со - кIайн коч мIоданех дIацIанлуш санна. Я АллахI! Суна тIера сан къинош дIадила Ахьа - лайца а, хица а, шаца а». Тобано дийцна, Тирмизи юкъараваькхича.
1. ХIордан хи:
Цунах лаьцна Абу ХIурайратан, АллахI реза хуьлда цунна, хьадис ду:
﴿ سأل رجل رسول الله صلى الله عليه وسلم فقال يا رسول الله ، إنا نركب البحر ، ونحمل معنا القليل من الماء فإن توضأنا به عطشنا ، أفنتوضأ بماء البحر ؟ فقال رسول الله صلى الله عليه وسلم : ( هو الطهور ماؤه ، الحل ميتته﴾ رواه الخمسة.
«(Цкъа) цхьана стага пайхамаре, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! ХIордах довлуш, тхайца цхьана кIеззиг хи хьо оха. Нагахь тхо цуьнца ламаз эца дуьйлахь, чIогIа хьаглур ду тхо. ХIордан хица ламаз эца мегар дуй тхуна?» Цо аьлла: «ХIордан хи цIена ду, (кхеча хIуман) цIанонна лелон мегаш а ду, ткъа цу чохь елла йолу дийнаташ - яа магош ю» Тирмизийс аьлла: «хьасан» хьадис ду хIара. Цо аьлла: «Ас Мухьаммад ибн ИсмаIил ал-Бухарега хаьттира, хIокху хьадийсах лаьцна, цо элира: «сахьихь» хьадис ду.
3- Замзам хи:
Iелас, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина:
﴾ رواه أحمد. ﴿ أن رسول الله صلى الله عليه وسلم دعا بسجل من ماء زمزم فشرب منه وتوضأ
«АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, замзаман хьостера цхьа чийлик (ведар) хи дийхира, тIаккха цунах мала мелира цо, цуьнца ламаз ийцира цо» Ахьмад.
4- Хийцаделла долу хи, дуккха латтар бахьана долуш, я и лаьттачу меттиго Iаткъам бар бахьана долуш, я дукхачу хьолехь цунах дIакъасто тарлуш йоцучу хIуманех дIаэр бахьана долуш, масалла: хин бецаш, диттан гIаш, и.дI.кх.
Иштта долу хи, хила ма-дезза долу цIена хи ала йиш ю, берриг Iелам-нехан бертахь.
Кху декъахь биллина болу бух, иза – муьлхха а хи, тайп-тайпанарчу цIерашха дихкина доцу, цхьана а цIаре дилланза долу – ткъа иза - лело мегаш ша цIена а, кхийолу хIума цIанйеш лоруш а хи ду. АллахIа, лекха ву И, аьлла:
﴿فَلَمْ تَجِدُواْ مَاء فَتَيَمَّمُواْ صَعِيدًا طَيِّبًا ﴾ المائدة:6.
(… нагахь шайна хи а цакардахь, ткъа цIенчу латтанца тема де ) Сура: «ал-Маида», аят: 6.
ШолгIа тайпа: шех пайда эцна (я цкъа лелийна) долу хи:
Иза – ламаз оьцуш волучо а, луьйчучо а пайда эцна, цкъа лелийна долу хи ду. Цуьнан бакъенийн агIо (хьукма): Иштта долу хи, лелонза долу хи санна цIена лоруш ду, хIунда аьлча, пайда эцале а, лела дале хьалха а дара и цIена лоруш, хIара ду ала цуьнан цIоналла йайна лара делил дац. И бохург тIечIагIдо, РабиIа бинт МуIаввизан хьадийсо, Пайхамаран, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ламаз эцаран куц дийцина йолучу. Цо аьлла:
﴿ ومسح رأسه بما بقي من وضوء في يديه ﴾ رواه أحمد وأبو داود ،
«Шен коьртанна масхьа дира цо, ламаз оьцуш шен керахь дисначу (цкъа лелийна долучу) хица» Ахьмад, Абу Давуд.
Абу Давуда дийцинчу хьадийсан версехь аьлла:
﴿ أن رسول الله صلى الله عليه وسلم مسح رأسه من فضل ماء كان بيده ﴾
«Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, Шен коьртанна масхьа дира, шен куьйгахь бухадисинчу хица».
Абу ХIурайрата, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина:
﴿أن النبي صلى الله عليه وسلم لقيه في بعض طرق المدينة وهو جنب ، فانخنس منه فذهب فاغتسل ثم جاء فقال : ( أين كنت يا أبا هريرة ؟ ) فقال : كنت جنبا ، فكرهت أن أجالسك وأنا على غير طهارة ، فقال : سبحان الله إن المؤمن لا ينجس ﴾ رواه الجماعة
«Цкъа пайхамар, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, Меднарчу цхьа некъахь дуьхьала кхетта цуна, иза лийчар тIедоьжна а волуш, тIаккха (Абу ХIурайрат) цунах къайла а ваьлла, (цIа а) вахана, лийча а лийчина, цул тIаьхьа (Пайхамар, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волче схьавеъна и. Цо хаьттина: мичхьа вара хьо, хIай Абу ХIурайрат?» (Абу ХIурайрата) жоп делла: «Лийчар тIедоьжна вара со, хьан гуламехь хьоьца охьахиъна Iан ца лиира суна, цIени а воцуш». (Пайхамар, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь эккхийтина: «ТIех хастаме ву АллахI! «субхьаналлахI»! Бакъдолуш, муъма стаг (цкъа а) цIена воцуш (я нажас) хуьлуш вац!». «Тобано» далийна хьадис ду и. ХIара хьадис тешал ду, муъма стаган лийчар тIедоьжча и нажас хуьлуш ца хилча, цо ламаз оьцуш лелийна дола хи а дац нажас хила йиш йолуш. Цундела, цхьа цIена хIума, кхечу цIенчу хIуманца вовшех хьакхайаларах, цхьана а агIор цуьнан цIоналлийна Iаткъам бан йиш яц цо.
Ибн ал-Мунзирас аьлла: «Iелас, ибн Iумарас, Абу Умаматас, IатIаъа, Хьасана, Макхьула, НахаIийс а элира аьлла: нагахь, ламаз оьцуш волучу цхьанна коьртанна масхьа дар дицделлехь, ткъа шен можа тIехь йисинчу хин тIуналлийца коьрата масхьа дича тоам болуш ду цуна». (Ибн ал-Мунзира) аьлла: хIара тешалла ду, цара, лелийна долу хи цIена лоруш хилла, хиларан. Суна а го (я хета) царна санна.
ХIара мазхIаб, Маликан а, ШафиIийн а версех цхьаъ ю. Ибн Хьазамас аьлла: хIокха тIехь ву - Суфян, ас-Соври, Абу Совр, массо ЗахIири ишколан тIехьабозуш берш а.

