• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Пайхамаран (с.I.в) ламаз эцаран куц

Опубликовано: 21 января 2009

Цул тIаьхьа шен мерчу хи кхорзур ду, вуьшта аьлча: шен мерчу хьалаозош долучу сица хи хьалаозор ду, цул тIаьхьа мерчуьра охьаIанор ду (2-чу суьрте хьажа).

Мерчу кхорзуш долу хи, меран кIоргенашка а кхочуьйтуш, леррина кхарзар суннат лоруш ду, нагахь мерчу хи кхорзуш верг марха долуш вацахь, ткъа марха долучо дукха кIоргене кхачийтар дика дац, мерчухула а даьлла хи кийра ца кхачийтаран дуьхьа.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«КIоргге (лерина) мерчу хи кхарза, нагахь хьо марха долуш вацахь» (2).

 

Цул тIаьхьа шен юьхь юьлур ю. Юьхьан барам йохаллашкахь: коьртан месаш тIейолучуьра дIаболало (3-чу суьрте хьажа), шораллашкахь: цхьана лерга тIера вукху лерга тIекхаччалц берг бу (3-чу суьрте хьажа).

Нагахь юьхьа тIера маж нилха елахь, и маж а, цунна бухара чкъор (дилха) а юккъе хи а кхочуьйтуш цIандар важиб ду. Амма, нагахь маж луьста елахь, тIоьхлара йилар важиб ду. Луьста маж юккъе пIелгаш кхачош къажъяр суннат лоруш ду, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь шен маж къажъеш хилла (3) (4-чу суьрте хьажа).

 

Цул тIаьхьа шен ши пхьаьрс буьлур бу голашца цхьана.

 

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

 

«… Шайн яххьаш а, голашка кхаччалц шайн куьйгаш а дила» (4) (5-чу суьрте хьажа).

Цул тIаьхьа шен коьртана масхьа дийр ду. Коьртан хьалххара дIадолийна коьртан тIехьа кхаччалц хьокхуш дIахьур ду шен ши куьг, цул тIаьхьа и шиъ юха а хьокхуш ша масхьа дан дIадолийначу коьртан хьалхха схьадалор ду (6-чу суьрте хьажа).

Цул тIаьхьа шен шина лергана а масхьа дийр ду, коьртана масхьа деш куьйгашкахь йиссиначу хин тIуналлица (7-чу суьрте хьажа).

Цул тIаьхьа шен ши ког буьлур бу хьорканашца цхьаьна.

 

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

 

«…Шайн когаш а била хьорканашка кхаччалц» (5).

 

Хьорканаш - ши ност чекхйоллучехь тIеяьлла, айъелла йолу ши даьIахк ю (8-чу суьрте хьажа), шина когаца цхьаьна и шиъ йилар а важиб лоруш ду.


 

Куьг я ког баьккхина волучунна, оцу даьккхиначу куьйгах а, когах а йилар важиб долучух бухайиссина хIума елахь, и йилар важиб ду (9-чу суьрте хьажа).  Нагахь куьг я ког дерриге дIадаьккхина делахь, оцу меженан корта буьлур бу.

Ша ламаз эцна ваьллачул тIаьхьа хIара доIа доьшур ду:

 

«АшхIаду ан ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухI. АллохIуммаджIални минаттаввабина ваджIални минал мутатIаххIирин». 

 

«Аса тоьшалла до АллахI  воцург кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца. Я АллахI! Тоба дечарех ве Ахьа со, цIано ечарех а ве Ахьа со» (6).

 

Ламаз эца хIоьттиначунна тIехь важиб лоруш ду шен меженаш хаддаза а, рогIаллехь а йилар, цхьа меже йилча и якъаяллалц а ца Iаш, тIаьхьа йогIуш йолу меже а юьлуш.

 

Ламаз оьцуш волучунна ша ламаз эцна ваьлча шен меженаш якъор а магош ду.

 

 

Ламаз эцаран суннаташ

 

1. Бусалба стагана сивак (цергаш цIанйийриг) хьакхар суннат ду ламаз оьцучу хенахь, ламаз эца волавалле хьалха.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Сайн умматана (я тIаьхьа хIиттиначарна), айса хало ярна ца кхерахьара, сивак хьакха аьлла омра дийр ма дара аса цаьрга, хIора ламаз оьцуш» (7). 

 

2. Бусалба стагана суннат ду ламаз эца волавалале хьалха кхузза ши куьг дилар, хьалха ма аллара (I-чу суьрте хьажа) - нагахь иза вижиначуьра гIаьттина вацахь, ткъа вижиначуьра гIаьттина велахь-м - важиб ду ши куьг кхузза дилар, суннат хилла Iаш дац, хIунда аьлча цунна а ца хууш нажжаз хила мега царна тIехь (наб кхеттачунна ца хаьа шен куьйгаш мичахь кхирстина).

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шаьш набарха девлчча, шайн куьйгаш пхьегIашна чу ма Iуьттийла аша, кхузза уьш диллалц, ткъа цунна ца хаьа шен куьйго буьйса мичахь яккхина» (8).

 

3. Мерчу, кIоргенашка а кхочуьйтуш, леррина хи кхарзар, лакхахь ма аллара.

 

4. Бусалба стагана юьхь юьлучу хенахь, маж луьста елахь, нилха яккхар суннат ду, лакхахь ма аллара.

 

5. Бусалба стагана, цо шен куьйгаш а, когаш а дуьлучу хенахь, леррина пIелгашна юккъе хи кхачор а, пIелгийн яккъаш дIацIанъяр а суннат ду.

 

«Хьакъ долучу кепара ламаз эца, пIелгийн яккъаш йила» (9) (I0-чу суьрте хьажа).

6. Бусалба стагана ша ламаз оьцучу хенахь  аьрру агIонан меженал а аьтту агIонан меженаш хьалхаяхар суннат ду, вуьшта аьлча: аьтту куьг а, аьтту ког а хьалха билар аьрру куьйгал а, аьрру когал а.

 

«Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), мачаш тIейухуш а, можана ехк хьокхуш а, цIано ечу хенахь а, муьлхха а кхидолу гIуллакхаш дечу хенахь а - аьтту агIонна тIера дIадолор дезаш вара».

 

7. Бусалба стагана ша ламаз оьцучу хенахь меженаш шозза я кхузза йилар суннат ду. Кхааннал сов йилар мегаш дац. Ткъа коьртана деш долу масхьа цхьаннал сов деш дац.

 

8. Бусалба стагана суннат ду хенехь исрап ца дар, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), кхузза (меженаш) юьлуш ламаз а эцна, тIаккха элира:

 

«Сов ваьллачо вон а, зулам а дина» (10).

 

 

Ламаз керара доккхуш долу бахьанаш

 

Бусалба стеган ламаз керара долу лахахь дагардечу хIуманашца:

 

1. ТIехьашхула, хьалхашхула хьаткъа а, боьхалла а яьлча.

 

2. ТIехьашхула мох баьлча.

 

3. Хьекъалах талхарца: хьераваларца, дог вон хилла охьавожарца, вахарца, шен дегIера араериг ца хаалуш чIогIа наб кхетарца, амма адам, синхаамах а ца долуш, яйн наб кхетаро ламаз керара ца доккху.

 

4. Дагахь хIума а долуш стен-боьршаллин бехкечу меттигах (Iовратах) куьг хьакхаделча (шечух хьакхалахь а, нехачух хьакхалахь а башхалла а яц).

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шен Iовратах дIахьакхавелларг ламаз эца дезаш ву» (11).

 

5. Эмкалан жижиг диъча а ламаз керара долу, хIунда аьлча цхьана стага хаьттина пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):

 

«Ламаз эца дезий оха, эмкалан жижиг диъча?». Цо аьлла: «ХIаъ» (I2).

 

6. Эмкалан чуьйраш, доIах, мохь, дума, жаннаш, йоьхьаш, чо-ко, дог-пах диъча а керара долуш лору ламаз, хIунда аьлча уьш а ю цуьнан жижиг санна лоруш.

 

7. Эмкалан шура маларх ламаз керара ца долу, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана нахе омра дира, эмкалин шуьреш мала аьлла, амма цо омра ца дира цаьрга шаьш эмкалийн шуьреш мелча ламаз эца аьлла  (I3).

 

8. Ледарло йоццург даран дуьхьа, эмкалан жижиган чорпа мелча а ламаз эцар гIолехь ду.

 

 

Ламаз карахь доцучунна хьарам динарг

 

1. КъурIан караэцар а, цуьнах хьакхавалар а.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Йеменан охIлане кехат яздечу хенахь аьлла:

 

«КъурIанах ма хьакхалойла цIенаниш бен» (I4).

 

Амма кара оьцуш ца хилчахьанна, цуьнах хьакхалуш а ца хилчахьанна, деша мегаш ду КъурIан.

 

2. Ламазе хIотта мегаш дац ламаз керахь доцуш волучунна, ламаз эццалц.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«АллахIа ламаз къобал ца до, ламаз керахь а доцуш дина долу» (I5).

 

Амма ламаз керахь доцучунна магош ду КъурIан дешаран сужд дан а, Далла шукран лерина сужд дан а, хIунда аьлча и шиъ ламаз дац. Делахь а сужд дале хьалха ламаз эцар дикаха ду.

 

3. Ламаз керахь доцучунна хьаьжцIенна тIаваф дан мегаш дац, ламаз эццалц, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«ХьаьжцIенна деш долу тIаваф – ламаз ду» (I6).

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз ийцира ша тIаваф далле хьалха (I7).

 

Дика хуург АллахI ву. АллахIа къинхетам бойла вайн пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан асхьабех, массарех.

_______________________________________________________________

 

Чулацам бекъар:

 

(1) - Ахьмада, Албанис «хьасан» лерина и «Ирваъ» жайнахь (8I).

 

(2) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина и «Сахьихь Абу Дауд» жайнахь (629).

 

(3) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина и «Ирваъ» жайнахь (92).

 

(4) - Сурат «ал-МаидахI», аят 6.

 

(5) - Сурат «ал-МаидахI», аят 6.

 

(6) - Муслима, Албанис «сахьихь» лерина и «Ирваъ» жайнахь (96).

 

(7) - Ахьмада, Албанис «сахьихь» лерина и «Ирваъ» жайнахь (70).

 

(8) - Муслим.

 

(9) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина и «Сахьихь Абу Дауд» жайнахь (629).

 

(10) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина и «Сахьихь Абу Дауд» жайнахь (I23).

 

(11) - ибн Мажата, Албанис «сахьихь» лерина и «Ирваъ» жайнахь (II7).

 

(12) - Муслим.

 

(13) - Бухари, Муслим.

 

(14) - Ад-ДаракъутIнис, Албанис «сахьихь» лерина и «Ирваъ» жайнахь (I22).

 

(15) - Муслим.

 

(16) - ат-Тирмизис, Албанис «сахьихь» лерина и «Ирваъ» жайнахь (I2I).

 

(17) - Бухари, Муслим.

 

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft