• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Имаман хьаккъаш а, декхарш а

Опубликовано: 18 декабря 2009

Исламехь массо а урхаллин Iалашо - дерриге дин АллахIан дуьхьа лелон даккхийтар а, АллахIан дош лакха даккхар а, дерриге Iибадат цхьана АллахIана дайтар а ю. ХIунда аьлча Сийлахь-Везачу АллахIа оцу дагардиначуьнан дуьхьа кхоьллина ду Ша боху адамаш а, жинаш а; жайнаш а диссийна цуьнан дуьхьа, элчанаш а бахкийтина цуьнан дуьхьа; элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIазоташ а дина цуьнан дуьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-баххара:

«Адам а, жин а Сайна Iибадат дайта а бен кхоьллина дац Аса» («аз-Зарийат»: 56). 

Хастамечу АллахIа Шен элча Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ваийтина - дикане кхойкхуш а, вониг доьхкуш а.

Ткъа имам, бусалба пачхьалкхан куьйгалхо а, умматан векал а хиларе терра, лакхахь ягарйина ШарIан Iалашонаш кхочушъян декхарийлахь ву. Уммато, ша бусалба пачхьалкхан урхалчина - имамана байIат дечу хенахь, Iедалан кера урх елла - оцу Iалашонашка ша кхачадайтаран дуьхьа. Цундела цунна тIехь даккхийра декхарш ду, и санна даккхийра декхарш кхечарна цхьаннена а тIехь доцуш долу. Оцу урхаллина хьакъ ву аьлла, цуьнах тешийна уммато шен дин а, дахар а, хьал а, политика а, пачхьалкхан чоьхьара а, арахьара а гIуллаккхаш а.

Делахь а, иза мел чIогIа ницкъ болуш хилча а, мел боккха кхетам, хьекъал долуш хилча а, цуьнан таронехь хила йиш йолуш дац - оцу яккхийрачу а, мехалачу а Iалошонашка кхача аьтто. Цундела Ислам-дино халкъана важиб дина - бусалба пачхьалкхан урхалчина тIедехкина декхарш кхочушдеш цунна гIодар, улле довлар, накъостий хилар.

Имамалла - чIогIа беза мохь бу, цуьнан декхарш а ду даккхийра. ЦIена, даккхийра негаташ долучу хьуьнаречу нахе а бен лелалур долуш дац и дукъ. Цундела лерина ду нийса урхалла дар - АллахIана муьтIахь хиларехь уггаре а деза Iибадат. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхI стаг вийцина, къематдийнахь АллахIан Iаршан IиндагIна кIеллахь хинволу, царех цхьаъ вагарвина цо:

«…Нийсо лелаен имам» (Бухари, Муслим, Тирмизи, Насаи, Ахьмад).

Урхалла каралацаран мохь беза а, боккха а хиларан тоьшалла ду «Сахьихь» жайнашкахь долу элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадисаш:

Абу Зарр ал-ГIаффарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунн) элира аса: «ХIай, АллахIан элча, цхьана а гIуллакхе урхалла дан ца хIоттаво ахьа со?». Сан белшана тIе куьг а тоьхна, тIаккха элира цо: «ХIай, Абу Зарр, боккъалаъ, гIийла ву хьо, ткъа (урхалла - адамах тешийна доккха) аманат ду, къематдийнахь юьхьIаьржо а, дагахьбаллам а хир болуш ду иза, бакъонца схьа а эцна, кхоччуш ша дан дезаш хилларг дина воцучунна» (Муслим: 1825).

Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Шух хIора а Iу ву, шух хIора а шен Iуналлех жоп дала дезаш а ву: урхалча - Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву, стаг - шен доьзалехь Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву, зуда - шен майрачуьнан хIусамаехь Iу ю, шен Iуналлех жоьпаллехь а ю, лай - шен элан бахаман Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву. (Иштта) шух хIора а Iу ву, (шух хIора а) шен Iуналлех жоьпаллехь а ву» (Бухари: 893, Муслим: 1829).

Имаман хьаккъаш а, декхарш а

ШарIан политикан Iилманчаша а, бусалба пачхьалкхан бакъонаш хуучу фикъхI-Iилманчаша а пачхьалкхан урхалчо-имама кхочуш дан деза хьаккъаш а, декхарш а къасторна леррина гIайгIа бина, билгал а даьхна цара уьш. Церан коьртехь цхьаъ ал-Маварди а волуш, шен «ал-Ахькам ас-СултIанийа» цIе йолучу жайнахь цо билгал ма-даккхара.

Имам декхарийлахь ву: цIеначу баххашна тIехь дин лардан а, дуьне, дахар низамехь латтон а, дуьненан политика динца нисйина дIаяхьан а, динан баххашца йогIуш чоьхьара а, арахьара а политика нисъян а, бусалба пачхьалкхана оьшуш долу дерриге коьрта гIуллакхаш лелон а, бусалба халкъан хьашташ кхочушдан а.

Оцу декхарех коьртанаш ду:

1. Дин лардар

Дин – Iибадат а, Iакъидат а, дахар а, низам а ду, халкъан юкъара ерриге дахаран агIонаш а, гIуллакххаш а къепе далош долу. Имамана тIехь долу хьалхара декхар – Ислам-динан бакъ болучу баххашна а, дIабаханачу дикачу нехан (асхьабийн, табиIинийн) барт хиллачунна а тIехь дин лардар ду.

Дин лардар аьлча - оцо чулоцу, урхалчо дан деза масех гIуллакх:

А) Бусалба умматан декъахошкара йоза цахаар дIадаккхарна гIайгIа бар - царна АллахIан хьаккъаш а, шайн хьаккъаш а довза таро хин йолучу кепара. Къаьсстина бусалба умматан декъахошна юкъара оьшуш долучунна а, царех хIоранна а шен дахарехь къастийна хьаште долучунна а тIе ойла а йохуьйтуш. Вуьшта аьлча: махбархочунна - махбаран бакъонаш Iамор, латталелорхочунна - латталелоран бакъонаш Iамор. Иштта жима стаг зуда ялон сихцавалийтар а - нагахь иза зуда ялочунна хаанза ца йовлу ШарIан бакъонаш а, цуьнан гIиллакхаш а хууш вацахь. Иштта хIора бусалба стагана а, зудчунна а хаа дезаш долу бакъ Iакъидат а, Суннатехь нисдина Iибадаташ а Iамор.

Б) Бусалба динан мостагIаша Ислам-динна гонаха яржош йолучу шеконех кхетор а, уьш дIаяхар а. Къаьсттина хIокху заманахь, Iазапхойн а, зуламхойн а, тилорхойн а ницкъаш Ислам-динна а, бусалба нахана а хьерадевллачу суьртехь тIаьхьахьаьлхина йолучу.

Д) Iедал юкъара ца хилча кхочуш далуш доцу Ислам-динан цхьадолу даккхийра Iибадаташ кхочушдар, царех ду: маьждигаш догIар, царна тIе церан Iуналчаш хIиттор, царна чохь ламазашкахь нахана хьалха бовла имамаш хIиттор, мархин бутт тIекхачар билгалдоккхуш берш къастор, хьаьж-парз тIерадаккха луучарна и кхочуш дан уггаре а атта долу некъаш нисдар. Закат схьагулдарна а, хьакъ болучарна и дIасадекъарна а тIехь тидам латтор.

Е)  Тайп-тайпанарчу хаамийн гIирсашкахула хаддаза дикалле а, бакъхьаралле а, хазачу гIиллакхашка а, оьздангалле а кхайкхамаш латтор: нах АллахIана муьтIахь хиларан новкъа баха а, АллахI реза волучу хьаналчу новкъа лелийта, юкъараллин ойланашна тIе Iаткъам бан а.

Ё) Юкъараллехь муьлхха а бусалба динан новкъара валар дихкина хилар. Муьлхха а Iехораш а, лебарш а, Iеса леларш а, хьарамлонаш а, къинош летор а, къаьркъанаш мийлар а, берзина лела зударий а - уьш а, иштта царех тера долу оьзда мел доцург а, дукха чIогIа бусалба юкъараллина зенехь цамгарш ягаръеш ю. И цамгарш орамашкара дуьйнна дIаяха декхарийлахь ву бусалба пачхьалкхан урхалча.  

Ж) Массо а зенехь дерг дехкар – гIиллакхаш талхош дерг, кхетош-кхиорна талхаме дерг. Оцу тайпанарчу гIуллакхех уггаре а чIогIа дехка дезаш дерг – хIокху заманан хаамийн гIирсаша даржош долу бохамаш ду – карзахбоху хаамаш, эхье а, сийсаза а, оьзда доцу а суьрташ, эхье доцу хиламаш. Берзина, я ма-ярра чухулара меженаш а гуш, дуткъачу духаршлахь зударша гойту мода. Бусалба динан гIиллакхашна а, кхетош-кхиорна а, оьздангаллина а зенехь мел дерг а.

З) БидаIаташна дуьхьал къийсам латтор - аьтто мел бу нах кхеторца а, хьекъале хьехамаш барца а. Бусалба нехан юкъараллера бидаIаташ дIадаха дезаш ду, хIунда аьлча уьш юкъараллехь дитича – даккхийра а хуьлий, дебе а дебий, дIахIуьтту. ТIаккха оцу бидаIатийн кхерамаш а, зенаш а алсам довлу. Дукха дийца а ца оьшуш, цуннна доккха тоьшалла ду-кха - тахана бусалба нах бехачу мехкашкара хьелаш. Башхалла а яц - и бидаIаташ динан хьалхарачу тIегIанан гIуллакхашкахь (усулашкахь) делахь а, шолгIачу тIегIанан гIуллакхашкахь (фуруIашкахь) делахь а.

И) Хьудудаш а, иштта кхин долу зуламхошна догIу ШарIан таIзарш а - уьш догIучарна тIехь лелон дахар имаман дехкарех цхьаъ ду, хIунда аьлча зуламан дайшна тIехь таIзар латтош хилча – шаьш зулам дале ойла йо цара. Ванах, нагахь ша нахана хIара бохам бахь - изза бохам Iедало шена а бийр бу-кха олий, тIаьхьалонна ойла ян вулу стаг. И бахьанехь ша юьхьаралаьцна зулам ца деш юхаволу иза, бохам бан озало, адамийн даха йолу бакъо а ларйо, таIзарах кхоьруш нехан ларам а латтабо цо.

2. Халкъана кхерамазалла латтор 

             

А) Вочийн ловзарех а, зуламхойн мекарлонех а, бохаман дайх а юкъаралла кхерамазаллехь латтийта, пачхьалкхан куьйгалхо декхарийлахь ву: юкъараллина зен-зулам дан мел гIертачунна оцу пачхьалкхехь болучу ницкъах оьшшучул барам дуьхьал латто.

Б) Ислам-динна новкъарло ян лерина долу муьлхха а адам сацор. Ишттачу адамца, цуьнан негате а, цо дан лериначу гIуллакхе а хьаьжжина, юкъаметтаг лелор, цунна хьакъ болу бекхам бар.

Г) Умматан мостагIашна дуьхьало ян оьшу ницкъ кечбар. Иза иштта далур ду: дозанаш чIагIдар, дозанашкахь хаддаза гIап ларъен гIаролаш латтор. Нах доьналлех хийра бохуш долучу дерриге а хIуманех бусалба нехан чоьхьара юкъаралла дIацIанъяр. ТIеман гIирсашца а, герзашца а эскарш кечдар.

Д) Юкъараллин хьекъал а, девзарг а, кхетам а кхиор, спортехула догIмаш хецадалийтар, пачхьалкхан чоьхьара юкъаралла чIагIъяр – мехкан гIуллакхана эшнначу хенахь куьйгалхочунна дика гIоьнча а, бIо а хилла дIахIуьттун болучу хьесапехь.

3. Даьхний Iалашдар

Иштта далур ду иза:

А) Хила безачу барамехь, шен хеннахь нахера хьакъ долу даьхний схьагулдар: тIамца яьккхина хIонс, закат, сагIанаш, весет дина гIоьналлин бахамаш, юкъара хьал, арахоьцург, мехаш лелорах хуьлуш дерг, и.дI.кх.

Б) Ислам-динаца йогIуш йолу ахча-бохчанан а, банкийн а проекташ лелон яхар - эшамза санан а, пайданан а хьост хилийтаран дуьхьа.

В) Пачхьалкхан тайп-тайпанарчу урхаллашка а, меженашка а гIуллакххой хIиттор, къаьсттина чIогIа озабезамах а, шечаьрга гIодахарах а ларлуш. ХIора стаг а - хIоттон хьакъ воллучу дарже хIоттон веза. Ислам-дино билгалъяьхначу башхаллашка а, дIабаханачу дикачу нехан новкъа а хьажжина хIиттон а беза уьш.

Г) Пачхьалкхан а, мехкан а юкъара даьхний - хьажон хьакъ долучу меттигашка хьажор, исрапах а лардеш, эрна а ца дойъуш, пайда боцучу сатийсамийн куьцашна а ца хьежош. Къаьсттина чIогIа пачхьалкхан бахам ларбан беза - муьлхха а Ислам-дино хьарам дечу гIуллакхашка хьежорах а, Сийлахь-Веза АллахI реза воцучу агIонашкахь харжаш ярах а.

Д) Пачхьалкхан дахарехь мел оьшучу агIонашна юкъара меженаш а, белхан меттигаш а кхоллар. Ткъа кхоьллиначул тIаьха - уьш ларъяр, хIунда аьлча цуьнах доьзна ду юкъаралла денъялар а, айъялар а, кхиаме хилар а, хьалхатаIар а. Иштта йолу юкъара меженаш а, белхан меттигаш а кхолла а ца ло, я кхоллаелча латта а ца лаьтта – пачхьалкхан урхалло юкъаралла а, тIехьажар а деш ца хилча.

4. Нийсо а, низам а латтор

 

 Иза кхочуш хир ду тIаьхьадогIург дича:

А) Халкъан юкъара гIуллакхаш а, къинхьегамаш а, белхаш а - юкъарачу маслаIате хьаьжжина, тодаран а, нисдаран а Iалашонца царна тIе тергамчаш хIиттор.

Б) Некъашна къепе яр, транспортан некъаш низаме далор, урамашкахула леларшна тIе тидамчаш хIиттор.

В) Кхиэлан Iедал дIахIоттор - нахана юккъехь эга къийсамаш а, девнаш а, эгIарш а цхьалхадаха, къасто, листа.

Г) Бусалба нехан таIзар къастош йолу статьяш юкъарачу дахарехь лелон яхар - Дала хьарам динарг ца леладайта а, Iесачу новкъа ца бийлийта а, нийсо яржийта а, адамийн хьелаш нисдалийта а, нах кхерамазаллехь латтийта а, АллахIа хIиттийначу дозанех тIех ца бийлийта а. Вахон маларш муьйлучарна а, зинаш дечарна а, нехан бахамаш лечкъочарна а, нахана зуламе буьйлучарна а, юкъараллехь оьзда мел доцург даржочарна а, нехан сийшна тIе куьйгаш кхийдочарна а хьакъ долу таIзар данза ца долу - уьш бахьанехь юкъаралла талха ца талхийта. Дакъаделла диттан га шен хеннахь дIа ца хадийча - дерриге дитт дакъало. Лазарна ше хеннахь дарба ца дича - дерриге дегIе даьржа иза. 

Д) Нехан хьал-дахар аттачу новкъа мел доккхун дерг, низаме далийна, дIахIоттор: ишколаш яр, маьждигаш дар, дарбанан кхерчаш бар, поштанаш хIиттор, махлелоран меттигаш яхкар, и.дI.кх.

Е) Хаддаза кхерамазалла латторна тIе къинхьегам бахийтар: чоьхьара кхерамазалла латтон оьшучу барамехь Iедал даржор, пачхьалкхан гонахарчу дозанехь кхерамазалла латтон оьшучу барамехь эскар латтор, кхайкхонза ца болучу хенахь тIом кхайкхор, бусалба нахана а, бусалба нехан юкъараллина а пайдехь боцучу тIамна юккъе бусалба нах ца кхийсар.

Кхин дIа доцца дагардийр ду вай имаман хьаккъаш:

1. ЦIеначу баххашна, салафуссолихьийн барт тайначу а тIехь, лар а деш, дин латтор.

2.  Массо агIор Iилма даржор, хIунда аьлча пачхьалкхан кхиар, хьалхатаIар - цуьнан Iилманехь хуьлучу кхиамашка хьажжина хир ду.

3. Пачхьалкхан бахархошна дахар дика латтор.

4. ШарIо таIзарна хIиттийна статьяш зуламхошна тIехь лелон яхар - АллахIа дихкинарг доха ца дайта а, Делан лайн хьаккъаш талха ца дайта а.

5. Дуьхьалонна тоъал болучу ницкъаца дозанийн аса ларъяр.

6. Исламана дуьхьалонаш ян ваьллачунна дуьхьал ЖихIад дар - дине кхайкхиначул тIаьхьа, тIе а ца оьцуш, иза юхавалахь, хIунда аьлча бусалба дин даржор - бусалба пачхьалкхан декхарех цхьаъ ду.

7. ХIонс а, закаташ а, сагIанаш а, жизйат а, маьIданаш а, и.дI.кх. долу бахамаш а гулдар.

8. Байтамал чуьра бахам хьакъ болучу кепара, шен хеннахь дIасабекъар, алапаш далар, пачхьалкхан чIагIаллин гIортолаш чIагIаллехь совъяхан харжъяр – исрап дарах а ларлуш, пайда ца бохьу болуче харжаш а ца еш, дIадала дезачу хенал хьалха-тIаьхьа а ца тоьттуш. 

9. Пачхьалкхан урхаллашка а, гIуллакхашка а хьакъ берш хIиттор, халкъан бахамна тIе тешаме нах хIиттор.

10. Пачхьалкхан массо а гIуллакххашна тIехь ша тидам латтор - дина девллачу гIуллакхашна а, беш лаьттачу белхашна а. ГIуллакхехь болучу наха болх муьлхачу тIегIанехь дIахьуш бу хаддаза таллар а. 

Пачхьалкхан куьйгалхо ша цхьаъ вац шен декхарш кхочушдан дезаш верг. Пачхьалкхана тIехь куьйгалла деш а, цуьнан меженаш лелош а цо гIо лоху тешамечу а, дог хьаналчу а нахера. Цо царна тIедуьллу - царех хIора а хьакъ верг, хIоранга а дIадахьалун дерг.

Ткъа урхалла бохург – доккха жоьпалла ду. Цундела цуьнах къихкина умматах дуккха а дика нах - шайгара муьлхха а цхьа ледарло яларана кхоьруш. Оцунна тIедоьгIна махкарчу бахархошна тIехь декхар ду - шен декхарш кхочушдарехь куьйгалхочунна гIодар, накъостий хилар, доггах диканиг хьехар, цуьнца йолучу юкъаметтигехь догцIена хилар.  

Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft