1. Бусалба хилар
Пачхьалкхан куьйгалхо бусалба хилар - муьлхха а гIуллакхе хIуттучуьнгахь хила богIуш бехкам бу, кегийрачу даржашна а, даккхийрачу даржашна а цхьабосса, ткъа бусалба пачхалкхан коьрте хIотточу имамехь-м хIетте а. Имам бусалба хиларан бехкам - бусалба нехан бакъонийн говзанчийн а, ШарIан политикан Iилманан говзанчийн а цхьабарт болуш бу. Оцу тIедоьгIна, бусалба пачхьалкхан куьйгалхо хIуъа хилча а керста стаг хила йиш йолуш вац, хIунда аьлча бусалба нехан урхаллин даржо имамана тIедожадо: Ислам-дин даржор а, бусалба нехан доладар а, умматан хьашташ кхочушдар а, бусалба нехан юкъараллин юкъара маслаIаташ лехар а, бусалба нехан дахар динан баххашна тIехь дIахIоттор а, церан эхарт декъалдан царна гIо мел ден дерг латтор а, Ислам-дин нийсачу баххашна тIехь лардар а. Ткъа оцу тайпана долу гIуллакхаш керстано дан тарлуш а, я цуьнгара довла тарлуш а дац.
Цундела Ислам-дино маггане а магош дац бусалба нехан коьрте керста стаг хIоттон. Бусалба пачхьалкхан коьртехь волучу имаман карахь оцу пачхьалкхехь бехаш болучу бусалба нехан урхаллин урх ю, ткъа керстанан карахь хила йиш йолуш яц бусалба нехан урхаллин урх, хIунда аьлча Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIа керстанашна схьабоьллур бац бусалбашна дуьхьал некъ» (1).
Имам бусалба хила везар гойту баххаш дуккха а ду, цхьадерш КъурIанехь а, вуьйш Суннатехь а, иштта Iеламнехан ижмаIехь а. Юха а царех цхьадерш схьадалор вай.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, Делах тешнарш! Жуьгтий а, насараш а шайн гIоьнчий а, доттагIий а ма бойла аша, хIунда аьлча уьш вовшашна бу гIоьнчий. Нагахь шух муьлхха а цхьаъ уьш шен гIоьнчий а, доттагIий а бан волахь, ткъа иза ша а ву царех цхьаъ. Боккъалаъ, АллахIа нийсачу новкъа бигац зуламхой» (2).
Беркатечу АллахIа боху:
«ХIай, Делах тешнарш! Муъма нехан метта гаураш шайн гIоьнчий а, накъостий а ма леца. Ткъа АллахIе шаьш-шайна дуьхьал (ала хIума хир доцуш долу) билггал тоьшалла дойла лаьий шуна?» (3).
Уьш доцурш а кхин дуккха а ду бусалба нехан коьрте керста нах хIиттор доьхкуш долу аяташ, хIунда аьлча иза – царех накъостий бар а, гIоьнчий бар а декъах лоруш ду.
Иштта имам шегахь бусалба хиларан бехкам болуш хила везар гойту Сийлахь-Везачу АллахIан дашо а:
«ХIай, Делах тешнарш! АллахIана муьтIахь хила, элчанна а муьтIахь хила, шайна юккъера дош лелачарна а…» (4).
Сийлахь-Везачу АллахIан оцу аятехь «шайна юккъера» бохучу дешнаша а гойту - иза бусалба нахана юккъера хила везаш хилар.
Махьмуд ал-Халидийс аьлла:
««Шайна юккъера дош лелачарна…» боху дешнаш – «бусалба нахана юккъера» бохучух хоьттина хуьлуш бен цхьанхьа а далош дац. Цундела куьйгалхо бусалбанех хила везар гойту цо» (5).
Кхин цхьа хIума а ду, шеко а йоцуш хууш долучух: керстанна цхьана а хIумангахь муьтIахь хила везаш вац, муххале а цунна дуьхьал тIом бан безаш бу, КъурIанехь ма-аллара:
«ТIом бе АллахIах а, эхартан дийнах а ца тешаш болучу а, АллахIа а, Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца лоруш болучу а, бакъ дин ца лелош болучу а Китаб охIланан нахаца, цара, хьастабелла а болуш, шайн куьйга ясакх таккхалц» (6).
АллахIа юха а боху:
«Берриге мушрикашна дуьхьал тIом бе массара а цхьаьна, цара массара а цхьаьна шуна дуьхьал тIом ма-барра. Хаалаш, АллахI Шех кхоьруш болучаьрца вуйла» (7).
ХIара - Iумар бин ал-ХаттIаб (АллахI реза хуьлда цунна) ву, Абу Муса ал-АшIарера бехк боккхуш, цо шен йозанча (секретарь) керста хIотторна.
IабдуллахI бин Ахьмада дийцина, ВакиIа элира, Исраийла элира, Саммак бин Хьарба элира Iаййад ал-АшIарера, Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла:
«Iумар бин ал-ХаттIабе (АллахI реза хуьлда цунна) элира аса: «Сан керста йозанча (секретарь) ву». Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХIун ду ахьа лелориг? АллахIа тIом эккхийта хьоьца эккхийтанехь а! Ой, АллахIа бохуш ца хезна хьуна: «ХIай, Делах тешнарш! Жуьгтий а, насараш а шайн гIоьнчий а, доттагIий а ма бойла аша, хIунда аьлча уьш вовшашна бу гIоьнчий. Нагахь шух муьлхха а цхьаъ уьш шен гIоьнчий а, доттагIий а бан волахь, ткъа иза ша а ву царех цхьаъ. Боккъалаъ, АллахIа нийсачу новкъа бигац зуламхой»» (8).
«Даггара АллахI цхьаъ хиларах тешна бакъ бусалба («хьанифий») стенна ца хIоттийна ахьа?». Цо жоп делла: «ХIай, муъма нехан амир, суна (оьшург) цуьнан йоза ду, ткъа шен дин цунна шенна ду». Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Дера, АллахIа аьшнаш биначу церан пусар аса-м дийр дац, АллахIа сийсаз биначу церан сий аса-м дийр дац, АллахIа генна гена баьхна уьш герга аса-м буьтур бац» (9).
Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Теша ма тешалаш царех - АллахIа тешнабехке (бу аьлла) бехке бина хилча, улло ма биталаш уьш – АллахIа гена баьхна хилча, сийдеш ма лелабелаш уьш - АллахIа сийсаз бина хилча» (10).
Къади Iийада (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Берриге Iеламнехан цхьабарт бу керста имам хIоттон цамагарна тIехь. Нагахь, имаман даржехь а волуш, цунна керстаналла тIедагIахь - ша-шах мукъа волу иза (оцу даржера)». Цо аьлла: «Иштта ду - нагахь цо ламазаш дитинехь а, ламазашка кхайкхам битинехь а» (11).
2. Кхиъна, гIеметтахIоьттина хилар
Бусалба пачхьалкхан коьрте хIоттош волучу имамехь хила безачу бехкамех цхьаъ – кхиъна хила везар бу, вуьшта аьлча: гIеметтахIоьттина, хьекъалчохь, кхетаме хила везар. Оцу тIедоьгIна, жиманиг а, хьекъалах телхинарг а магош вац имама хIоттон, хIунда аьлча шайгара даьллачуьнан жоьпаллех а бу уьш хьалхабитина. Адамо мел дийриг дIаяздеш болу къолам а цхьаьна бу церан хьокъехь хьалаайбина, цара динарг дIаяздеш дац цо.
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Кхааннан хьокъехь пелаг хьалаайдина ду (вуьшта аьлча: цара динарг дIаяздеш дац): беран – гIеметтахIотталц, набкхетта волучуьнан – самаваллалц, хьекъалах телхиначуьнан - товаллалц» (12).
Имамалла - уггаре доккха а, хала а, деза а дукъ ду. Жимачуьнга а, хьекъалах тиллачуьнга а, ламаз а, хьаьж а, иштта кхин долу Iамал-Iибадатан декхарш дIадахьалуш воцучуьнга а, оцу кегийрачу Iибатех жоьпалле вина воцучуьнга а - цуьнга имамаллин декхарш дIа а текхалур ду, оцу урхаллех жоп а далалур ду бохург дуьйцийла а юй, ткъа?!
Жиманиг а, хьекъалах тилларг а, хьекъал доцург а – шайн догIмашна тIехь, шайн даьхнешна тIехь урх лелон таронехь а ца хилча - дерриге халкъана тIе а хIоттийна, урхалча муха хир ву цуьнах, ткъа?!
Ибн Хьазма аьлла:
«Имам хIотторан Iалашо – нахана хьалха а ваьлла ламаз дехкар а, цаьргара закаташ схьагулдар а, АллахIа барам баьккхина долу таIзараш кхочушдар а, церан хьокъехь долу хьукманаш лелийтар а, мостагIчунна дуьхьал ЖихIад дар а ду. Ткъа оцу тайпана дакхийра декхарш гIеметтахIоьттина воцучуьнан а, хьекъале воцучуьнан а цIарах дац» (13).
Берах бусалба нехан а, бусалба пачхьалкхан а имам хила йиш яц. Беран верасана тIедиллина ду – кхиъна даллалц цуьнан доладар, иза Iалашдар. Ткъа шена доладан верас хIотто везнарг умматан урхалле муха хIоттор ву?!
Сийлахь-Везачу АллахIа боху:
«Хьекъале боцучаьрга шайн бахам дIа ма лойла аша, АллахIа шайн Iар-дахаран рицкъа хьажийна болу. Цуьнах даа а де царна, тIе а доха царна, дика дош а ала цаьрга» («ан-Нисаъ»: 5).
ХIокху аятехь буьйцу «хьекъале боцурш» бераш а, зударий а бу (14).
Вайна церан кара даьхний дIадалар а дихкина хилча, царна цуьнах нийса харжъян а, хьакъ доллучу иза хьажон а ца хаарна, берриге а бусалба нехан (умматан) юкъара гIуллакх маггане а мегар дац церан кара кхачийта!
3. Маьрша хилар
«Маьрша» бохург – «лай» бохучу дешан бIостанехьа маьIна долу дош ду. Лай верг маггане а магош вац берриге бусалба нехан коьрта имам хIоттон. Иштта цуьнан доллу хьукма долуш ву: ша долахь волучу дех ведда волу лай а, цIе тоьхначу мехах лоллера маьрша вала барт бина волу лай а, ша долахь волу шен да велча маьрша ваьлла лорур волуш барт бина волу лай а. ХIунда аьлча маьрша воцург - ша долахь волучу элан гIуллакхаша а, цунна бан декхарийлахь волучу белхаша а дIалаьцна стаг ву. Шен лаамехь цхьа а хан мукъа йолуш а вац иза. Оцу кеппара, ша-шена тIехь а, шен даьхнина тIехь а шен лаамехь воцучу стагана - дерриге халкъана тIехь а, дерриге умматан коьртехь а ша кхочушдан декхарийлахь волу гIуллакхаш кхочушдан паргIато а, халкъана Iуналла дан коьртамукъалла а, хецна урхалла дан маьршо а, бусалба пачхьалкхан чоьхьара а, арахьара гIуллакхаш листа маьршо а мичара яьр-те?!
Оцу тIе, лоллахь хиларо нехан цуьнга болу сий-ларам дIабоккху, нехан цуьнах бIаьрг а боду. Цкъацкъа гIуллакх цуьнах цабашаре а, цуьнга ларам бацаре а долу, цунна муьтIахь хилар эхье лору, цунна муьтIахь хила дегаза буьйлу нах. Ишттачу хьолехь куьйгалхочуьнан хьокъехь халкъо лардан деза муьтIахьалла лардийр ду-кха ала цхьа а агIо яц лайн хьокъехь (15).
Ибн БаттIала аьлла:
«Бусалба нехан коьрте хIоттош волу имам лоллех маьрша а, шен лаамехь стаг а хила везар берриге Ислам-динан Iилманчийн цхьабарт болуш (ал-ижмаI) ду аьлла дийцина МулаххIаба: «Дерриге (Мухьаммадан) умматан цхьабарт болуш ду (имамалла) лаьшкахь хила йиш цахиларна тIехь» (16).
Аш-ШанкъитIыйс аьлла:
«Оцу хьокъехь цхьана а тайпана галморзахе яц Iеламнахана юккъехь» (17).
Оцу барта тIера цхьа а ваьлла вац, хаварижаш боцурш. Ткъа Iеламнаха уьш оцу барта юкъара бовларан бахьанехь, оцу бартана (ижмаIана) нийсаллехь цхьа а гIалатло а, новкъарло а ца лору.
Амма, нагахь цхьана маьрша воцучо Iедал шен кара лаьцнехь, иза имамалле а кхаьчнехь - цунна муьтIахь хилар важиб хуьлий дIахIутту. Эфиопийн лай иза велахь а, цунна дуьхьал валар а лорур ду хьарам: питана ца кегадалийта а, хьовр-зIовр ца гIаттийта а, цIийш ца 1анийта а, умматана юкъара хайра а, массарна кхочу маслаIат а ца хадийта а (18).
4. Боьршачу нахах хилар
Имаматан коьрте зуда хIоттон цамагар - Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хулда цунна) умматах хьалха дIабаханачу салафийн а, тIаьхьа тIебаьхкиначу халафийн а цхьабарт болуш ду, хIунда аьлча Бухарин «Сахьихь» жайнахь цхьа хьадис ду, Абу Бакрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хабар кхеттачу хенахь, гIажархоша шайн коьрте Хосрочуьнан йоI хIоттийна аьлла, цо аьлла: «Шайн коьрте зуда хоттийначу къоман хIуъа хилча а аьтто (кхиам) хир бац» (19).
Ибн Хьажара аьлла:
«Суьдан хьаькам а, амир а зуда хIоттон цамагар – дукхах болучу Iеламнехан сацам бу» (20).
Цхьаболучара аьлла: урхалле зуда хIоттон ца магош долу хьадис беккъа цхьана гIажарийн хьокъехь ду. И аьлларг харц а, гIалата а ву, я нийса а вац, хIунда аьлча тергаме оьцуш дерг - элчанан дош цхьана адамах лаьцна хилар дац, цо аьлларг массарна а юкъара хилар ду. Иштта бехкам бечу хенахь билгалза цIерадош лелоро а тIедоьху и хьадис массеран а юкъара лара дезар. Цундела и хьадис массо а къоман юкъара ду.
Ткъа зуда пачхьалкхан урхалла дарехь а, тIеман гIуллакхаш лелорехь а, машаречу заманахь а стагал а гIийла ю похIмехь а, доьналлехь а. Ткъа стаг хьекъалехь а чIогIа ву зудчул, халонаш ларехь доьналле а ву, ойланаш а, хьежарш а нийсонна сов герга долуш а ву, зудчул хадаме а ву.
Сийлахь-Везачу а, Хастамечу а АллахIа стегаршна тIедиллина зударийн Iуналла даран дукъ, зударшна тIе ца диллина стегарийн Iуналла даран дукъ:
«Стегарий зударийн Iуналхой бу, хIунда аьлча АллахIа царех цхьаболучарна вукхарна тIехь гIолехь хилар делла» (21).
Ткъа стегарий зударшна тIе Iуналхой а, доладархой а бина дIахIитторо а сацам боллуш билгалдоккху: стегарий ницкъехь а, доьналлехь а, похIмехь а зударел а сов хилар. Иштта лакхахь далийна аят а ду стаг зудчул а гIолехь а, тоьлуш а хилар гойтуш долу тоьшалла. Ткъа имамалле муха хIоттор ву, тоьлуш верг а витина, сов хьакъ верг а витина, кIезиг хьакъ верг, я похIмехь а, доьналлехь а лахара верг?!
Ибн СаIадис аьлла:
«Цуьнан чулацам иштта бу: АллахIа стегарий зударел а тоьлуш бина, иза масийтта агIор гучудолу: стегарий бен бац урхалчаш а, пайхамарш а, элчанаш а хила йиш йолуш» (22).
5. Нийсо лелош а, бакъо езаш а хилар
«Нийсо» бохург Iаьрбийн маттахь «дегацIеналла, бакъ долучунна тIегIертар, нийсо лехар» бохург ду. Ткъа бусалба нехан бакъонаш хуучу Iилманчашна гергахь:
«Даккхийрачу къинойх а ларлуш, хаддаза кегийра къинош а ца деш, шен нийса дерг сов а долуш, новкъахь хIума яар а, цигахь хьашт кхочушдар а санна долучу сийсазчу гIуллакхех ларлуш верг ву» (23).
«Имам нийса а, Iедале а хила веза» бохучуьнан чулацам – «гIалат а ца волуш, къа а доцуш хила веза» бохург дац, ткъа оцу кепара дарж элчанашкахь бен хилац. Муьлххачу а бусалба стагера эга тарлуш ду гIалаташ, делахь а гIалаташ эгаро ян новкъарло яц цуьнан оьздангаллина а, дикаллина а, бакъонехьа хиларна а. Нагахь имамера хIокху бехкамаца ца догIуш цхьадолу къинош довлахь, уьш девллера аьлла, цунна дуьхьал вала мегаш дац: АллахIана муьтIахь хилар декъах долучу гIуллакхашкахь цунна муьтIахь хир ву, цуьнгара ледарлонаш хаалуш долучу гIуллакхийн хьокъехь доггах хьехар дийр ду цунна.
6. ОхIла хилар
«Шена тIе диллиначу даржан охIла хила веза имам» бохучуьнан чулацам: цхьаъ делахь, пачхьалкхан гIуллакхаш лелорехь а, пачхьалкхан урхалла дарехь а оьшуш долу шуьйра хьекъал а, боккха кхетам а болуш хила веза иза; шиъ делахь, эскарш кечдан а, тIамна гIуллакхаш вовшахдетта а, махкана тIекхозабелла кхерамаш юхатоха а, тIегIоьртиначу зенах шахьарш хьалхаяха майралла а, доьналла а, хьуьнар а, хадамалла а долуш хила веза иза; кхоъ делахь, ШарIо барам хадийна долу таIзарш (хьудудаш) кхочуш далуш хила веза иза; диъ делахь, политически зеделларг долуш хила веза иза; пхиъ делахь, хаддаза сема а, син иралла а, ларвала веза агIонаш а хууш а хила веза иза, и.дI.кх.а.
Ибн Халдуна аьлла:
««ОхIла хила веза» бохург – хьудудаш кхочушдан доьналле а, тIамна чухьада майраллех дуьззина дог долуш а, тIом хIун ю хууш а, цунна нах гIиттон юкъара хила хьакъ волуш а хила веза бохург ду. Тайпа-тукхамийн дог-ойла евзаш хила веза иза. ТIехIитта тарлучу баланийн а, вонийн а тайп-тайпана хьелаш девзаш хила а веза иза. Политикин гIайгIанаш лан са чIогIа долуш хила а веза иза. Оцу дерриге дагарадиначуьнан гIоьнца шена тIедиллина долу динан декхарш лардар, мостагIчунна дуьхьал ЖихIад латтор, ахькамаш лелон дахар, хаддаза халкъан маслаIаташ леха аьтто болуш хилийтаран дуьхьа» (24).
7. Iилма долуш хилар
Имам ШарIан омранаш а, хьукманаш а махкарчу дахарехь лелон даха а, дахар цаьрца догIуш нисдина дIахIоттон а, халкъ царна тIехьегIа а юкъара ву. Цундела оцу дийциначо имамана тIедожадо – ШарIан омранаш а, хьукманаш а девзаш хилар.
Имамехь хила беза Iилманан барам «ижтихIад» тIегIанга кхаьчна хила беза-те я гIеххьа Iилма долуш хилчахьана кхачаме ду-те? Оцу тIехь хетарш а, ойланаш а цхьаьна ца яьхкина Iилманчашна юккъехь. Имам – Iилмангахь «ижтихIад» даржехь хилар ца хилча йиш а йоцуш бехкам лерина Мавардис а (25), ибн Халдуна а.
Оцу хьокъехь ибн Халдуна аьлла:
«МужтахIид бараме кхочуш Iилма ца хилча янне а йиш яц, хIунда аьлча имам кхечунна тIаьхьаваза везар - эшаме лоруш ду, ткъа имамалла – кхачаме, исбаьхьа хила деза» (26).
Имаман Iилманан барам «ижтихIад» дарже кхаьчна хилар бехкам цабагарбинарш а бу. Царех цхьаъ ШахIрастани ву, цо аьлла:
«Цхьаболучу Суннатана тIаьхьабазархоша имам «мужтахIид» цахиларах а магадо, ижтихIадан ерриге агIонаш йовзар бехкаме ца до. Амма цуьнца цхьаьна «ижтихIадан» охIла берш хила-м беза, ахькамашкахь цунна царех дагавала а, хьарам-хьаналах дерг цаьрга хатта а» (27).
Кхин цхьа хIума а ду, имамехь «ижтихIан» дарж бехкаме дан хала хир дацара ширачу заманашкахь хиллачу бусалба нехан пачхьалкхехь. Ва амма хIокху заманахь долучух аьлча, шегахь иштта болу бехкам болуш имам карон атта хир дац, хIунда аьлча хIокху заманахь мужтахIидаш чIогIа кIеззиг бу. Цундела хIокху заманан дуккхаъчу Iилманчаша имаман Iилманан барам «ижтихIад» тIегIанехь хилар бехкам багар бац: урхаллаш совца ца совцийта а, урхалла доцучу заманахь эгаш болу бохамаш сов ца бовлийта а, ШарIан низам а, Исламан омранаш а, фикъхIан хьукманаш а дахарехь дехачара ца совцийта а. Ткъа имам декхарийлахь ву шеначул а диках хуучуьнгара гIо леха а, хоттуш хила а, дагаволуш хила а.
8. Хаадаларан меженаш а, къинхьегаман меженеш а могаш хилар
«Хаадаларан меженаш а, иштта къинхьегаман меженаш а могаш хила еза» бохучу бехкаман хьокъехь аларш тайп-тайпана нисделла Iилманан дайн. Меженаш могаш хилар бехкам биначарех бу Маварди а (28), ибн Халдун а.
Ибн Халдуна боху:
«Хаадаларан меженаш а, иштта къинхьегаман меженаш а эшамаш боцуш, могаш хила езаран хьокъехь дерг аьлча - талхарах а, бIаьрзаллех а, къораллех а, мотт ца хаарах а, иштта уьш ца хилахь хьакъ долучу кепара болх дIабахьарехь Iаткъам бен йолу меженаш а (ши куьг а, ши ког а санна йолу) - и ерриге а меженаш могаш хилар бехкам лоруш бу, хIунда аьлча оцу сакхташа буьззина болх бан а, шена тIедиллина дукъ кхоччуш дIадахьан а новкъарло еш Iаткъам бон дела» (29).
Ерриге меженаш таза, могуш хилар бехкам цалоручарех кхин цхьаъ ву ибн Хьазм. Оцу хьокъехь цо аьлла:
«Имамехь тIехула сакхт хиларах хIуммаъ дац – бIаьрзалла а, къоралла а, мара баьккхина хилар а, йолу цамгар а, тIебаьлла букъ а, ши куьг дацар а, ши ког бацар а, цуьнан бIе шо делахь а, - хьекъалчохь иза хилчахьана. Ткъа шайгахь оцу кепара сакхташ дерш – имамаллин дарже хIиттон мегаш бу» (30).
Делахь а, цхьа а сакхт доцуш хила веза боху бехкам хIоттор нийса дац, иштта, ибн Хьазма ма-аллара, бехкам хила ца беза бохург а дац нийса. Ткъа хIара хаттар даржжийна дийца а, юкъ лоцуш дийца а дезаш ду. Цундела Iеламнаха хаадаларан меженашкахь а, дегIан меженашкахь а хуьлу сакхташ масех декъе декъна: имам хIоттийначунна шен декхарш кхочушдарехь новкарло ен йоцуш дерш а ду, новкъарло ен дерш а ду. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хулда цунна), ибн Умм Мактум, иза бIаьрзе стаг воллушехь, ша гIазоташка ваха Меднара араволучу хенахь цигахь куьйгаллехь витина масийттаза а.
9. Къурайшин тайпанах хилар
Яханчу заманашкахь а, карарчу заманахь а имам къурайшин тайпанах хила везаран бехкамна тIехь бусалба динан Iилманчийн ойланаш цхьаьна ца яьхкина. Царех цхьаболучарна имам къурайшин тайпанах хилар важиб долуш го, ткъа вукхара - имам къурайшин тайпанах хилар бехкам ца багарбо, ца хилча а магадо цара.
Къурайшин тайпанах хилар бехкам лериначарех бу ибн Хьазм а (3I), имам Маварди а (32), Абу ЯIла ал-Фираъ а (33).
Ибн Халдуна аьлла:
«Къурайшин тайпанах хила веза, хIунда аьлча (Абу Бакар хаьржиначу) «Сакъифат» дийнахь оцу тIехь цхьа барт тайна асхьабийн. Къурайшех хила веза аьлла тоьшалла далийна къурайшаша ансарашна уьш СаIд бин Iубадатана байIат дан ойла хиллачу хенахь…» (34).
Къурайшех хила везарна тIехь ойла сецначара тоьшаллина масех делил даладо, царех цхьаъ ду Бухарин «Сахьихь» жайнахь долу ибн Iумара дийцина хьадис:
«ХIара гIуллакх къурайшашкахь лаьттар ду, царех виссина шиъ мел ву».
Къурайшех воцург имам хIоттор магийначарех бу Абу Бакр ал-Бакъиланий а, хаварижаш а. Уьш тIетевжа Бухарин «Сахьихь» жайнахь далийначу хьадисана.
Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Шайн урхалчашка) ладугIуш а, (царна) муьтIахь а хила - шайна тIе, шен корта кишмийн буьртигех тера а болуш, эфиопийн лай хIоттавахь а» (35).
Ткъа оцу хьадисехь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муьтIахь хила аьлла хьахийна волу лай къурайшех вац.
Юха а ибн Халдуна боху: цара далийна долу и делил меттара дац, хIунда аьлча и хьадис куьйгалхочуьнга ладогIар чIагIдеш а, цунна муьтIахь хилар коьрта хилар а, муьтIахь хилар доцуш йиш йоцуш хилар а гойтуш ду, амма къурайшех воцург хIоттор магош дац.
Оцу дийциначух вайна билгалдолу: къурайшин тайпанах верг имам хилар бехкам леринчара аьлларг бакъахьара хилар, хIунда аьлча цунна тоьшалла деш дуккха а бакъ («сахьихь») хадисаш ду. Цул а сов элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхелхиначул тIаьхьа берриге асхьабийн цхьабарт («ижмаI») хилла оцу тIехь, цуьнах дерг ибн Халдуна билгал ма даккхара.
Ва амма, къурайшех воцу имам умматан коьрте веанехь, цунна муьтIахь хилар АллахIана Iеса хилар декъах доцучу массо а гIуллакхашкахь тIедужу массо а бусалба нахана. Къурайшех вацара аьлла, имамана муьтIахь хиларан декхарах кIелхьарбовлац бусалбанаш, иштта цунна дуьхьал бовлар а ду царна дихкина.
10. Заманара уггаре а гIолехь верг хилар
Имам хоржуш йолучу заманахь болучарех уггаре а гIолехь верг хилар агIо лаьцна Абу ЯIла ал-Фарраа. Цо аьлла:
«Царна юккъера Iилмангахь а, динехь а уггаре а гIолехь верг хила веза» (36).
Иштта болу бехкам имаман бехкамех ца лерина ибн Хьазма. Цо аьлла умматан коьрте хIоттош верг уггаре а гIолехь верг ца хилча а дац хIуммаъ, хIунда аьлча элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьацца шахьарийн урхаллашка асхьабаш хIитточу хенахь, хIотточарел а тоьлларш боллушехь, уьш а буьтуш, царел а мел белахь а лахарачу тIегIанехь берш хIиттийна меттигаш ю (37).
11. Урхалча ваха лууш верг цахилар
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ШарIо лоьхучу маслаIатаца догIуш доцучу дарже гIертар бехк лоруш хилла, цуьнах иза вухатохарца а, цига кхачар цунна дехкарца а таIзаре озош хилла. Оцу бехкаман тоьшаллаш дуккха а ду, царех цхьаъ хIара ду:
Абу СаIийд Iабдуррохьман бин Самурата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIай, Iабдуррохьман бин Самурат, Iедале кхача ма гIерталахь. ХIунда боху хьуна аьлча, ахьа дехна а доцуш, хьоьга и лахь, - оцу тIехь (АллахIера) гIо хир ду хьуна (38). Ва амма, нагахь ахьа деха а дехна, и хьоьга лахь - хьоьх тешна дуьтур ду хьуна иза (39). Нагахь ахьа муьлхха а цхьана хIумангахь чIагIо яхь, ткъа цул тIаьхьа хьуна (айхьа чIагIо йиначул а) диках дерг гахь - хьайн чIагIонна тIера мах (каппарат) а такхе, диках дерг де» (Бухари: 7146, Муслим: 1652).
Абу Муса ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: (Цкъа) сайн шина шичица цхьаьна пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу ваханера со. Цаьршиннах цхьамма элира: «ХIай, АллахIан элча, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа хьайн куьйга кIел диначу Iедалах цхьана декъа тIе урхалча хIоттавехьа со». Вукхо а элира цуьнах террра цхьа хIума. (Цаьршинга ла а доьгIна, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «АллахIах дуй буу аса: боккъалаъ, оха хIара гIуллакх тIедиллац и доьхуш волучунна а, (и дезаш) цуьнга кхача гIерташ волучунна а» (40).
Цундела Суфйан ас-Соврис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«Хьайна дарже гIерташ стаг гича – юьстаха татта ахьа иза» (41).
Амма нагахь стага ша хьалхатеттар ШарIо къобал дечу муьлхха а цхьана бахьанина делахь… Масала, цхьа стаг ву урхалча хIоттон охIла волуш а, дарже хIоттон а, бусалба нехан юкъара гIуллакх шега кховдон хьакъ волуш а. Дагахь а доцуш, лапъаьлла, куьйгалхо кхелха, ткъа иза воцург кхин цига хIотта хьакъ верг вац. Цунна гуш ду: ша юхагIертахь, питана дериг хилар а, бохам бериг хилар а, бусалбашна зен-зуламаш эгарна кхерам болучийн кара Iедал дахаран кхерам хилар а. ТIаккха цуьнан бакъо ю оцу дарже кхача гIорта а, и меттиг дIалаца а. Амма цуьнан негат ШарIо лоьху диканиг даржор хила деза, дарже кхачар хила ца деза.
Шаьш урхалчаш бар дехна АллахIа халкъалахь хаьржиначу цхьаболучу пайхамарша а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна а, вайн пайхамарна Мухьаммадна а) - шаьш санна оцу урхалле хIиттон хьакъ берш ца гича, тешаме доцучу кара иза кхачахь, цуьнан кхераме а, бохаме а, зене а хин йолучу тIаьхьенашка а хьаьвсина.
Ткъа хIара Юсуп пайхамар ву (АллахIа маршо йолда цунна), паччахье бохуш:
«Лаьттан хазнашна (Iалашдойлашна) тIе урхалла дан хIоттавехьа со, хIунда аьлча со говза Iалашдархо ву» (42).
Ткъа хIара Сулейман пайхамар ву (АллахIа маршо йолда цунна), АллахIе Iедал доьхуш:
«Сан Дела! Суна гечдехьа, Iедал а лохьа суна, соьл тIаьхьа цхьанненна а (ишттаниг) хир а доцуш» (43).
________________
(1) «ан-Нисаъ»: 141.
(2) «ал-МаидахI»: 51.
(3) «ан-Нисаъ»: 144.
(4) «ан-Нисаъ»: 59.
(5) «КъаваIид низам ал-Хьукми фил-Ислами»: 296 агIо.
(6) «ат-Товбат»: 29.
(7) «ат-Товбат»: 36.
(8) «ал-МаидахI»: 51.
(9) «Ахькам ахIл аз-ЗиммахI»: 1/210. «Iуйун ал-Ахбар либни Къутайбата»: 1/43.
(10) БайхIакъис далийна, Албанис «сахьихь» лерина, хьажа: «Ирваъ ал-ГIалил» жайна, 8/256 агIо.
(11) Шархь ан-Навави Iала сахьихь Муслим: 12/229.
(12) «Сахьихь» хьадис ду: Ахьмад, Абу Дауд, ан-Нисаи, ибн Мажа, ал-Хьаким.
(13) ад-дуктур Мухьаммад Iабдул Къадир Абу Фарис, «ан-Низам ас-Сийасиййу фил-Ислам» жайна: 182 агIо.
(14) «Ахькам ал-КъурIани либн ал-Iарабий»: 1/318.
(15) ад-дуктур Мухьаммад Iабдул Къадир Абу Фарис, «ан-Низам ас-Сийасиййу фил-Ислам» жайна: 182 агIо.
(16) ибн Хьажар, «Фатхзьул Барий» жайна: 13/122.
(17) «Адваул байан» жайна: 1/128.
(18) аш-ШанкъитIый, «Адваул байан» жайна: 1/128. ад-Димижий, «ал-Имаматул Iузма Iинда охIлус суннати вал жамаIати» жайна: 242 агIо.
(19) «Китаб ал-МагIазий», 4425 хьадис.
(20) «Фатхьул-барий» жайна: 8/I28.
(21) «ан-Нисаъ»: 34.
(22) «Тайсийр ал-Карийм ар-Рохьман фи тафсири каламил-Маннан»: 2/60.
(23) ал-Журжаний, «ат-ТаIрийфат» жайна: 147 агIо.
(24) «ал-Мукъаддамат»: 132 агIо.
(25) «ал-Ахькам ас-СултIаниййахI»: 6 агIо.
(26) «ал-Мукъаддамат»: 132 агIо.
(27) «ал-Милалу ваннихалу»: 160 агIо.
(28) «ал-Ахькам ас-СултIаниййахI»: 6 агIо.
(29) «ал-Мукъаддамат»: 132 агIо.
(30) «ал-Фаслу фи ал-Милали ванн нихьали»: 127 агIо.
(31) «ал-Фаслу фи ал-Милали ванн нихьали»: 128 агIо.
(32) «ал-Ахькам ас-СултIаниййахI»: 6 агIо.
(33) «ал-Ахькам ас-СултIаниййахI»: 20 агIо.
(34) «ал-Мукъаддамат»: 133.
(35) Бухари: 7142.
(36) «ал-Ахькам ас-СултIаниййахI»: 20-агIо.
(37) «ал-Фаслу фи ал-Милали ванн нихьали»: 128 агIо.
(38) Вуьшта аьлча: «АллахIа нийса некъ гойтур бу хьуна».
(39) Вуьшта аьлча: «Айхьа-хьайна гIо доцуш, тесна вуьтур ву хьо. АллахIан гIох ваьлларг – хIаллакъхир ву».
(40) Бухари: 7149, Муслим: 1733.
(41) «Шархь ас-СуннахI лил-БагIави»: 10/51.
(42) «Йусуф»: 55.
(43) «Сод»: 35.
Турпалан кIант Фарукъ

