• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Хазачу амалшка (гIиллакхашка) кхайкхам бен дакъа

Опубликовано: 27 октября 2010

1433. МуIавийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа Шена дика лиъначунна - дин довзар ло» (ал-Бухари, Муслим).

 

1434. Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьа а хIума дац къематдийнахь муъма стеган терзанахь хазачу гIиллакхел а дезаха хир долуш. Боккъалаъ, АллахIна кIоршаме (нах) а, эхь доцу нах а ца беза» (хIара хьадис Абу Дауда а, ат-Тирмизис а дийцина, тIаьхьарачо бакъ (сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).

 

1435. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эхь хетар – иманах ду» (ал-Бухари, Муслим).

 

1436. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, хьалха (хиллачу) пайхамарийн къамелехь нахана дIахиъначух ду (кхиндIа дерг): нагахь хьайна эхь ца хетахь – хьайна луъург де» (ал-Бухари).

 

1437. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нуьцкъала муъма стаг АллахIна гергахь гIолехь а, дукха везаш а ву гIийлачу муъма стагал а. Делахь а, цаьршиннах хIорангахь а ду цхьацца дика хIума. Хьайна пайдехьа дера долучуьнгахь - къар ца луш хила, АллахIера гIо а деха, хIуъа хилча а осал а ма вала. Нагахь хьайна хIуъа цхьаъ хилахь - ахьа ма ала: «Дависарг, аса иштта дина хиллехьара, изаъ, хIараъ хилла хир ма дара!» - хIунда аьлча, боккъалаъ, оцу «хиллехьара» бохучо шайтIанан хIуьмалгашна аьтто схьабоьллу» (Муслим).

 

1438. Iийад ибн Хьимара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа соьга биначу хаамехь шуьга дина омра ду - эсала (эвхье) хила аьлла: цхьана а стаге кхечунна гIело ца яйта а, вовшашна деза ца дайта а» (Муслим).

 

1439. Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага уллохь а воцучу шен вешин сий лардахь - АллахIа къематдийнахь цуьнан юьхь (жоьжагIатин) цIарах ларйийр ю» (ХIара хьадис ат-Тирмизис дийцина, дика (хьасан) даржехь а лерина цо хIара. Цуьнах тера хьадис иштта Ахьмада а дийцина, Йазидан йоIа Асмаа (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла).

 

1440. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СагIа даларах хьал-бахам жимлуш бац. Нагахь стаг (нахана) гечдан хууш велахь - АллахIа цуьнан сий алсамдоккху. Нагахь стаг АллахIна хьалха аьшне (мадаре) хилахь - Сийлахь-Везачу АллахIа вазво иза» (Муслим).

 

1441. IабдуллахI ибн Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай нах! Вовшашка саламаш ло (я: салам далар даржаде), гергаралонийн уьйраш хитта, гонаха болучарна хIума яа е, бус-буса ламазаш де нах бийшина болучу хенахь - ялсамане гIур ду шу маршонца» (хIара хьадис ат-Тирмизис дийцина, бакъ (сахьихь) ду а аьлла цо хIара).

 

1442. Тамим ад-Дарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Дин - догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо жоп делира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, (иштта) массо бусалба нехан хьокъехь а»» (Муслим).

 

1443. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Делах кхерар а, хаза гIиллакхаш а ду доллучул а дукхаха ялсамане кхача гIодеш йолу коьрта дикаллаш» (хIара хьадис ат-Тирмизис дийцина, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).

 

1444. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Берриге нахана дика далур дац шуьга шайн бахамах. Делахь а, нахана дика де аша шайн даггара екхаеллачу яххьашца а, шайн хазачу амалшца а» (хIара хьадис Абу ЯIлас дийцина, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).

 

1445. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна, дийцина), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муъма стаг - шен муъма вешин куьзга ду» (хIара хьадис Абу Дауда дийцина, зIе (иснад) дика (хьасан) а йолуш).

 

1446. Ибн Iамара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахаца тIекере а волуш, цара дечу халахетрашна собаре а волуш волу муъма стаг тоьлуш ву - нахаца тIекере а воцуш, цара дечу халахетаршна собаре а воцуш волучу муъма стагал а» (ХIара хьадис ибн Мажас дийцина, зIе (иснад) дика (хьасан) а йолуш. Цуьнах тераниг ат-Тирмизис а дийцина, делахь а, цо асхьабан цIе ца хьахийна).

 

1447. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я АллахI! Айхьа сан сибат исбаьхьа даре терра - сан гIиллакхаш а де Ахьа иштта хаза» («АллохIумма кама хьассанта халкъи фа хьассин хулукъи») (хIара хьадис Ахьмада дийцина, ткъа ибн Хиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft