1395. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Харцонах (зуламах)
кхера, хIунда аьлча, боккъалаъ, харцо - къематдийнахь (буькъа) бода хилла
дIахIуттур ю. БIаьрмецигаллех а кхера, хIунда аьлча, боккъалаъ, бIаьрмецигалло
хIаллакбина шул хьалха хилларш: цо уьш тIехьехна (вовшийн) цIийш Iенорна а,
шайна хьарам динарг магорна а» (Муслим).
1396. Махьмуд ибн Лабида (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «Шуьгара даларна доллучул а чIогIа
со кхоьруш волу уггаре кхерамениг - жима ширк ду». (И хIун ду аьлла шега хаьттича, жоп
делира цо): «МоттаргIа ю»» (хIара хьадис Ахьмада далийна, дийциначеран зIе (иснад)
дика (хьасан) а йолуш).
1397. Абу
ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мунепакъан кхо билгало ю: ша цхьаъ
дуьйцучу хенахь – аьшпаш бутту цо; ша цхьа ваIда йича – (ша
йина) шен ваIда кхочуш ца йо цо, шех тешча – тешнабехк бо цо» (Бухари, Муслим).
1398. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъ волу мунепакъ - шегахь тIаьхьара йиъ
билгало йолуш верг ву, ткъа шегахь царех цхьаъ йолуш верг мунепикъан цхьа
билгало йолуш хир ву, цуьнах иза дIацIанваллалц: ша цхьаьнца барт бича –
тешнабехк бо цо; ша цхьаъ дуьйцучу хенахь – аьшпаш бутту цо; ша цхьа ваIда йича – (ша йина) шен ваIда кхочуш ца йо цо; ша къовса воьлча –
гIиллакхах вуху иза» (Бухари, Муслим).
1399. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалбанан юьхьъягор - лартIехь цахилар
(бакъонна тIера валар) ду, ткъа цуьнца тIом бар-м - керстаналла ду»
(Бухари, Муслим).
1400. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Нехан хьокъехь кхоллалучу) шеконах ларло, хIунда аьлча шеко - уггаре харц хабар ду» (ал-Бухари, Муслим).
1401. МаIкъил ибн Йасара (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа ялсаманина чу витар хьарам дина
дихкина ду – нагахь АллахIа Ша кхинболучу Шен лайшна тIехь урхалла лелон
хIоттийна волу лай, уьш Iеха а бина, лечу дийнахь уьш лебина а волуш, лахь»
(Бухари, Муслим).
1402. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я
АллахI! Айхьа сан умматера бусалба нахана тIе муьлхха а цхьа урхалла дар шен
караделча - царна даздиначуьнца луьра хила Хьо (я: хало е Ахьа цунна)»
(Муслим).
1403. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш
летачу хенахь - юьхьана тIе ма тохалаш» (Бухари, Муслим).
1404. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага дийхира пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Хьехар лохьа суна». Цо элира: «ОьгIаз ма эха!». Цул тIаьхьа а вукхо мосуьйттазза дира (шен
дехар), амма пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIоразза а олура: «ОьгIаз ма эха!»»
(Ал-Бухари).
1405. Абу Хавла ал-Ансарис (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, бакъо йоцуш, харцонца АллахIан
хьал-бахам шайн куьйга кIел берзош, (шайна ма лаъара и лелош) нах бу - ва амма,
къематдийнахь жоьжагIатин цIе хир ю царна» (ал-Бухари).
1406. Абу Зарр ал-ГIаффарис (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира,
доллучунна ницкъ кхочучу, Сийлахь-Воккха волучу шен Дала элира аьлла: «ХIай, Сан лайш! Аса Сайна а дихкина
(хьарам дина) зулам дар, шуна а (хьарам дина) дихкина Аса и. Цундела вовшашна
зуламаш ма дойла аша!» (Муслим).
1407. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «ГIийбат хIун ду хаьий шуна?». Наха жоп
делла: «(Оцу хьокъехь дерг) АллахIна а,
Цуьнан элчанна а дикаха хаьа». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна)) аьлла: «(Иза) ахьа хьайн
(динан) ваша хьехавар ду-кха - (ша хьехор) цунна дезалун доцучу куьцара».
(Цуьнга) хаьттира: «Алахь, нагахь аса
дуьйцург сан вешехь долуш делахь?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Нагахь
ахьа дуьйцург цуьнгахь делахь-м - ахьа цунна динарг гIийбат ду, нагахь и (ахьа
ма вуьйццу) вацахь–м – хIета, ахьа цунна динарг бухIтан ду» (Муслим).
1408. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «Вовшашца хьаьгIнаш ма леца. Мах барехь вовшийн ле ма де
(я: мехаш хьала ма даха). Вовшашна оьгIазъэхар дита. Вовшашна баккъаш ма детта.
Вовшийн мах ма бохабе (юкъа а эккхий, хIума ма эца). Вежарий а хилий дIахIитта,
хIай, АллахIан лайш! Бусалба стаг - бусалба стеган ваша ву: цо (бусалба нахах
цхьаммо) вукхунна (бусалба стагана) гIело ян йиш яц, цуьнах ца ваша йиш яц иза,
иза гIо доцуш вита йиш яц цо. Ткъа Делах кхерар кхузахь ду» – пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) кхузза (шен куьйга) шен накха гайтира. (Цул тIаьхьа элира цо): «Стаг вон хила (кхин хIумма а ца оьшуш)
тоам болуш ду - иза шен бусалба вешех цавашар. ХIора бусалба стагана бехке
(хьарам хила дезаш ду) кхинволучу бусалба стеган дахар а, бахам а, сий а»
(Муслим).
1409. КъутIба ибн Малика (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста олура аьлла: «Я АллахI! Iовдалчу амалех (гIиллакхех) а, вочу гIуллакхех а, сийсазчу
лаамех а, цамгарех а ларве Ахьа со» («АллохIумма жаннибни мункара́тиль
ахла́къи вал аIма́ли вал ахIва́и вал адва́и») (хIара хьадис ат-Тирмизис
далийна, ткъа Хьакима бакъ (сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).
1410. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къийса ма ло хьайн вешица, вела а ма вела
цуьнах, айхьа кхочуш ен йоцу ваIда а ма е цунна» (хIара хьадис ат-Тирмизис
дийцина, дийцархойн гIийла зIе (даIиф иснад) а йолуш).
1411. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ши
амал ю - муъма стагехь цхьана хеннахь хила йиш йоцуш: бIаьрмецигалла а, вон
гIиллакхаш (я боьха амалш) а» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна, дийцархойн
гIийла зIе (даIиф иснад) а йолуш).
1412. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «Наха вовшашка сийдоцурш
дуьйцучу хенахь - олуш долучунна бехкениг хьалха дIаволавелларг ву, нагахь васхилларг
(халахетийтинарг) сов ца ваьлчахьана» (Муслим).
1413. Абу СырмаIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «АллахIа зен дийр ду -
бусалбанна зен диначунна. АллахIа мостагIалла лелон долор ду - бусалбанца
мостагIалла лелош волучуьнца» (хIара хьадис Абу
Дауда а, ат-Тирмизис а далийна, тIаьхьарачо зIе дика (иснад хьасан) йолуш
хьадис ду а аьлла хIара).
1414. Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIна кIоршаме (нах) а, эхь доцу нах а ца беза» (хIара хьадис Абу Дауда а, ат-Тирмизис а дийцина, тIаьхьарачо бакъ
(сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).
1415. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муъма стаг багалееш хила ца веза, я нахана
неIалт кхийкхош хила а ца веза, я кIоршаме хила а ца веза, я эхь доцуш
хила а ца веза» (ХIара хьадис
ат-Тирмизис далийна, дика (хьасан) даржехь ду а аьлла цо хIара. Ткъа ал-Хьакима
бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара. Делахь а, ад-Даракъутнис и дешнаш ибн МасIудан
(АллахI реза хуьлда цунна) шен дешнаш ду аьлла).
1416. Iайшата (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Беллачарна ма лоьйла шу, хIунда аьлча шаьш хьалха (дуьненахь болуш мел) диначунна тIебахана уьш» (ал-Бухари).
1417. Хьузайфа (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эладитанча ялсамане гIур вац»
(ал-Бухари, Муслим).
1418. Анаса (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен оьгIазло сацийнарг (хьулйинарг) -
АллахIа Шен Iазапах кIелхьара воккхур ву» (ХIара хьадис ат-ТIабаранис
далийна «ал-АвсатI» цIе йолучу жайнахь. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна)
элира аьлла, ибн Абу ад-Дунйас далийна долучу цуьнах терачу хьадисаца чIагIло
иза).
1419. Абу Бакр ас-Сиддикъа (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялсамане гIур вац мекара харцлуьйриг,
сутара пис, вон эла а» (дийциначеран зIе гIийла (даIиф иснад) а йолуш,
тайп-тайпанарачу шина хьадисехь далийна хIара хьадис ат-Тирмизис).
1420. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг ша дийриг ца дезаш болучу
нехан къамелашка ладоьгIуш велахь - къематдийнахь цуьнан лергашна чу лалийна
даш дуттур ду» (ал-Бухари).
1421. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Декъала да ву-кха - кхечу нехан сакхташ
лоьхучул а, шен кхачамбацарийн ойла еш, гIайгIано дIалаьцна верг»
(ал-Баззара далийна хIара хьадис, дика зIе (иснад хьасан) а йолуш).
1422. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда
цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен бIаьргашлахь ша-ша дукха вазвийриг
(хесториг), деза деттачу хотIаца болар дийриг - АллахIна дуьхьал кхетар ву, И
шена оьгIазвахана а волуш» (хIара хьадис ал-Хьакима далийна, хIара
дийцинарш теша хьакъ бу).
1423. СахIл ибн СаIда (АллахI реза хуьлда
цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сихалла – шайтIанан кхоллам бу» (хIара хьадис
ат-Тирмизис далийна, дика (хьасан) хьадис ду а аьлла цо хIара).
1424. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Волла
(пессимизм) – вон гIиллакх ду» (хIара хьадис, дийциначеран зIе гIийла
(даIиф иснад) а йолуш, Ахьмада далийна).
1426. Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кест-кеста неIалт олуш берш - къематдийнахь я шапаIатхой
(гIодаккхархой) а, я тешаш а хир бац» (Муслим).
1427. МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цо латийна долу къа бахьанехь, шен вешин
юьхь ягийна (тIехтоьхна, эхь хетийтина) верг - ша лийр ма вац иза, цо ша и
(къа) латадаллалц» (ХIара хьадис ат-Тирмизис далийна, цо дика (хьасан)
хьадис ду а аьлла хIара. Делахь а, цуьнан зIенехь (иснадехь) цхьа чIуг йоцуш
ю).
1428. БахIз ибн Хьакима шен дегара,
дендегара (АллахI реза хуьлда царна) ду аьлла дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дакъазалла ю-кха (бала бу-кха) - нах
белоран дуьхьа харцлуьйчунна! Дакъазалла ю-кха цунна! Дакъазалла ю-кха цунна!»
(ХIара хьадис Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис далийна, кхуьнан зIе (иснад)
чIогIа ю).
1429. Анаса (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIийбатан капарат (я: гIийбатан къинах
дIацIанвалар) - ахьа айхьа гIийбат дина волучу стагана гечдар доьхуш, доIа дар
ду» (хIара хьадис ал-Хьарис ибн Абу Iусама дийцина, дийциначеран зIе гIийла
(иснад даIиф) а йолуш).
1430. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна,
дийцина) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIна
уггаре а ца беза нах - (юхабовла ца кхеташ) луьра къийсалурш бу» (Муслим).

