1383. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сан белшаш а лаьцна, элира аьлла: «ХIокху дуьненахь хьо нехамахкахо я зихIартхо волуш санна хила»».
Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Сарахь - Iуьйрене ма хьежа, ткъа Iуьйранна - суьйрене ма хьежа. Хьайн жималлех пайда эца ахьа – сиркхо юкъайолале, хьайн дахарах а - Iожалла юкъайолале» (ал-Бухари).
1384. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Муьлхха а цхьана нахах (къомах) дIатарлуш верг - ша а ву царех цхьаъ» (хIара хьадис Абу Дауда далийна, ткъа Ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).
1385. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «(Цкъа) цхьана дийнахь пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (говрахь) тIехьа тIехиъна вара со. Цо элира соьга: «ХIай, кIант! Аса цхьа дешнаш Iамор ду хьуна. АллахI дагахь латтаве хьайна - Цо Iалашвийр ву хьо. АллахI дагахь латтаве хьайна - И хьайна хьалххахь карор ву хьуна. Нагахь хьайна цхьа хьашто кхочушъяр деха лаахь - АллахIе деха ахьа. Нагахь хьайна гIо доьхуш кхайкха лаахь – АллахIе кхайкха хьо. Хаалахь, нагахь берриге нах цхьаьнакхетахь, хьуна цхьа дика дан, - цара хьайна АллахIа хила яздиначул сов баькккхина пайда бийриг цахилар. Иштта хаалахь, нагахь берриге нах цхьаьнакхетахь, хьуна цхьа зен дан, - цаьрга хьайна АллахIа яздиначул сов даьккхина зен далург цахилар. Пелаг хьалаайдина даьлла, ткъа агIонаш якъаелла а евлла» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна, цо дика-бакъ (хьасан-сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).
1386. СахIл ибн СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Цкъа цхьана стага, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! ХIу дан деза аса - со АллахIна везийта а, нахана везийта а?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIокху дуьненан диканаш дIататта - АллахIна везар ву хьо. Нахехь долучуьнга саматийса - нахана а дукха везар ву хьо»» (ибн Маджас а, кхинболучу динан Iилманчаша а далийна хIара хьадис, дика зIе (иснад хьасан) а йолуш).
1387. СаIд ибн Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, АллахIна дукха веза - хьал а долуш, Шех кхоьруш а волуш, бIаьрла воцу лай (я: шена терго яр ца лоьху лай)» (Муслим).
1388. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам-дин хьакъ долучу кепара лелош ду - нагахь иза шен доцучу гIуллакхашна юкъагIерташ вацахь» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна, дика (хьасан) хьадис ду а аьлла цо хIара).
1389. ал-Микъдад ибн МаIдикариба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адамо цкъа а шен гайл вон пхьегIа юьзна ма яц!» (ХIара хьадис ат-Тирмизис далийна, дика (хьасан) хьадис ду а аьлла цо хIара).
1390. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «А́даман тIаьхьенах хIора (адам) къинош деш ду, ткъа къинош дечарех уггаре дикаха верг - кест-кеста тоба дийриг ву» (хIара хьадис ат-Тирмизис а, ибн Мажас а далийна, зIе (иснад) чIогIа а йолуш).
1391. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къамел цадар – хьекъал (хьикмат) хилар ду. Ва амма, къамел ца деш Iан хуург - чIогIа кIезиг ву» (ХIара хьадис ал-БайхIакъис «аш-ШуIаб» жайнахь далийна, гIийла зIе (даIиф иснад) а йолуш. Оцу уллехь цо аьлла, цхьана асхьаба дийцина хIара дешнаш хьекъалечу (хьикматечу) Лукъманан ду аьлла).

