• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Дикалла а, гергарачаьрца дика юкъаметтиг лелор а дуьйцу дакъа

Опубликовано: 01 ноября 2010

1368. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахI реза ву - нагахь да а, нана а реза делахь, ткъа АллахI оьгIазвоьду - нагахь да а, нана а оьгIаздаханехь» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна, ткъа Ибн Хьиббана а, ал-Хьакима а бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).

1369. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса дуй буу сайн са Шен керахь долучух! Делан лай иман диллина хир ма вац - шена дезарг (луург) шен лулахочунна а деззалц (лаъалц)» (ал-Бухари, Муслим).

1370. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: ««ХIай, АллахIан элча! Муьлха къа ду уггаре а доккха?». Цо жоп делира: «Ахьа АллахIца накъостий нисбар ду, хьо кхоьллинарг Ша цхьаъ волучу!». Цо хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Хьайн бер дер ду - цо хьайца шун декъарна кхоьруш (я: цо хьайца юуург яарна кхоьруш)». Цо хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Шен лулахочуьнан зудчуьнца зина дар ду»» (ал-Бухари, Муслим).

1371. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, стага шен дена а, нанна а неIалт алар - уггаре даккхийрачу къинойх къа ду!». (Наха) хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Ва муха эра ду стага шен дена а, нанна а неIалт?». Цо жоп делира: «ХIаъ, иза кхечу стеган дена сийдоцурш дийца волало - тIаккха важа а волало цуьнан дена сийдоцурш дийца. Иштта иза кхечу стеган нанна сийдоцурш дийца волало - тIаккха важа а волало цуьнан нанна сийдоцурш дийца!» (ал-Бухари, Муслим).

1372. Абу Аййуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба стагана магош дац шен (бусалба) вешех кхаа буьйсанал сов къехка: вовшахкхетча - шиннах хIорамма а вовшашна букъбетташ. Ткъа царех дикаха верг – салам хьалха дIалуш верг ву» (ал-Бухари, Муслим).

1373. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а дика гIуллакх (дар) - сагIа ду» (ал-Бухари).

1374. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIуъа хилча а (ШарIо) магош долу цхьа а (дика) хIума тидаме ца оьцуш ма дуьтийла ахьа – иза хьайн вешина тIекеречу (елакъежначу) юьхьаца дуьхьалкхетар делахь а» (Муслим).

1375. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Айхьа чорпа кечъечу хенахь, алсамо хи дотта оцу тIе - шайн лулахойн гIайгIа бе» (Муслим).

1376. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху дуьненан цхьана гIайгIанах муъма стаг хьалхаваьккхинарг - АллахIа къематдийнан цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Таро йоцуш волучу (декхархочунна) аьтто биначунна - АллахIа аьтто бийр бу хIокху дуьненахь а, эхартахь а. Бусалба стаг хьулвинарг - АллахIа иза а хьулвийр ву хIокху дуьненахь а, эхартахь а. АллахI Шен лайна гIо деш хир ву - ша и лай шен вешина гIо деш мел ву. Iилма лоьхучу муьлхха а цхьана новкъа ваьллачунна - АллахIа и бахьанехь ялсамане боьду некъ атта бийр бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу АллахIан цхьана цIа чохь нах гулбелча, цигахь цхьаьний АллахIан Жайна а доьшуш, вовшашна иза Iама а деш, - царна тIе, билггал, синтем буссур бу, (АллахIан) къинхетамо дIа а хьулбийр бу уьш. Малекаш гонаха довлу царна, АллахIа Шена хьалха болучарна юккъехь хьахабо уьш. Шен Iамалша шена хьем биначунна - цуьнан схьаваларо (тайпано) каде хьовза гIо дийр дац цунна» (Муслим).

1377. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхечарна дика гIуллакх гайтина волучунна - и диначарна санна нийсса ял хир ю» (Муслим).

1378. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан дуьхьа ша гIоьнна кIел лацар доьхуш верг - гIоьнна кIел лоцийла аша. АллахIан дуьхьа (муьллха а цхьа хIума) ехначунна - лойла аша (цо ехнарг). Шайна дика диначунна - (цо диначунна дуьхьал) совгIат дойла аша. Нагахь шайна (совгIатна цунна дала хIума) ца карадахь - АллахIе доIа дойла аша цунна» (хIара хьадис ал-БайхIакъис далийна).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft