1325. Ал-АшIас ибн Къайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхечу бусалба стеган бахам шен долаберзоран дуьхьа къера дуй биънарг - шена оьгIазваханачу АллахIна дуьхьал кхетар ву» (ал-Бухари, Муслим).
1326. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьа дийнат бахьана долуш ши стаг вовшашца къовсаме ваьлла, амма шиннах цхьаьнггахь а (дIагайта) ша бакъхиларан тоьшалла а доцуш. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина: дийнат цаьршинна юккъехь шина декъе декъа аьлла» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ан-Насаис далийна. Хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнан ю, цо аьлла цуьнан зIе дика (иснад жаййид) ю аьлла).
1327. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху сан минбарна тIехь къера дуй биъна волу стаг - шена жоьжагIатахь меттиг кечъеш ву» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ан-Насаис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).
1327. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь АллахI кхаа адаме къамелдан хIуттур вац, я цаьрга хьожур а вац И, я къинойх цIанбийр а бац Цо уьш, балане Iазап а хир ду царна. (Царех цхьаъ) – гIум-аренгахь волу стаг ву, некъохошна хи ца луш волу, шена оьшучул дуккха а сов доллушехь. (ШолгIаниг) - махбархо ву, малх чубузучу хенахь хIума юхкуш волу, ша иза хIоккху-оццу мехах эцна ма ду бохуш, АллахIах къера дуй а бууш, ткъа эцархо цуьнах тешаш а волуш. (КхоалгIаниг) - цхьана дуьненан хIуманна дуьхьа урхалчина (имамна) тешаме хила дуй бууш (байIат деш) волу стаг ву: урхалчо шена дуьненан дика делча - шен декхарш кхочушдеш, цо шена и ца лахь - шен декхарш кхочуш ца деш» (ал-Бухари, Муслим).
1328. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Шина стеган къовсам баьлла цхьа стен эмкал бахьанехь. Цаьршиннах хIораммо а тIечIагIдора, и стен эмкал ша волучохь йина ю бохуш. Цаьршиннах хIораммо а ша-ша (дуьйцург бакъ хилар тIечIагIдеш) тоьшаллаш а далийра. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) и стен эмкал шен керахь йолучунна кхачош кхиэл йира» (хIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна, гIийла зIе а йолуш).
1329. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуй бааран бакъо девнан дега (хьакъ дIадоьхучуьнга) кховдийра» (хIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна, гIийла зIе а йолуш).
1330. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана дийнахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сел юьхь лепаш, самукъане, со йолучу чу велира. Цул тIаьхьа цо элира соьга: «Ца хезира хьуна: Мужаззиз ал-Мудлижис, Зайд ибн ал-Хьарисе а, Усама ибн Зайде а хьаьжна, церан когаш цхьана цIийнан уьйраш йолуш ду-кха аьлла, аьлларг» (ал-Бухари, Муслим).

