1301. Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь кхиэлахочо (нийсонна тIе кхиар Iалашо а йолуш, биначу) шен къинхьегаман буха тIехь кхиэл йинехь, ткъа иза нийса а нисъеллехь, - цунна шалха ял хир ю. Нагахь кхиэлахочо (нийсонна тIе кхиар Iалашо а йолуш, биначу) шен къинхьегаман буха тIехь кхиэл йинехь, ткъа иза гIалат а ваьллехь, - цунна цхьалха ял хир ю » (ал-Бухари, Муслим).
1302. Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Цхьаьннен а бакъо яц - оьгIазвахана а волуш, шина (адамна) юккъехь кхиэл ян» (ал-Бухари, Муслим).
1303. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шина стага хьоьга шайна юккъехь кхиэл яр дехнехь - сацам ма белахь, айхьа цаьршинга шингге а ладоггIалц. Иштта а бен хир бац хьан кхетам, айхьа хIун сацам бан беза хаа» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис далийна, цул сов тIаьхьарачо дика (хьасан) ду а аьлла хIара. Ибн ал-Мадинис хIара хьадис чIогIа (къавийй) ду аьлла, ткъа ибн Хьиббана – бакъ (сахьихь) ду аьлла. Цуьнах тера хьадис ал-Хьакима а далийна, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла).
1304. Умму Саламас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шу соьга довлу шайн кхиэлан гIуллакхашца. Шух цхьаъ шен тоьшаллаш говзза охьадийца корматалла йолуш хила тарло - тIаккха аса, сайна цуьнгара хезначунна тIетовжар бахьаница, цунна пайдехьа къасто тарло дов. Нагахь аса бакъонца цуьнан вешина кхача дезаш долу хьакъ цунна дIаделлехь - аса цунна кхачориг жоьжагIатин цIеран дакъа ду» (ал-Бухари, Муслим).
1305. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Халкъ цIоналле муха кхочур ду - бакъонца гIийлачарна догIуш дерг чIогIачаьргара (бехашчаьргара) царна юхадерзалуш ца хилча?!» (ХIара хьадис ибн Хьиббана далийна. Цуьнах тера хьадис, Бурайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, ал-Баззара а далийна. Иштта Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, ибн Мажас а далийна).
1306. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къематдийнахь нийса суьдхо тIекхойкхур ву - сел луьра хьесап дийр ду цуьнга, шен оьмарехь цкъа а шина стагана юккъехь кхиэл йина хилла а ма велара-кха ша аьлла, цо сатосур долуш» (ХIара хьадис ибн Хьиббана, ал-БайхIакъис далийна. Цул сов тIаьхьарачуьнан ривайатехь аьлла: «…цхьа хурма бахьана долуш»).
1307. Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн куьйгаллехь зуда лаьтташ долу къам - данне а аьттоне (кхиаме) кхочур дац» (ал-Бухари).
1308. Абу Маръям ал-Аздис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь АллахIа бусалба нахана тIехь урхалла лелон хIоттийна волу стаг, церан хьашташна а, къехошна а букъ бетта волалахь, - АллахI а воьрзур ву цуьнан хьаштех дIа» (Абу Дауда, ат-Тирмизис далийна).
1309. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт кхайкхийна - кхиэл ечу хенахь кхаьънаш лучунна а, кхаьънаш ийдечунна а» (ХIара хьадис Ахьмада, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Цул сов ат-Тирмизис дика (хьасан) хьадис ду аьлла хIара, ткъа ибн Хьиббана - бакъ (сахьихь) ду аьлла. Цуьнах тера хьадис, IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина аьлла, схьадаладо Абу Дауда, ат-Тирмизис, ибн Мажас).
1310. IабдуллахI ибн аз-Зубайра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира - ший а довхо кхиэлахочунна хьалха (цхьатерра) охьахаон везаш ву аьлла» (ХIара хьадис Абу Дауда далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).

