Цо далийначу кхечу ривайатехь иштта аьлла: «Иза йита аьлла, омра дира цо цуьга» (ал-Бухари: 5273).
Абу Даудан а, ат-Тирмизин а ривайатехь дийцина: «Къайсан кIентан Сабитан зудчо ша йитар мехах ийцира. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (маре дар дихкина болу) цкъа цIано йохаран мур тIехбаллалц хьоьжуш Iе аьлла, омра дира цуьнга» (Абу Дауд: 2229, ат-Тирмизи: 1185).
Ибн Мажас далийначу, Iамр ибн ШуIайба шен дас а, дендас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцира аьлла, дийциначу цуьнах терачу ривайатехь аьлла: «Къайсан кIант Сабит сел ирча хилла, цуьнан зудчо ала а олуш:«Со АллахIах ца кхийринехьара - иза дуьххьара со йолучу чуваьллачу хенахь цуьнан юьхьана тIе туйнаш тухар ма дара аса».
Иштта Ахьмада далийна, цуьнах тера а долуш, СахIл ибн Абу Хьасма (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис. Оцу (хьадисехь) боху: «Иза – Исламехь дуьххьара доьжна мехах йитар дара» (Ахьмад: 4/3).

