• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ХIусамнаной болучу эхар рогIана хийцадалар

Опубликовано: 29 апреля 2011
 

918. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стеган ши зуда хиллехь, ткъа иза цаьршиннах цхьаьнгахьа тийжаш хиллехь – къематдийнахь, ах агIо агIор таIийна а болуш, лаьттар ву иза (махьшарахь)» (ХIара хьадис Ахьмада:  2/347, Абу Дауда: 2133, ат-Тирмизис: 1141, ан-Насаси: 7/63, ибн Мажас: 1969 далийна. Ткъа хIара хьадис дийциначеран зIе бакъ зIе ю).

  

919. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суннатах ду: нагахь зуда ялийна волу стаг оцу бухахь йолучунна тIе йоIстаг ялош велахь - ворхI буьйса иза йолучохь йоккхур ю цо, цул тIаьхьа рогIана эха веза иза шен берриге а зударий болучу. Нагахь иза оцале марехь хилла йолу зуда ялош велахь - кхо буьйса иза йолучохь йоккхур ю цо, цул тIаьхьа иштта рогIана эха веза иза шен берриге а зударий болучу» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5214, Муслима: 1461 далйина, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхьарачуьнниг ду).

  

920. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша ялийначу хенахь, шеца цхьаьна кхо буьйса а яьккхина, элира аьлла: «Аса цкъа а вас йийр яц хьуна. Нагахь хьуна лаахь - аса хьоьца ворхI буьйса йоккхур ю. Нагахь аса хьоьца ворхI буьйса яккхахь - сайн зударех хIоранца а яккха дезар ду сан ворхI-ворхI буьйса» (Муслим: 1460).

  

921. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ЗамIан йоIа Совдата (АллахI реза хуьлда цунна) рогIехь шена догIу де Iайшатна совгIатна делира. Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхеьтам а, маршо а хуьлда цунна) Iайшат йолучохь доккхура шен рогIехь цунна догIу де а, Совдатна догIу де а» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5212, Муслима: 1463 далийна).

  

922. Iурвата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIай, сан йишин кIант! АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рогIана вогIура хьуна тхоьх хIора йолучу а, я тхоьх цхьа а вукхул сов а ца йоккхура хьуна цо. ХIора денна гергга тхоьх хIораннан чу а хIуттуш, го а боккхура хьуна цо. (Майрачунний, зудчунний меттахь догIу) гIуллакх даийтарна тIе а ца долуьйтуш, зудчунна герга а воьдура хьуна иза. Цул тIаьхьа воьдура иза ша рогIехь буьйса яккха езаш йолу зуда йолучу дIа» (ХIара хьадис Ахьмада: 6/I97, Абу Дауда: 2135 далийна. Хьадисан дIаяздар тIаьхьарачуьнниг ду. Ткъа ал-Хьакима: 2/186 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

  

Иштта Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша малхбузан ламаз дича - рогIехь хIора зуда йолучу гучуволура, (дог эцаран а, бегаш баран а Iалашонца) герга а таьIара царна...» (хIара – Муслима: 1474 далийначу хьадисах цхьа дакъа ду).

  

924. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнах ша кхелхина йолучу цамгаро ша лаьцначу хенахь, кест-кеста олура: «Кхана муьлха йолучохь хир ву со?». Iайшат йолучохь хинволу де тIекхача лаар (дагахь долуш хоьттура цо) и. Цундела цуьнан хIусамнаноша пурба делира цунна - денош шена луъучохь даха. Цул тIаьха Iайшатан хIусамехь виссира иза» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5217, Муслима: 2443 далийна).

  

925. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шена новкъа вала кечам бан лиъча, шен зударшна юккъехь кхаж тосура. Царех кхаж баьлларг шеца дIа а юьгура цо» (хIара хьадис ал-Бухарис: 2593, Муслима: 2770 далийна).

  

926. IабдуллахI ибн ЗамIас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн зударшна шед ма еттийла аша, лаьшна санна» (ал-Бухари: 5204).

 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft