• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Харжам бан йолу бакъо

Опубликовано: 18 мая 2011

Цуьнах тера а долуш, бух цIеначу хьадисехь ал-Бухарис а далийна, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) элира аьлла: «Лай вара иза».

871. Ад-Даххьак ибн Файруз ад-Дайламис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), шен дас ша хаьттина хилар дийцира аьлла, дийцина: «ХIай, АллахIан элча! Ислам-дин тIеэцна аса. Делахь а, цхьа хIума-м ду: соьгахь йолу сан ши хIусамнана - ши йиша ю-кха». ТIакха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цаьршиннах хьайна луъург цхьаъ йита»» (ХIара хьадис Ахьмада: 4/232, Абу Дауда: 2243, ат-Тирмизис: 1129, ибн Мажас: 1951 далийна, ткъа ибн Хьиббана а: 1376, ад-ДаракъутIнис а: 3/273, ал-БайхIакъис а: 7/184 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара. ХIетте а ал-Бухарис хаам бина, хIокху хьадисан хьулдина сакхт «Iилла» ду аьлла).

872. Шен дас элира аьлла, Салима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ГIайлан ибн Салам Ислам-дине вирзиначу хенахь итт зуда яра цуьнан. Царех хIора а цуьнца цхьаьна Ислам-дине йирзира. ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлад цунна), оцу шегахь болучу зударех шена луъург йиъ харжа аьлла, омра дира цуьнга» (ХIара хьадис Ахьмада: 2/13, ат-Тирмизис: 1128 далийна, ткъа ибн Хьиббана а: 1377, ал-Хьакима а: 2/192 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара. ХIетте а, ал-Бухарис а, Абу ЗурIас а, Абу Хьатима а хаам бина, хIокху хьадисан хьулдина сакхт «Iилла» ду аьлла).

873. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхеттам а, маршо а хуьлда цунна), вовшахкъаьстина ялх шо даьллачул тIаьхьа, шен йоI Зайнап, кхин керла мах а ца беш, Абу ал-Iас ибн ар-РабиIе юхаерзийра» (ХIара хьадис Ахьмада: 1876, Абу Дауда: 2240, ат-Тирмизис: 1143, ибн Мажас: 2009 далийна. Оцу тIе Ахьмада а, ал-Хьакима а: 2/200 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

874. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас, дендас (АллахI реза хуьлда царна) элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхеттам а, маршо а хуьлда цунна) шен йоI Зайнап Абу ал-Iас ибн ар-РабиIе юхаерзийра керла мах биначул тIаьхьа» (ХIара хьадис ат-Тирмизис далийна: 1142. Цо аьлла: хьалхара хьадис дийциначеран зIе сов тешаме (чIогIа) елахь а, Iамр ибн ШуIайбан хьадисаца куьйгалла дан дезаш ду).

875. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьа зуда, Ислам-дин тIе а эцна, кхечу стаге маре яханера. Ткъа цуьнан хьалха хиллачу майрачо, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Соъ ма вара Ислам-дине вирзина, ткъа цунна со Ислам-дине вирзинийла дукха шера хууш а ма дара». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу (зудчуьнга) омра дира: «ШолгIа (маре яханачу) майрачуьнгара дIа а гIой, хьалхарачуьнга юхаерза» (хIара хьадис Ахьмада: 2059, Абу Дауда: 2238, ибн Мажас: 2008 далийна, ткъа ибн Хьиббана а: 1280, ал-Хьакима а: 2/200 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft