868. ФатIима бинт Къайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Iусаме маре гIохьа». (Муслим: 1480).
869. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, Байадан кIентий! Шайн (тайпанера) зударех цхьаъ Абу ХIинде* маре а лойша, цуьнан йоьIарий а балабайша» (ХIара хьадис, зIе дика зIе а йолуш, Абу Дауда а: 2102, ал-Хьакима а: 2/164 далийна).
*Абу ХIинд - дарбанан Iалашонца цIий доккхуш, болх беш хилла ву.

