Цул тIаьхьа билгалдаккха догIу, куцошка хьаьжжина хиш деа тайпа хилар:
1. ЦIена а долуш, кхин йолу хIума цIанъеш а долуш, лелор вон лерина доцург ду, иза – цIена хи ду.
2. ЦIена а долуш, кхин йолу хIума цIанъеш а долуш, делахь а лелор вон (зене) леринарг ду, ткъа иза – малхо дохдина хи ду.
3. Шелахь цIена делахь а, кхин йолу хIума цIанъеш доцург ду, ткъа иза - шех цкъа лелийна (пайда эцна) долу хи ду. Оцу декъах лору, шех ийна цIена хIуманаш бахьанехь (я бос, я чам, я хьожа) хийцаделларг а.
4. Нажас хи а ду, ткъа иза – шена чу нажас йоьжна шина кIудалан бараме кхочуш доцу хи ду. Шина кIудалан бараме нислуш хилча а лору и нажас, нагахь (цу чуйоьжна нажас бахьанехь цуьнан я чам, я бос, я хьожа) хийцаделлехь.
Ткъа шина кIудлах дерг аьлча, иза – герггарчу хьесапехь БагIдад шахьарахь лелочу дебарамашца, пхи бIе герка ю*. Ткъа иза – оцу хьокъехь дин Iилманчаша аьллачу хетаршха нийсах лоруш дерг ду.
___________
* Вайн махкара дебарамашца, герггарчу хьесапехь ши бIе ялхитта литре нисло и.

