832. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийицна, цхьана стага, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) волучу а веана, элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! ЦIеххьашха елла сан нана. Дитина весет а дац цо. Цхьа хIума-м ду: суна хетарехь, ялале хьалха иза йист хуьлуш хиллехьара, сагIа дIасадекъа аьлла, омра-м дийра дара цо. Ял хир юй, ткъа, цунна - аса цунна тIера сагIа даьккхича?». Цо жоп делира: «ХIаъ» (ал-Бухари: 1388, Муслим: 1004, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарчуьнниг ду).
833. Абу Умама ал-БахIилис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа хIоранна а догIу хьакъ дIаделла (тIедожийна). Цундела бахам верасна долаберзош весет дан йиш яц».
ХIара хьадис далийна Ахьмада: 5/267, Абу Дауда: 3565, ат-Тирмизис: 2120, ибн Мажас: 2713. Ахьмада а, ат-Тирмизис а дика «хьасан» даржехь хьадис ду аьлла хIара, ткъа ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а: 949 – чIогIа хьадис ду аьлла. Цуьнах тера хьадис, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла, ад-ДаракъутIнис а далийна: 4/98: «… нагахь (оцу кепара весат дарна) кхинболу верасаш реза бацахь». Хьадис дийцархойн зIе дика ю.
834. МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа шух къинхетам а бина, далале хьалха шайн бахамах кхоалгIа дакъа дIасадекъа магийна шуна, хIунда аьлча шун диканаш совдаха».
ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис: 4/150 далийна. Ахьмада а: 6/440, ал-Баззара а: 1382 далийна хIара - Абу Дардаа дийцина аьлла, ибн Мажас а: 2790 – Абу ХIурайрас дийцина аьлла. Дерриге и хьадисаш гIийла «даIиф» лоруш ду, амма царех хIора а вовшийн чIагIдеш ду. Доллучул а оцу хьокъехь дерг дика хуург АллахI ву.

