813. Зайд ибн Халид ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Карийна хIума шен долаерзийнарг - тиларехь ву, цо и дIакхайккхолц» (хIара хьадис далийнарг: Муслим: 1725).
814. Iийад ибн Хьимара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь муьллха а цхьаьннан яйна хIума карийнехь - тешаме шиъ теш хIоттон веза цо. Карийна хIума стенна чохь ю а, цуьнан йоьхкург муьлха ю а дагахь латтон а деза цо. Цул тIаьхьа цуьнан (куьцех цхьа а куц) хьулдан дезаш а вац иза, (лоьхург ваьлча цуьнах) къайлаяхьа бакъо йолуш а вац иза. Нагахь карийначу хIуманан да ваьллехь, и хьакъ ерг иза вуйла хаа а деза (и карийначунна). Нагахь (цуьнан да) ца валахь - муьлхха а хьал-бахам АллахIан бу, Цо Шена лиъначунна луш» (Хьадис далийнарш: Ахьмад: 4/261, Абу Дауд: 1709, ан-Насаи: 3/418, ибн Мажа: 2505. Ткъа ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а: 671, ибн Хьиббана а: 1169 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).
814. Iабд ар-Рахьман ибн Iусман ат-Тамимис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - хьаьжочун яйна хIума схьаэцар» (хьадис далийнарг: Муслим: 1724).
815. Ал-Микъдам ибн МаIдикариба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIерачу экханан жижиг даар а, цIерачу виран жижиг даар а магийна дац. Иштта шеца машаре барт бина волучу керстанан яйна хIума долаерзор а, нагахь яйначунна ца оьшуш (ладам боцу, кIад боцу) хIума яцахь и» (хьадис далийнарг: Абу Дауд: 3804).

