• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

СовгIаташ а, валлалц пайдаэца дIаелла хIуманаш а

Опубликовано: 02 июля 2011

Муслиман ривайатехь дуьйцу, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIета, хIокху гIуллакхан теш цхьа кхиниг хIоттаве ахьа». Цул тIаьхьа хаьттира (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна)): «Хьайн дерриге бераш хьайца цхьабосса дика хуьлийла луур дарий хьуна?». Жоп делира цо: «Дера дара!». ТIаккха элира цо: «ХIета, ма хила оцу кепара».

801. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ша дина совгIат юхаоьцуш верг - жIаьлех дIатарлуш ву, цкъа хьалха Iетта а дой, тIаккха оцу ша Iеттийначунна тIе мотт хьекха хIуттуш долучу» (хIара хьадис далийнарш: ал-Бухари, Муслим).

Оцу тIе ал-Бухарин ривайатехь дуьйцу: «Вайца дустуш (нисдеш) хила ца деза вон масалш. Ткъа ша дина совгIат юхаоьцуш верг - жIаьлех дIатарлуш ву, хьалха Iетта а дой, тIаккха оцу ша Iеттийначунна тIе мотт хьекха хIуттуш долучу» (хIара хьадис далийнарш: ал-Бухари: 2589, 2622, Муслим: 1622).

802. Ибн Iумара а, ибн Iаббаса а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана а бусалба стагана магош дац - ша дина совгIат юханехьа схьаэца, шен кIантана совгIат дина хилла волу да воцучунна» (ХIара хьадис далийнарш: Ахьмад: 2/27, Абу Дауд: 3539, ат-Тирмизи: 2132, ан-Насаи: 6/267, ибн Мажа: 2377. Оцу тIе ат-Тирмизис: 2132, ибн Хьиббана: 5101, ал-Хьакима: 2/46 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

803. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шена дина совгIаташ схьа а оьцура, церан метта (царна дуьхьал) цхьа хIума а лора» (хIара хьадис далийнарг: ал-Бухари: 2585).

804. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) совгIатна стен эмкал елира. Цо диначу оцу совгIатна дуьхьал цунна совгIат а дина, тIаккха хаьттира цо цуьнга:  «Реза вуй хьо?». Стага жоп делира: «Вац». Кхин а цхьацца хIума совгIатна тIе а елла, юха а хаьттира цо цуьнга: «Реза вуй хьо?». Стага жоп делира: «Вац». Оцу тIе кхин а цхьацца хIума совгIатна тIе а елла, юха а хаьттира цо цуьнга: «ХIинца вуй хьо реза?». Стага жоп делира: «Ву»» (Хьадис далийнарг: Ахьмад: 2/295. Ткъа ибн Хьиббана бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

605. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Валлалц пайда эца дIаелла йолу хIуманаш - шена еллачунна юьссуш ю» (хIара хьадис далийнарш: ал-Бухари: 2625, Муслим: 1625).

Муслиман ривайатехь аьлла: «Шайн бахамаш ларбе шайна, кхоамаза а ма лелабе (уьш). Нагахь цхьамма шен бахам, валлалц пайда эца аьлла, кхечуьнга дIалахь - схьаэцначу ден дола болуш бу иза, (схьаэцнарг) дийна волуш баьлла ца Iаш, веллачул тIаьхьа а, хIунда аьлча иза – цуьнан тIаьхьенна карабаха безаш (бахам) бу».

Иштта Муслима далийначу цхьана ривайатехь дийцина, Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) элира элира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) магийна долу валлалц пайдаэца хIуманаш дIаялар - алар ду: «ХIинца дуьйнна хIара хьан а, хьан тIаьхьенан а ю». Амма нагахь хIуманаш йолучо алахь: «ХIара хьан ю, хьо дийна мел ву» - ткъа и хIума, иза веллачул тIаьхьа, (йолучу дега) юхаерзон езаш ю.

Абу Даудан а, ан-Насаин а ривайатехь боху: «ХIума веха ваьхначуьнан дола яьн йолу барт ма бе, иштта хIуманаш валлалц пайда эца дIа а мало. Амма, нагахь оцу бехкамашца цхьа хIума шун каракхачахь, ткъа иза - цуьнан тIаьхьенна (верасашна) кхочуш ю».

806. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана асхьабна гIазотан новкъахь лелон дикачу хIух йолу хохку говр еллера аса. Амма цо чIогIа вон лелайора иза, ткъа суна цо иза сайна борахчу мехах юха схьаюхкур ю аьлла а хетара. Цуьнах дерг аса АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) хаьттиначу хенахь, цо жоп делира: «Ма эцалахь иза, цо хьайна цхьана дирхIамах лахь а»» (хIара хьадис далийнарш: ал-Бухари: 2622, Муслим: 1620).

807. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) элира аьлла: «Вовшашна совгIаташ де - дезар ду шу вовшийн» (ХIара хьадис далийнарш: «Адаб ал-Муфрад» гуламехь ал-Бухари: 594, иштта дийциначеран дика зIе «иснад хьасан» а йолуш, Абу ЙаIлас: 6148).

808. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) элира аьлла: «Вовшашна совгIаташ де, хIунда аьлча совгIато дагахь йолу  хьагI-гамо эккхайо» (хьадис далийнарг: гIийла зIе а йолуш «инаб даIиф», Ал-Баззар: 1937).

809. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, бусалба зударий! Цхьана а лулахочунна шен лулахочунна (дика дарехь цхьа а хIума) кIеззиг (тIаламаза) ма хоьтуьйла - (яла леринарг) уьстагIан берг бен яцахь а» (хIара хьадис далийнарш: ал-Бухари: 2566, Муслим: 1030).

810. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СовгIат дина волу стаг - оцу ша диначу (совгIатах дан дезачунна) хьакъ сов долуш ву, оцу совгIатна дуьхьал цунна цхьа кхин совгIат даллац» (ХIара хьадис далийнарг: ал-Хьаким ву, бакъ «сахьихь» хьадис ду а аьлла цо хIара. Кхечу хьадисехь ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) изза дийцина, амма шен дас Iумара элира аьлла). 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft