• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Латта лелон белхалой лацар а, хьегначу къина мах балар а

Опубликовано: 16 июля 2011

Мислима далийначу кхечу ривайатехь а дуьйцу иштта: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жуьгташна тIедиллира шайн чоьтах Хайбарара хурманийн бошмаш а, цигара латтанаш а лелор - (оцу кепара уьш лелорна) цигара яьллачу хурманех а, даьллачу ялтех а ах дакъа царна кхочур долучу бехкамца».

780. Хьанзала ибн Къайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Мухха а цкъа РафиI ибн Хадиже (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира аса: «Йолах пайдаэца дIадала мегий-те латтанаш дешина а, детина а дуьхьал». Цо жоп делира: «Цхьа а вон хIума дац цуьнгахь. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь наха латтанаш лелон дIалора - уьш лелочарна цигара кхочу долу ялта татолашна йистошкахь кхиънарг, Iаьмнашна гонаха кхиънарг я аренан гIеххьачу меттигашкахь кхиънарг хир долуш. Ткъа оцу латтанех, цхьадерг хIаллак а хилла, важадерг дийна дуьссуш нисделира. Важа дийна а диссина, (къастийнарг) хIаллак хуьлуш а нисделира. И бахьанехь, нахана догIу дакъа дуьззина дIа ца кхочуш, хьал хIоьттира. Цундела АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) оцу тайпана хIума ца магош дихкира. Амма цхьа а вон хIума лоруш дац ахьа билгалбиначу мехах латта лелон даларах» (Муслим: 1547. Оцу хьадисо довзуьйту - ал-Бухарин а, Муслиман а хьадисийн чулацамашкахь, латтанаш йолах пайдаэца далар доьхкуш, юкъара диначу доццачу къамелан хьокъехь дерг).    

781. Сабит ибн ад-Даххьака (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - цигара даьллачу ялтех (йисттера, я юккъера, я агIонгара аьлла) къасттийначу ялтин декъана дуьхьал лелон латтанаш дIадалар. Ткъа шаьш лахь - къастийначу мехах ло аьлла, омра дира цо» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 1549).

782. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIий даьккхира, ткъа цо шена и гIуллакх дарна дуьхьал мах а белира. Цо цкъа а дийра дацара оцу тайпана хIума - хьарам хиллехьара» (ал-Бухари: 2103).

783. РафиI ибн Хадижа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЦIий доккхуш даьккхина ахча - боьха ду» (Муслим: 1568).

784. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) довзитйина, Сийлахь-Воккхачу а, доллучуна ницкъ болучу а АллахIа аьлларг: «Кхаа тайпана адам ду къематдийнахь Со шайн мостагI хир волуш: Сан цIе маттехь чIагIо а йина, шех тешийна битиначу бахамна ямарт хилларг; маьрша стаг лолле а воьхкина, оцу тIехь даьккхина ахча диънарг; мехах белхало а лаьцна, шена цуьнгара оьшучу гIуллакхех буьззина пайда а эцна, цунна богIу мах дIацабелларг» (ал-Бухари: 2227).

784. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре а хьакъ долу алапа - АллахIан Жайна (хьоьхуш) даьккхинарг ду» (ал-Бухари: 5737).

786. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Йолах лаьцначу белхалочуьнан алапа дIало - цуьнан хьацар дакъадала кхиале» (хIара хьадис далийнарг ибн МажахI ву: 2443).

Цуьнах тера хьадис, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, Абу ЙаIлас а: 6682, ал-БайхIакъис а: 6/121 далийна. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, «ас-СагIир» жайнахь ат-ТIабаранис а: 34 далийна. Ва амма дерриге и хьадисаш гIийла, бух боцуш «даIиф» ду.

787. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) элира аьлла: «Йолах белхало лоцуш верг - цуьнан белхан алапа дIадала декхарийлахь ву» (ХIара хьадис далийнарг Iабд ар-Раззакъ ву: 8/235. Цо дийцинарг, юккъехь цхьа чIуг а йоцуш, зIе хаьдда ду. Абу Хьанифас элира аьлла, ал-БайхIакъис а: 6/120 далийна хIара хьадис, амма зIе хIоьттина а йолуш далийна цо).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft