Ат-Тирмизин ривайатехь, цIе а йоккхуш, билгалдина - куьг а тоьхна (кад кагбинарг) Iайшат (АллахI реза хуьлда цунна) хиллера аьлла. Оцу тIе тоьхна цо, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Юург - юучунна дуьхьал, пхьегIа - пхьегIина дуьхьал» (ХIара ривайат бакъ ривайат лерина ат-Тирмизис).
769. РафиI ибн Хадижа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага нехан лаьттана тIехь, церан пурба а доцуш, ялта дийнехь - оцу ялтех цунна хIуммаъ ца кхочу, амма цуьнан яьлла харж меттахIоттон еза» (ХIара хьадис далийнарш: Ахьмад: 3/465, Абу Дауд: 3403, ат-Тирмизи: 1366, ибн Мажа: 2466. Цул сов ат-Тирмизис дика «хьасан» даржехь хьадис ду а аьлла хIара. Амма ал-Бухарис хIара хьадис гIийла «даIиф» лерина хилла аьлла, хаам бу).
770. Iурва ибн аз-Зубайра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьана стага дийцира аьлла: «АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цхьа латта бахьанехь къовсам а баьлла, ши стаг веара. Цаьршиннах цхьамма вукхуьнан лаьттана тIехь хурманийн дитт дийна хиллера. ХIета, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхиэл йира: латта шен долучу дена дуьссуш ду аьлла. Ткъа хурмин дитт дийначуьнга омра а дира цо: шен дитт цигара ара а даккхий, кхечанхьа дIадогIа аьлла. Циггахь элира цо: «Нехан долахь долучу лаьттана тIехь харцонца стага хьегначу къинна дуьхьал хIуммаъ ца догIу цунна» (ХIара хьадис, дика «хьасан» зIе а йолуш, Абу Дауда далийна: 3074. Оцу хьадисан тIаьххьара дакъа ат-Тирмизис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна, СаIид ибн Зайда дийцина аьлла. Амма хьадисан Iилманчашна юккъехь къовсам бу: хьадис дийциначеран зIена юккъехь хаьдда чIуг хиларан а, цахиларан а хьокъехь, иштта и хьадис дийцина волу асхьаб цIарца билгалваккхарехь а).
771. Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIурба дечу дийнахь, Минахь хIутIба доьшучу хенахь, элира: «Боккъалаъ, шун цIийш а, шун бахамаш а, шун сийнаш а, дайъа мегар доцуш, бехке ду - хIара шун де а, хIара шун бутт а, хIара шун латта а бехке ма хиллара» (ал-Бухари: 67, Муслим: 1679).

