• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Векалалла

Опубликовано: 06 августа 2011

759. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), векал а вина, Iумар вахийтира закат схьагулдан» (ал-Бухари: 1468, Муслим: 983).

760. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (гIурбанна) кхузткъей кхаа эмкална урс хьаькхира. Йисиначу (эмкалашна) урс хьакха аьлла, Iелега (АллахI реза хуьлда цунна) омра а дира» (хьадис далийнарг Муслим ву: 1218).

761. Абу ХIурайрас а, Зайд ибн Халид ал-ЖухIанис а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа Iаьрбой баьхкина АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Царех цхьамма аьлла: «ХIай, АллахIан элча! АллахIан цIарах доьху аса хьоьга: ахьа сайна АллахIан Жайница йогIуш йолу кхиэл яр». Вукху Iаьрбочо - динан гIуллакхах алсамо кхеташ хилла волучу - аьлла: «ХIаъ, кхиэл ехьа тхойшинна юккъехь, АллахIан Жайница йогIуш йолу. Вист хила пурба а лохьа суна». (Элчано) аьлла: «Схьадийца». Цо дIадийцина: «Сан кIант хIокху стагана ялхолла лелош вара. Ткъа цо хIокхуьнан зудчуьнца зина дина. Суна дийцинера: сан кIантана валлалц тIулгаш детта догIуш ду аьлла. ТIаккха аса хIокху стагана оцунна дуьхьал бIе уьстагI белла, цхьаъ къона гIарбаш а елла. Цул тIаьхьа со Iилманан охIлане ваьлча, цара суна дийцира: сан кIантана бIозза шед тоха еза, цхьана шарна шен махках ваккха а веза иза, ткъа хIокху стеган зудчунна – яллалц тIулгаш детта дезаш ду аьлла». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сайн са Шен карахь долучух дуй ма бу аса: цхьа а шеко йоцуш, АллахIан Жайница йогIуш йолу кхиэл йийр ма ю аса шуьшинна юккъехь! Къона гIарбаш а, уьстагIий а юхадала деза хьуна. Ткъа хьан кIантана бIозза шед тохарца таIзар дан а догIу, шарна махках ваккха а вогIу иза. Ткъа хьо, хIай Унайс, хьада вало, и зуда йолучу а гIой, нагахь цо мукIарло дахь - яллалц тIулгаш детта цунна» (хIара хьадис ал-Бухарис а: 6859, Муслима а: 1697 далийна, ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду). 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft