756. IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Бадрунгахь тIом хиллачу дийнахь аса а, Iаммара а, СаIда а барт
бира: муьлхха а яьккхиначу хIонсах хIума вовшашна юккъехь йоькъур ю аьлла. Ткъа
хьал муха хIоьттира хьуна аьлча: СаIдас шиъ йийсаре вира, ткъа сан а, Iаммаран
а кара хIумма а ца деара» (хIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 7/319, Абу
Дауд: 3388, ибн Мажа: 2 288).

