752. Абу ХIурайрас (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна), тIехь дIатакхаза нехан декхар а долуш веллачуьнан дакъа деъча,
цо хоттура: «Шена тIера декхар дIатакха хIуммаъ
дитиний цо буха?». Нагахь цуьнга шена тIехь мел долу декхарш дIатакха буха
хIума дитина цо аьлла, хаам бахь - докъан ламаз дора цо цунна. Цо шен декхарш дIатакха
тIаьхьадитина хIуммаъ ца хилахь - омра дора цо: «Веллачу шайн накъостана докъан ламаз де». АллахIа цунна масех (мохк) баккха гIодиначу
хенахь элира цо: «Муъма нахана гергаха
ву со - царал шайл а. Нагахь дIатакханза тIехь декхар а долуш, муьлхха а цхьаъ
валар нислахь - сайна тIелоцу аса цуьнан метта и дIатакхар»» (ХIара хьадис
далийнарш ал-Бухари: 2398-6731, Муслим: 1619. Цул сов ал-Бухарин ривайатехь
аьлла: «…нагахь цхьаъ веллехь, шен
декхарш дIатакха бухадитина хIуммаъ доцуш…»).

