706.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а,
цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа цхьана стага АллахIан элчане (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) дийцира: йохка-эцаран мехаш дечу хенахь кест-кеста
лево-кха ша аьлла. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира: «Айхьа барт бечу хенахь ала: «Вайн бартана юкъахь
хьарамло (левар) хила йиш йолуш дац»» (ал-Бухари: 2117, Муслим: 1533).

