710. Iубада
ибн Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дешех деши хийца, иштта детех
дети а, кIех кIа а, мекхах мукх а, хурманех хурманаш а, туьханах туьха а. Ерриге
а и (хIуманаш вовшех хуьйцуш елахь, терзанахь) цхьатерра нисйина хила а еза.
Дуьхь-дуьхьал лучу шина хIуманан) дукхалла а ю цхьатерра хила езаш, (мах бан
цхьаьнакхеттачара вовшах къастале) карара-кара дIалуш хила а еза. Нагахь
(вовшашца аша хуьйцуш йолу) шун хIуманаш тайп-тайпана елахь-м - шайна ма-лаъара
хийца, иза а карара-кара дIалуш хилчахьана». (Муслим: 1587).
711.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дешех деши хийца, амма
цхьатерра оьзна а, барам цхьатерра нисбина а долуш. Детех дети а хийца, амма
цхьатерра оьзна а, барамехь цхьатерра нисдина а долуш. Нагахь цхьамма тIетохахь,
я тIетохар дехахь - ткъа иза риба хир ю» (Муслим: 1588).
712.
Абу СаIид ал-Худрис а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) шен асхьабех цхьаъ Хайбарахь шен сардал хIоттийнера.
Мухха а цкъа тоьллачу тайпанах йолу якъийна хурманаш а йохьуш, иза волучу
веанера иза. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
хаьттира цуьнга: «Хайбарара ерриге хурманаш а юй, ткъа, хIокху кепара дика?».
Цо жоп делира: «Яц, хIай, АллахIан элча! АллахIах чIагIо ма йо аса: оха
хIокху хурманех цхьа сахь кхечу тайпанан хурманех цхьана я шина саьхьан
хурмашна дуьхьал хийца ма хуьйцу». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира:
«Ма делаш оцу тайпана хIума! Кхечу тайпанан хурманаш дирхIамех дIа а йохкий, ткъа
цул тIаьхьа оцу дирхIамех эца кхин а тоьллачу тайпанан хурманаш». Оцул тIаьхьа
элира цо: «Изза дан догIу терзанахь оьзна юхкуш йолучу массо хIуманийн
хьокъехь а»» (ал-Бухари: 4/399, Муслим: 1593).
713.
Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - барам мел бу ца
хуучу якъийначу хурманийн оьла барам билгалбина йолучу якъийначу хурманашна
дуьхьал хийцар» (Муслим: 1530).
714.
МаIмар ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Кхачанан цхьатерра сурсаташ хийца
магош ду шуна, амма дукхалла цхьатерра нисйина хила еза». Ткъа оцу хенахь
тхан кхача - мекхах бара»» (Муслим: 1592).
715.
Фадала ибн Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хайбар йоккхуш тIом хиллачу дийнахь, шийтта дирхIам мах а белла, деза
(мехала) тIулгаш долу туьтеш (логан хIоз) эцнера аса. Ткъа аса уьш (туьтеш),
ша-ша а даьхна, церан мах хадийначу хенахь, церан мах шийтта динарал а дукхаха
хилар гучуделира суна. Аса цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) довзийтиначу хенахь, цо элира: «Ша-ша а даьхна, мах мел бу
хаъалц дохка мегар дац уьш» (Муслим: 1591).
716.
Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - цхьа дийнат кхечу дийнатах
тIедиллина хийцар (дохкар)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 5/12, Абу Дауд:
3356, ат-Тирмизи: 1237, ан-Насаи: 7/292, ибн Мажа: 2270. Оцу тIе ат-Тирмизис а,
ибн ал-Жаруда а: 611 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
717.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) олуш хезна суна: «Нагахь шу тIедиллина хIума йохка а юхкий,
цул тIаьхьа, лахара мах а луш, (и хIума) цуьнгара схьаоьцу мехаш лелон а
дуьйлахь, хьелийн цIогарчий а лаьцна лела а дуьйлахь, латта лелорах тоам бина а
хьийзахь, АллахIан новкъахь тIом бар а дитахь - АллахIа шуна тIе сийсазло тосур
ма ю, шайн дине шу юхадерззалц шу цуьнах хьалха а дохур ма дац» (ХIара
хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 3462, НафиIа дийцина аьлла. Амма цо дийциначу
хьадисан зIенехь гIийлалла ю. Цуьнах тера ибн Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна
а, цуьнан дена а) хьадис Ахьмада а далийна: 4825, IатIаъ ибн Абу Муслима
дийцина аьлла. Ткъа и хьадис дийцинарш теша хьакъ бу. Оцу тIе ибн КъаттIана
бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
718.
Абу Умама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага, ша шен вешехьа гIо
даьккхича, вукхо, баркаллина аьлла, шена дина совгIат схьаэцнехь - рибан Iаламат
йоккхачу неIарех чоьхьаваьлла иза» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад, Абу
Дауд. Делахь а, и хьадис дийциначеран зIенехь эшам бу).
719. IабдуллахI
ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт аьлла кхаъ лучунна
а, кхаьънаш ийдечунна а» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 3580,
ат-Тирмизи: 1337. ТIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
720. IабдуллахI
ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), эскар кечде аьлла, омар динера соьга.
ДIаладоьгIча, эмкалш тIецатоьуш яра. ТIаккха цо омра дира: тIедиллина эмкалш
эца еза аьлла, царна дуьхьал закатна тесна схьаялон езаш йолу къона эмкалш лур
йолучу бехкамца. Ткъа аса хIора эмкал, закатна еллачу эмкалех шишша эмкал
дуьхьал а лур йолуш, тIедиллина схьаийцира» (ХIара хьадис далийнарш ал-Хьаким:
2/56, ал-БайхIакъи: 5/287. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу).
721.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) барам билгалбина йолучу якъийначу
хурманашна дуьхьал бешара хIинца а чуерзонза йолу хурманаш хийцар дихкира, иштта
чуерзонза кемсаш а – барам билгалбиначу кишмашна дуьхьал, иштта чудерзонза
буьртиг-ялта а – барам къастийначу буьртиг-ялтина дуьхьал. Царех тера мел долу
мехаш дар а дихкира цо» (ал-Бухари: 2205, Муслим: 1542).
722. СаIд
ибн Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хоьттуш
хезна ву со: «Керла хурманаш якъийначу хурманех хийца мегий-те?». Ткъа
цо хаьттира: «Керла хурманаш якъаелча, хебаршка а йоьлхий, (оьший)?». Наха
жоп делира: «Дера йоьлху (оьшу)». ТIаккха ца магийра цо и тайпана хIума
дар» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1/175, Абу Дауд: 3359, ат-Тирмизи:
1225, ан-Насаи: 7/268, ибн Мажа: 2264. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн ал-Мадинис а,
ибн Хьиббана а: 4982, ал-Хьакима а: 2/38 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
723.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьатеттина декхарш керлачу декхарех
дохкар дихкира» (хIара хьадис далийнарш Исхьакъ, ал-Баззар, амма хьадис
дийциначеран зIе гIийла ю).

