621.
Хузайма ибн Сабита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьаж я Iумрат дечу хенахь, ша «лаббайк» баьхна
ваьлча, АллахIе шена резахилар а, ялсамане а йоьхуш, доIа дора. Иштта АллахIан къинхетамца
жоьжагIатах ларвар а доьхура цо» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, аш-ШафиIис:
1/307 далийна).
622.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса кхуззигехь гIурба дина, ва амма Мина тогIе ерриге а ю шуна гIурба ден
магийна меттиг ларош. Цундела шаьш дол-доллучохь шайн гIурба де. Кхузахь
лаьттина со, амма Iарафат тогIе ерриге а ю шуна латта магийна меттиг ларош.
Кхузахь а лаьттина со, амма Муздалифа тогIе ерриге а ю шуна латта магийна
меттиг ларош» (Муслим: 1218).
623. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) Макки чу гIалин лакхенгахула вогIура, ткъа ара – лахенгахула
волура» (ал-Бухари: 1577, Муслим: 1258).
624.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Макка вогIучу
хенахь гуттар а, Зу ТIува олучу меттигехь буьйса яккха саца а соций, цигахь
лийча а луьйчий, Iуьйранна бен ца водуьра иза гIалина чу. Кест-кеста хьаха а
дора цо - пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дора и иштта
олий» (ал-Бухари: 1553, Муслим: 1259).
625. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Iаьржачу тIулгана
барт боккхура, оцу тIе сужда а дора» (ХIара хьадис далийнарг ал-Хьаким:
1/455 ву, пайхамарера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ду аьлла. Ал-БайхIакъис
а: 5/75 далийна, IабдуллахIера (АллахI реза хуьлда цунна) ду аьлла).
626. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьажошка омра дира: хьажцIенна
гонаха тосуш болу дуьххьарлера кхо го – чехкачу боларехь таса, ткъа тIаьхьабогIу
биъ го – шайн гуттарчу боларехь таса. Иштта (омра дира цо): шина маьIигах дехьа
а шайн гуттарчу боларехь довла аьлла» (ал-Бухари: 1602, Муслим: 1264).
627. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан
элча (АллахIера къихетам а, маршо а хуьлда цунна) хьажцIийнах Йеменан ши са
боцучу цхьана а меттигах хьакхалуш ца вайра суна» (Муслим: 1269).
628. Iумара
(АллахI реза хуьлда цунна), Iаьржачу тIулганна тIе а вахана, цунна барт а
баьккхина, тIаккха элира: «Бакъдолуш, суна хаа ма хаьа, хьо тIулг бен
боцийла - дан я зен а доцуш, бан я пайда а боцуш. Сайна АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьуна барт боккхуш ца гинехьара, со а хIуттур
ма вацара хьуна барт баккха» (ал-Бухари: 1597, Муслим: 1270).
629.
Абу ТIуфайла (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаваф дечу хенахь, шен саттийна тIам болу Iаса
хьажцIийнан сонах а хьакхаялийтина, цул тIаьхьа оцу Iасанна тIе барт баьккхуш
гира суна» (Муслим: 1275).
630.
ЙаIла ибн Умаййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаваф дира, баьццара оба а хьарчийна, аьтту
белш ерзина а яьккхина» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 17273, Абу Дауд:
1883, ат-Тирмизи: 859, ибн Мажа: 2954. Оцу тIе ат-Тирмизис бакъ хьадис ду а
аьлла хIара).
631.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхох цхьа берш - чIоггIа «лаббайк»
олуш бара, ткъа вуьш - чIоггIа АллахI воккхавеш бара. Ткъа оцу балхана резавоцуш
(инкарло еш) цхьа а вацара» (ал-Бухари: 1659, Муслим: 1285).
632. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса Муздалиф тогIенгара гIаддайначу
(зударшца а, бераш-керашца а, гIорасиз къаношца а, лазархошца а) бахийтиначарех
цхьаъ вара со» (ал-Бухари: 1856, Муслим: 1293).
633. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Совдас (АллахI реза хуьлда цунна)
Муздалифехь буьйса йоккхучу хенахь АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна), ша хьалххе дIаяхийта аьлла, пурба дийхира. Деза дегI
долуш яра иза, вуьшта аьлча - тоелла яра. Ткъа цо бакъо елира цунна - буса дIановкъа
яла» (ал-Бухари: 1680, Муслим: 1290).
634. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайга элира аьлла: «БIогIамна
тIулгаш кхийсар доламаделаш - малх схьакхетталц» (ХIара хьадис далийнарш
Ахьмад: 19778, Абу Дауд: 1940, ат-Тирмизи: 893, ибн Мажа: 3025, ан-Насаи:
5/270. Амма и дийциначеран зIен юккъехь цхьа чIуг йоцуш ю).
635. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) кхана гIурбанан Iийд ду аьллачу буса Умм Саламанна дIаяха пурба
делира. Ткъа цо сатасале хьалха бIогIамна тIулгаш кхийсира. Цул тIаьхьа, Макка
дIа а яхана, ифада тIаваф дира цо» (ХIара хьадис
далийнарг Абу Дауд: 1942. Хьадис дийциначеран зIе, Муслиман бехкамашка
хьаьжжина, бакъ зIе ю).
636. Iурва
ибн Мударриса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху оха Муздалифехь
диначу тхан ламазехь хиллачо, тхо дIа новкъа довла дуьйладаллалц тхоьца цхьаьна
латта а лаьттиначо, ткъа цул а хьалха Iарафат тогIичохь дийнахь я буса латта а
лаьттиначо - кхачам боллуш хьаж а дина, цуьнан декхарш кхочуш а дина» (ХIара
хьадис далйинарш Ахьмад: 15619, Абу Дауд: 1950, ат-Тирмизи: 891, ан-Насаи:
5/263, ибн Мажа: 30I6. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 2820 бакъ хьадис
ду аьлла а ду хIара).
637. Iумара
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Мушрик-нах
малх схьакхетталц Муздалифера Мина юхацабоьрзура. Цара олуш дара: «Сабир,
серлабалахьа!». Пайхамарах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
дерг дийцича, ткъа цо оцу церан Iадатна нисса дуьхьал дерг дора. Цундела иза
малх схьакхетале дIавоьдура Мина» (ал-Бухари: 1684).

