609.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчане
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: ихьрамах, (я хьаж)
дихкиначул тIаьхьа тIедоха мегаш долучу духарах лаьцна. Жоп луш элира цо:
«(Хьаж дихкиначо) тIейоха мегаш дац я коч, я чалба, я хечеш, я башлакх йолу палаш,
я берриге когаш дIахьулбеш йолу маьхьсеш (мачаш). Нагахь хьажочунна когайоха
тударгаш (сандалаш) цакараяхь - тIаьрсиган (неIаран) маьхьсеш юхийла цо кога,
хьалххе хьакхолгашал а лахара хада а йина. Иштта тIемадухийла аша шапранца я
можачу диттаца басардина цхьана а тайпана духар а» (ХIара хьадис далийнарг ал-Бухари:
1542, Муслим: 1177. Ткъа хIокху хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
610. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) хаза хьожа йогIург хьокхура аса - цо ихьрам дехкале
хьалха а, цо ихьрам даьстиначул тIаьхьа а, хьажцIенна гонаха тIаваф дан дагахь
волуш а» (ал-Бухари: 1539, Муслим: 1189).
611. Iусман
ибн Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ихьрамехь волу хьажо бакъо
йолуш вац - я шена махбан а, я кхечуна махбан а, я зуда еха а» (Муслим: 1409).
612.
Абу Къатада ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), хьаж
(ихьрам) дихкина а воцуш, акха вир лацаран хьокъехь долучу дийцарехь дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) ихьрам (хьаж) дихкина болучу шен асхьабашка хаьттира:
«Шух цхьаммо а омра динерий цуьнга - (варрийн) гIеранна тIелата аьлла, я цхьана
а кепара къедораш а (динерий аша)?». Цара жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира: «ХIета, диссина жижиг дIадаа
аша»» (ал-Бухари: 1824, Муслим: 1196).
613.
Ас-СаIб ибн Жассам ал-Лайсис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина. Цкъа деана АллахIан элчанна (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) акхачу виран жижиг деллера цо. Оцу хенахь
АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ал-Абваэхь я
Вадданехь вара, ткъа цо и жижиг схьацаоьцуш юхаделира. Жижиг схьацаэцаран
бахьанехь асхьабан юьхьа тIехь халахетар а хааделла, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Дера, бакъдолуш, оха юха-м лур
дацара хьуна и, тхаьш хьаж (ихьрам) дихкина ца хиллехьара» (ал-Бухари:
1825, Муслим: 1193).
614. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Дийнаташна юкъахь пхеа тайпана хIума ю,
царех хIора а зене (бохаме) йолуш. Мухха делахь а, ен мегаш ю (и пхи хIума) - хуьлда
уьш дезачу лаьттана тIехь а, иштта цунна арахьа а. Ткъа уьш ю – сту лоцу гезг,
мохмуьйлург (маккхал), къиг, дахка, хьерадаьлла жIала» (ал-Бухари: 1829,
Муслим: 1198).
615. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамаран
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ихьрамехь а волуш (хьаж дихкина
а волуш) цIий даьккхира» (ал-Бухари: 1835, Муслим: 1202).
616.
КаIб ибн Iужрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевигинера
со, сан юьхьа тIехула охьаоьхуш мезий а долуш. Ткъа (и сурт гиначу) цо элира:
«Суна-м, дера, ца хаьара оцу жуккарша хьо оцу кепара хьийзош вуйла. УьстагI
хила агIо буй хьан?». Аса жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира: «ХIета,
кхаа дийнахь марханаш кхаба я ялх мисканна хIума яае, хIора мисканна ах сахь а кхачош»»
(ал-Бухари: 1816, Муслим: 1201).
617. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Макка яьккхиначул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахана хьалха дIа а хIоьттина, АллахIна хастам а бина, АллахI ваз а вина, цул тIаьхьа элира: «Боккъалаъ, АллахIа Макки чу ца дуьтуш пийл сацийна, амма Шен элчанна а, муъма нахана а оцу гIалина тIехь толам баккха аьтту бина Цо. Сол хьалха хиллачу
цхьанненна а Маккахь тIом бан магийна хилла дац, ткъа суна цхьанна магийна оцу
чохь тIом бан цхьана дийначохь цхьана сохьтехь. ХIинца дуьйнна дIа цхьанненна а
магийна хир долуш а дац и. Кхузара экха (талларца) хьедан мегаш дац, кхузара
къохцалгаш кегдан мегаш дац, кхузахь карийна хIума, и карийна хилар дIакхайкхорна
а бен, схьаэца мегаш дац. Нагахь кхузахь хьеннан а цхьаьннан гергараниг вийнехь
- шайн стаг вийначеран шиннах шайна луъург цхьа сацам тIеэца йиш ю». Оцу хенахь ал-Iаббаса элира: «ХIай, АллахIан
элча! Оцу бехкамна юккъера хаза хьожа йогIу эрз дIабакхахьа, вай кешнаш дечу
хенахь а, цIенош дугIучу хенахь а лелош болу». Цо тIетуьйхира: «Хаза хьожа йогIу эрз боцург» (ал-Бухари:
3433, Муслим: 1355).
618. IабдуллахI
ибн Зайд ибн Iасима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ИбрахIима дIакхайкхийна
Макка - йихкина хилар, цигарчу бахархошна доIа а дина цо. Ткъа аса дIакхайкхадо
Медна - йихкина хилар, доIа а до аса: хIокху гIалара хIора мудд а, хIора сахь а
ИбрахIима Маккарчу бахархошна доIанехь дехначул шозза сов (беркате даккхар
доьхуш)» (ал-Бухари: 2129, Муслим: 1360).
619.
Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Меднара дихкина
латтанаш - Iайр (ломанна тIера) Савр (ломанна тIекхачалц) юккъехь дерш ду»
(ал-Бухари: 6755, Муслим: 1370).

