• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

СагIанаш дIасадекъар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 28 ноября 2011

534. Къабиса ибн Мухарикъ ал-ХIилалис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Нахе) гIо дехар кхаа киртигехь бен мегаш дац: нагахь стага нахана тIехь долу декхарш дIатекхнехь - цунна а мегаш ду хIума еха, шен харжаш меттахIиттолц, цул тIаьхьа йоьхучуьра саца а веза иза; нагахь цхьанна тIе, цуьнан берриге бахам хIаллак а беш, бала беанехь, - цунна а магош ду хIума еха, цуьнан гIуллакхаш цхьана новкъа довллалц; нагахь стаге, таро а йоьхна, къоьлла еанехь, нагахь цуьнан къомах кхетамечу кхаа векало шайн тоьшаллица цуьнгара хьал иштта хилар бакъдина а делахь, - цунна а магош ду хIума еха. Массо а кхин долучу хьелашкахь, хIай, Къабиса, йоьхучо дууш долу шена делларг - харцонца дууш ду хьуна» (Муслим: 827).

535. Iабдул МуттIалиб ибн РабиIа ибн ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СагIанаш догIуш дац Мухьаммадан тайпанна, хIунда аьлча уьш нехан цIена доцу гIуллакхаш ду» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву). 

Кхечу ривайатехь дуьйцу: «СагIанаш догIуш дац я Мухьаммадна а, я Мухьаммадан тайпанна а» (Муслим: 1072). 

536. Жубайр ибн МутIIима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Iусман ибн Iаффана а, аса а, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вахана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Ал-МуттIалибан тIаьхьенна Хайбарахь яьккхиначу тIеман хIонсах пхоьалгIа дакъа дIаделла ахьа, тхуна хIуммаъ ца делла. Ткъа тхой, уьшший, юккъехь кхин цхьа а башхалла йоцуш, цхьатерра а ма дара». Жоп луш АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Ал-МуттIалибан тайпа а, ХIашиман тайпа а цхьаъ ларош ду»» (ал-Бухари: 3140). 

537. Абу РафиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Махзум тайпанах, закат схьагулдан аьлла, цхьа стаг вахийтина хилла. Ткъа цо аьлла Абу РафиIе: «Соьца волахьа, оцу сагIанах дакъа а хир ду хьуна». Абу РафиIа аьлла: «ХIан-хIа, вогIур вац со - цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина хIума даллалц». ТIаккха, иза волучу а веана, цуьнах дерг муха ду аьлла, цуьнга хаьттира цо. ХIета, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Нехан лай царех цхьаъ ларош ву, ткъа сагIанаш схьаэцар тхуна мегаш а дац» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 25929, Абу Дауд: 1650, ат-Тирмизи: 657, ан-Насаи: 2612, ибн Хузайма: 2344, ибн Хьиббан: 3293). 

538. Салим ибн IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, шен дас элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Iумар ибн ХаттIабна сагIина цхьаъ елча, Iумара олура: «Соьл а халоха воллучунна дIалохьа и». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олура: «ДIаэца, (хьайна лаахь) - хьайна юьтур ахьа и, (хьайна лаахь) - сагIина дIалур ахьа и. Нагахь хьайна даьхнех хIума кховдийнехь, хьо и хьайна ялийта гIиртина а воцуш, я ахьа ехна а йоцуш, - схьаэца ахьа и. Нагахь иза иштта дацахь - тIаьхьавалий а ма лела хьо оцу бахамна» (Муслим: 1045).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft