427. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iабдуррохьман ибн Iовфна а, аз-Зубайр ибн Iаввамна а новкъа боьлхучу хенахь дарин духар лелон бакъо елира - цаьршинна гирзаш девлла хилар бахьана долуш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5919, Муслим: 2076).
428. Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) совгIатна махарчий долу духар деллера суна, цуьнах цхьадерг дарих тегна дара. Амма иза а тIехь со араваьллачу хенахь пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юхьа тIехь оьгIазвахар гира суна. ХIета, аса, дакъошка декъа а декъна, сайн кертахь болучу зударшна юккъехь дIасадийкъира иза» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5840, Муслим: 2071. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
429. АшIарерчу Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Деши а, дари а лелон магош ду сан
умматерачу зударшна, ткъа стегаршна – лелон хьарам дина ду» (ХIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 4/394, ан-Насаи: 5148, ат-Тирмизи: 1720. Ткъа тIаьххьарачо
бакъ хьадис ду аьлла хIара).
430. Iамр ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа Шен лайна дика делча - Цунна дукха деза Ша диначу диканийн лараш Шен лайна тIехь гар» (хIара хьадис далийнарг ал-БайхIакъи: 3/271).
431. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - дарин а, «Iасфарин» басарца цIечу басара дина духараш а лелор» (Муслим: 2078).
432. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Суна тIехь шафранаца басар дина духар гиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Хьан нанас дина хьоьга хIара тIедоха аьлла омра?»» (Муслим: 2077).
433. Асмаъ бинт Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) джубб (вуьшта аьлча, шуьйра пхьуьйшаш а долуш, тIехула юху бедар) схьаэцнера аса, пхьуьйшийн ходашна а, некхана тIера охьа долучу ходанна а, иштта когашка охьакхаччалц долучу шина декъан ходанна а махмарах (езадарех) лаьцна йистош а йолуш» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 4054).
Оццу хьадисан бух Муслима а балийна. Ткъа цо оцунна тIе тоьхна аьлла: «Iайшат (АллахI реза хуьлда цунна) дIакхалххалц цуьнгахь яра и, цул тIаьхьа аса схьаийцира и сайна. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIеюхуш лелийна хилла а яра и. Цундела, муьлхха а цхьаъ цомгаш хилча, оха юьттура и, цуьнгахула АллахIера дарба лоьхуш».
Цуьнах тера хьадис «ал-Адаб ал-Муфрад» гуларехь ал-Бухарис а далийна. Оцу хьадисехь тIетоьхна: «(АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) векалш тIеоьцуш а, пIерасканан деношкахь а тIеюхура и джубб».

