268. IабдуллахI
ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьамма кхачанан сурсаташ эцнехь
- (ша эцна сурсаташ) дуьззина шен кара схьакхаччалц дIамадухкийла цо».
Кхечу ривайатехь аьлла: «…шен
кара кхаччалц».
Ибн Iаббаса (АллахI реза
хуьлда цаьршинна) аьлла: «Суна хетарехь, дерриге бухадисиначунна а догIу хIара»
(ал-Бухари: 2126, Муслим: 1525-1526).
269. Жабира
(Аллахl
реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан
элчано (Аллахlера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (Макка) йоккхучу шарахь олуш хезна шена
аьлла: «Боккъала, Аллахlа
а, Цуьнан элчано а дохка-эца хьарам дина чагlар а, къеелла хlума а, хьакха а, цlуш а» Хlетахь Аллахlан элчане хаьттира, хlай Аллахlан элча, кlееллачу хlуманан мохьах (даьттах, хьакхарах)
дерг муха лоруш ду т1аккха, аьлла? Хlунда
аьлча хlордкеманашна
хьокхуш а леладо, цlоканашна
а хьокху, наха серлонна латочу (чиркха а дутту)? Цо жоп делира: «Хьарам ду и».
Цул тlаьхьа,
циггахь элира Аллахlан
элчано (Аллахlера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Аллахlа тохар дойла-кх жугташна,
Аллахlа
шайна церан махьарш хьарам йича, лалаъ еш, цул тlаьхьа йохка а юхкуш, цунах
хилла мах бууш хилла болу» (ал-Бухари: 2236, Муслим: 1581).

