• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: цамагийна долу йохка-эцарш дуьйцу дакъа

Опубликовано: 17 января 2013

257. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) стечу хIуманан кийрара кIорни йохкар дихкира. Ислам-дин даржале хьалха лаьттиначу жехIалаллин заманашкахь деланийхоша лелош хилла оцу тайпана хIуманаш. Стага эмкал оьцуш хилла - цхьана стечу эмкало кхин стен эмкал яллалц, цул тIаьхьа шен хенахь цуьнан кийрарачо а иштта эмкалан бекъа яллалц» (ал-Бухари: 2143, Муслим: 5-6/1514).

258. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хилла доцу (аьрга) стоьмаш дохкар а, эцар а дихкира» (ал-Бухари: 2194, Муслим: 1534).

259. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хилла довлаза стоьмаш дохкар дихкира. (Наха хаьттира) цуьнга: «Хилла девлла бохург хIун ду?». Цо элира: «ЦIийдалар а, маждалар а ду».

Цул совнаха, АллахIан элчано (АлахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Алал, ткъа, нагахь АллахIан лаам а хилла, стоьмаш хIаллакьхилахь, мича бахьаница хьанал хир ду шуна шайн вешин ахча?» (ал-Бухари: 2198, Муслим: 1555).

260. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - коврашна дуьхьал эхар а гIалал арахь, иштта гIалахочо йохкар а гIум-аренгарчу вахархочунна. ТIавуса хаьттина ибн Iаббасе (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а): «ГIалахочо йохкар а гIум-аренгарчу вахархочунна бохург хIун маьIна долуш ду?». Цо жоп делла: «Юкъалела йиш йолуш вац иза» (ал-Бухари: 2158, Муслим: 1521).

261. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) барам билгалбина йолучу якъийначу хурманашна дуьхьал бешара хIинца а чуерзонза йолу хурманаш хийцар дихкира, иштта дихкира чуерзонза кемсаш – барам билгалбиначу кишмашна дуьхьал хийцар а, чудерзонза буьртиг-ялта – барам къастийначу буьртиг-ялтина дуьхьал хийцар а. Царех тера мел долу мехаш дар а дихкира цо» (ал-Бухари: 2171, Муслим: 76/1542).

262. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира – «мухабара»1, «мухьакъала»2, «музабана»3 тайпана (мехаш дар). (Иштта цо дихкира) – хиланза болу стом бохкар а, я бохка а ца магийра цо (стом) динарна а, дирхIамна а дуьхьал бен, (дитташ тIера) схьалахьонза йолу хурманаш йоцурш, хьашт долучарна якъийначех хийца (эца) магийна йолу» (ал-Бухари: 2189, Муслим: 4/10/193).

1 «мухабара» - кхена тIера билгалйиначу лаьттан коржамна тIехь кхуьуш долу ялта духьал лур долуш, латталелон латталелорхой лацар ду.

2 «мухьакъала» - чудерзонза кенашкахь долу буьртиг-ялта хийцар ду барам къастийначу буьртиг-ялтех.

3 «музабана» - (хIинца а схьалахьонза хурмин дитташ тIехь йолу керла хурманаш) хийцар ду (барам къастийначу) якъийначу хурманашна дуьхьал.

263. Абу МасIуд ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира: жIаьла дохкар а, нахаца лелачу зударшна мах балар а, хиндерг (къайленаш) хаьа бохучарна совгIаташ далар а» (ал-Бухари: 2237, Муслим: 1567).

264. РафиI ибн Хадижа дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖIаьлех делла ахча – боьха ду, нахаца лелачу зударшна делла ахча – боьха ду, цIий доккхучо оьцу мах – боьха бу» (Муслим: 41/1567, Абу Дауд: 3421, ат-Тирмизи: 1275, Ахьмад: 3/464-465).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft