247. Ас-СаIб
ибн Жассам ал-Лайсис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Абвехь (я Вадданехь) волучу АллахIан элчанна
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дан а деана, совгIатна акхачу
виран жижиг делира аса. Амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) (и жижиг), схьа а ца оьцуш, юхаделира. (Ша и схьацаэцар
бахьанехь) сан юьхьа тIехь (халахетар а) хааделла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Бакъдолуш, оха хьуна юхацаделла и, тхаьш
хьаьж дихкина хиларна а бен» Муслиман
хаамехь аьлла: «Виран ког».
Кхечу хаамехь аьлла: «Вирах (цхьа) дакъа».
Муслиман хаамехь аьлла: «Хенан маьIигаш (тIехьара меже)».
(Жайна)
хIоттийначо оцу хьадисах хIокху кепара кхета веза аьлла: «Цунна шен дуьхьа лаьцна моьттуш хилла иза.
Ткъа дихкина хьаьж долучо яа мегаш дац шен дуьхьа лаьцна хIума» (ал-Бухари: 1825, Муслим: 1193).

