• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: хьаьждан дихкина негаташ Iумрате хийцар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 07 февраля 2013

236. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна (Макка кхечира тхо. ХIора а тхоьх, хьаьждан дагахь, лайббайк) бохуш вара: «ХIан, со хьуна хьалхахь ву. Хьаьж (дан негат а ду сан) (Лаббайка бил-хьажжи)». Амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (хьаьж а дастий, Iумрат дехка аьлла) омра дира тхоьга. ХIетахь оха (тхаьш хьаьждан дихкина тхешан негат) Iумрате хийцира» (ал-Бухари: 1570, Муслим: 1218).

237. IабдуллахI ибн Iббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а Зил-Хьижжат беттан йоьалгIачу (буьйсанан) Iуьйранна (Макка кхечира. Тхох хIора а) олуш вара: «ХIан, со хьуна хьалхахь ву. Хьаьж (дан негат а ду сан) (Лаббайка бил-хьажжи)». Амма АллахIан элчано Iумратана (олуш долу лаббайк ала аьлла) омра дира. ХIетахь цара хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! (ХIинца, хьаьж а даьстина, Iумрате довлуш хилча) хIун ду хьанал хуьлуш?». Цо жоп делира: «Дерриге а хьанал ду» (ал-Бухари: 1564, Муслим: 1240).

238. Iурва ибн аз-Зубайра дийцина: «(Цкъа, уллохь) хиина Iаш со а волуш, Iусама ибн Зайде хаьттира: «(Iарп-лам) а битина (Муздалифе) воьдучу хенахь дIа муха воьдура АллахIан элча?». Цо жоп делира: «(Дукха чехка а доцуш, я дукха меллаша а доцуш), юккъерачу барамехь. Ткъа шена паргIат меттиг нисьелча, болар сихдора цо» (ал-Бухари: 1666, Муслим: 283/1286).

239. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «ДIасакъаьста хьаьж дечу хенахь АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуккха а хаттарш дира. Цхьана стага хаьттира: «Суна ца хаьара, ткъа гIурба деле хьалха корта баьшна аса?». Цо жоп делира: «Кхераме хIуммаъ дац! ХIинца юха де ахьа гIурба». Веана кхечу стага хаьттира: «Суна ца хаьара, ткъа тIулгаш кхийсале хьалха гIурба дина аса?». Цо жоп делира: «Кхераме хIуммаъ дац! ХIинца юха кхийса ахьа хьайн тIулгаш». Муьлххачо а, хьаьжан тIедахкарех муьлхха а цхьа тIедиллар хьалха-тIаьхьа даьккхина дар нисделла шен аьлла хаьттича, цхьа жоп лора цо: «Кхераме хIуммаъ дац! КхиндIа де ахьа»» (ал-Бухари: 1736, Муслим: 1306).

240. Iабд ар-Рахьман ибн Язид ан-НахаIис дийцина: «Аса (цкъа) ибн МасIудаца хьаьж дечу хенахь, боккхачу бIогIамна тIе а вахна, КаIба шена аьрру агIор а дуьтуш, ткъа Мина аьтту агIор а юьтуш, дIа а хIоьттина, (цигара дIа кегийра) ворхI тIулг кхуссуш гира суна цо. ТIакха элира цо: «ХIара цунна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «ал-Бакъара» сурат доссийна йолу меттиг ю» (ал-Бухари: 1747, Муслим: 307/1296). 

241. IабдуллахI Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я, АллахI! Къинхетам бехьа кортош бошучарех!». Наха элира: «Месаш яцъечарех, хIай, АллахIан элча!». Цо юха а элира: «Я, АллахI! Къинхетам бехьа кортош бошучарех!». Наха юха а элира: «Месаш яцъечарех, хIай, АллахIан элча!». КхоалгIа элира цо: «Месаш яцъечарех а» (ал-Бухари: 1727, Муслим: 317/1301).

242. Iайшата (АллахI реза цуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна хьаьж деш нисделлера тхо. ХIетахь гIурбанан дийнахь (Макка а дахана) тIаваф дира оха. Ткъа Сафиййан цIано йохар нисделира. Циггахь Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), стеган шен зудчуьнца (меттахь догIу эвхьаза гIуллакх) даийта лаам хилча, аса элира: «ХIай, АллахIан элча! ЦIано йоьхна ма ю иза». Цо элира: «Вай (Маккара) арадовла йиш йоцуш, вай совцо йоллу, ткъа, иза?». Цара элира: «ХIай, АллахIан элча! Цо гIурба дечу дийнахь-м дина тIаваф». ТIаккха элира цо: «ДIановкъа довла шайна, хIета».

Кхечу хьадисехь хIокху дешнашца дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Иза вон ду! ГIурбанаш дечу дийнахь тIаваф диний, ткъа, цо?». Цхьамма жоп делла: «Дина». ХIетахь цо элира: «ДIагIо, хIета» (хIунда аьлча, Iодикан тIаваф тIехь дац цIано йоьхна болучу зударшна)» (ал-Бухари: 1771-1733, Муслим: 386/1211). 

243. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «ЦIано йоьхна зударий боцучу массо а нахе дина омра дара: хьаьжцIенна тIаваф а дай бен дIамагIо аьлла» (ал-Бухари: 1755, Муслим: 1328).

244. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Ал-Iаббас ибн Iабд ал-МуттIалиба АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Минахь а ца йоккхуш, буьйса Маккахь яккха бакъо ялар дийхира, хIунда аьлча цунна тIехь хьаьжошна хи мелорна декхар Iуьллура. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) и дан бакъо елира цунна» (ал-Бухари: 1745, Муслим: 1315).

245. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ЖамI олучу меттехь тIеттIаозийна маьркIажан а, пхьуьйранан а ламазаш дира. ХIора (ламазна), шен-шена а деш, къамат а дира, я оцу шина (ламазна) юккъехь а, я цаьршиннах цхьаннена а тIаьхьа тIедеш долу суннат ламаз а ца дира цо» (ал-Бухари: 1673, Муслим: 287/1287).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft