232. Iали
ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра динера соьга: шен эмкалшка хьожуш хила
аьлла, церан жижиг а, цIоканаш а, церан кхолларш а сагIина дIасаекъа аьлла.
(Иштта цо омра дира соьга): хаспахочунна царех цхьа хIума а ма ло аьлла. ХIетахь
цо элира: «Тхайггара лур ю цунна (оцунна дуьхьал ял)» (ал-Бухари: 1717, Муслим: 1317).
233. Зайад
ибн Жубайра дийцина: «Цкъа ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна), шен эмкал
гора а хIоттийна, гIурбанна урс хьакха дагахь воллучу цхьана стагана тIе а вахана,
олуш хезира суна: «Ира а хIоттаяй,
баргол тоха цунна, хIунда аьлча иштта дира Мухьаммада а (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна)»» (ал-Бухари:
1713, Муслим: 1320).

