227. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) зудчо Хьафсата хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Наха Iумратана (дихкина) ихьрам дастаран а,
ткъа ахьа Iумратал тIаьхьа хьайн ихьрам цадастаран а бахьана хIун ду?». Цо
жоп делла: «Хьакхарца сайн месаш вовшахлатийна аса, (АллахIан дуьхьа гIурбанна
урс хьакха) хьажийначу сайн хьайбанна тIехь билгало а йина аса. Цундела хIинца
а ихьрам дIадаккха йиш йолуш вац со, айса гIурба даллац» (ал-Бухари: 1566, Муслим: 1229).
228. Iимран ибн ал-Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан Жайнахь доссийна хьаж-ат-таматтуI
дан (мегаш хилар дуьйцуш аят дара), ткъа оха дан а динера иза АллахIан элчанца
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна. Я цул тIаьхьа и цамагош
КъурIан (чохь) доьссина (аят) а дац, я АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) ша валлалц дихкина а дац и дар. Цул тIаьхьа (цхьана
стага) шена хетарг аьлла оцу хьокъехь».
Ал-Бухарис
аьлла:
«И стаг - Iумар хилла аьлла хьахийна
ду».

